Халкъан кицанаш, аларш

Хьайн долчун дола ца дича, бахам ца IаьIа.

***
Йохье ваьлла ши лулахо ваха хиъна, хьогIе ваьлла ши лулахо дакъазаваьлла.

***
Йохьуш веанарг паччахьна а веза.

***
Оьздачу стага шен цIахь а хьошалгIахь санна юу.

***
Собаран лай воцчух дахаран эла хир вац.

***
Хьаша кIордийнарг шен бераш чехо волало.

***
Хьекъал долчух дагавала, хьекъал доцчунна гена вала.

***
Ца кхетаволчунна дина хьехар – веллачунна лекхна зурма ю.

***
ЦIийнан дукъ карахь долчун карахь хуьлу цIийнан мукъ.

***
Юрт яккха веанчо, цкъа хьалха, юьртарчу нехан барт бохабо.

***
Ахархо къен вацахь, пачхьалкх а хьалдолуш хир ю.

Т.ДЖАМБЕКОВА
№8, чиллин (февраль) беттан 1 де, 2019 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: