«Кхечу къаьмнийн меттанийн тоьлла хьехархо – 2019»

Дешаран а, Iилманан а министерствос конкурс кхайкхийна «Кхечу къаьмнийн меттанийн тоьлла хьехархо – 2019». Конкурс кхолламан (январь) беттан 23-чу дийнера чиллин (февраль) беттан 23-гIа де тIекхаччалц дIахьур ю «Идейшна тIера – кхоллараллина тIе» аьллачу кхайкхамца.

Оцу проектаца доьзна гIуллакхаш (мероприятеш) Ю.Дешериевн цIарахчу лингвистикин школехь кхочушдийр ду.

Конкурсехь дакъалаца аьтто бу ингалсан, французийн, немцойн меттанийн республикин ерриге а юкъарадешаран организацийн хьехархойн а, ткъа иштта, корматаллин дешаран учрежденийн студентийн а (карарчу хенахь регионерчу юкъарадешаран учрежденешкахь дешаран белхахочун декхарш кхочушдеш белахь).

Республикин дешаран а, Iилманан а министерствон прессслужбо хаам барехь, конкурс шина муьрехь дIахьур ю: заочни тур (кхолламан (январь) беттан 25-чу дийнера чиллин (февраль) беттан 5-чу дийне кхаччалц) а, очни кхо тур (чиллин (февраль) беттан 11–20-чуй деношкахь).

Хьалхарчу турехь конкурсан берриге а толамхой къийсалур бу, шолгIачу турехь финалисташ бен хир бац (хьалхарчу турехь уггаре а дукха баллаш яьккхина волу 15 стаг).

Конкурсан зерех чекхваьллачух цхьа толамхо а, 4 лауреат а, 10 финалист къастор ву.

З.ЭЛЬДЕРХАНОВА
№8, чиллин (февраль) беттан 1 де, 2019 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: