Дагестанца доза къасторна лерина кхеташо дIаяьхьира Парламентехь

Парламентан спикера Даудов Мохьмада Нохчийчоьнна а, Дагестанна а юкъара доза къасторан декъехь бечу балхана лерина цхьаьнакхетар дIадаьхьира шикхо де хьалха.

Цигахь дакъалецира Бахамца, лаьттаца йолчу юкъаметтигийн министра Ирасханов Асламбека, Iаламан тIаьхьалонийн, гонахара хьал лардаран министра Темирханов Сайд-Мохьмада, Шелковски, Гуьмсан, Нажи-Юьртан, Веданан, Шаройн кIоштийн префекташа, иштта, Парламентан Аппаратан а, Пачхьалкхан регистрацин, кадастран, картографин федеральни службин республикерчу урхаллин а векалша.

Шен къамелехь Даудов Мохьмада билгалдаьккхира Россин субъекташна юкъара дозанаш къасторан а, цаьрца боьзна хаамаш ДIасацабахьалучу бахаман цхьааллин реестрана (ЕГРН) чу бахаран а болх Россин Федерацин Президентан а, Россин Федерацин Правительствон а лехамашца нийса богIуш дIахьош хилар.

ГIалгIайчоьнца а, Къилбаседа ХIирийчоьнца а доза къастийна девлла вай. Иштта, кеста чеккхбер бу Ставрополан махкаца доза къасторан болх а. Карарчу хенахь вай дIаболийна болх Дагестанца доза къасторан Iалашо йолуш бу. Оцу декъехь вай болх Дагестанан векалшца бертахь дIабахьа безаш бу, – дийцира Парламентан спикера.

ХIокху кIиранах республике Дагестанера йоккха делегаци йогIуш хилар а, царна юкъахь юкъараллин векалш а, жигархой а хирг хилар а хаийтира Даудов Мохьмада.

Дагестанерчу белхан делегацица цхьаьна вай долчу богIур бу цигара юкъараллин гIуллакххой а, жигархой а. Уьш багIахь а, цаьрца кхиберш багIахь а, вай лечкъош хIумма а дац – муьлххачунна а дIагайта йиш йолуш а, дIагойтур долуш а ду Нохчийчоьнна а, Дагестанна а юкъара доза къасторан декъехь деш дерг. Вайн Iалашо деккъа цхьа доза къасторца чекхйолуш яц, хIунда аьлча, питанаш а, эладитанаш а цахилийтархьама, шина а республикин бахархошна бовзийта безаш бу вай беш болу болх, – билгалдаьккхира цо.

Цхьаьнакхетаран чаккхенехь Даудов Мохьмада гулбеллачарна юха а дагадаийтира республикехь, дола деш а доцуш, цхьа метр а, латта хила йиш цахилар а, Нохчийчоьнан дозанашца боьзна хаамаш ДIасацабахьалучу бахаман цхьааллин реестрана чу бахаран болх республикин Куьйгалхочо Кадыров Рамзана шен тергонехь латтош хилар а.

Цул сов, Дагестанан дозанца йолчу республикин 5 кIоштах уггаре а хьалха йоккхург Шелковски кIошт хилар а билгалделира цигахь.

Шелковски кIоштан а, луларчу республикин а юкъара доза къастийна вай девллачул тIаьхьа, Дагестанца долу 475 км доза къасторан декъехь ах болх бина девлла лара мегар ду. Цундела и болх Шелковски кIоштара дIаболо сацам хилла вайн, – олуш, дерзийра цо цхьаьнакхетар.

И.ИСЛАМОВ
№9, чиллин (февраль) беттан 5 де, 2019 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: