Республикин Куьйгалхочо Кадыров Рамзана экономика кхиоран гIуллакхаш дийцаре дира республикин Правительствон Председательца Хучиев Муслимца.

ШолгIачо довзийтира ша Москва вахаран жамIаш. Цо дийцарехь, пайде цхьаьнакхетарш дIадаьхьна Россин Федерацин экономика кхиоран министерствехь а, юьртан бахаман министерствехь а, МЧС-хь а.
«Экономика кхиоран министерствехь мехала цхьаьнакхетар хилира. Цигара куьйгалла тIетайра Соьлжа—ГIалахь промышленни—производствон кепара экономикин башха меттиг (зона) кхолларна. Иштта, Соьлжа-ГIалахь ян йолийначу (15 гектар барам болчу) агропаркана а гIонакъосталла дар тIелаьцна цара», – элира М.Хучиевс.
Цул сов, Правительствон Председатела билгал ма-даккхара, Россин Федерацин юьртан бахаман министраца Патрушев Дмитрийца барт бина Нохчийчохь 700 гектар лаьтта тIехь стоьмийн-цIазамийн дукхашерийн ораматаш дIадуьйш инвесторийн хуьлучу харжашна ахчанца гIолацаран (субсидированин) хьокъехь.
Гуьйренан ялташца кхолладеллачу халачу хьолах лаьцна а дийцира Хучиев Муслима.
Цо билгалдаккхарехь, дIадаханчу шеран гуьйренан беттанашкахь тIаьхьарчу масийтта шарахь ца хIоьттинчу кепара йокъана хIоьттинера. Аренашкахь долчу хьоло гойту, ялта сатийсинчу барамел дуккха а кIезиг хирг хилар. Иштта и проблема а йийцаре йира Д.Патрушевца хиллачу цхьаьнакхетарехь.
Россин МЧС-н куьйгаллица дийцира республикехь 2016-чу шарахь хи тIедаларан тIаьхьалонаш дIаяхаран гIуллакхашна ахча хьажоран некъех а, таронех а лаьцна.
«Иштта, италхойн инвесторшца а цхьаьнакхетар хилира тхан. Вай долчохь нехех гIуллакхдаран завод ян шайн лаам хилар хаийтира цара. Нохчийчохь кхолла леринчу экономикин башхачу меттехь тайп-тайпана проекташ кхочушъярехьа Нохчийчоьнца барташ бан лууш а вара кхо инвестор», – элира М.Хучиевс.
Билгалбаьхначу барташна куьйгаш яздийр ду чиллин (февраль) беттан 14–15-чуй деношкахь Сочехь дIахьур йолчу инвестицийн форумехь.
Кадыров Рамзана баркалла элира Правительствон Председательна цхьаьнакхетарийн хьокъехь болу хаамаш ма-барра бовзийтарна.
Цо билгалдаьккхира, федеральни центраца цхьаьнагIуллакхашдар чIагIдан дезаш а, республикин экономикин тайп-тайпанчу дакъошна накъосталла дечу программашкахь жигара дакъалаца дезаш а хилар.
А.СУЛИМАНОВА
№9, чиллин (февраль) беттан 5 де, 2019 шо