Заманан зIе ца хадийта санна

1402572377_prikazano_zabyt_kino

Со хIетахь вацара. Хуьлийла а дацара. Цул тIаьхьа итт шо даьлча бен ца веана со кху дуьнена. ТIаккха даима а сан лерехь хIунда  лаьтта вайн халкъ махках доккхучу дийнахь тхан деден божалахь Iехначу бежанийн, терсинчу говрийн, шен бунна тIехьа а лечкъаш уьгIначу жIаьлин  гIовгIа, боьхна хьийзинчу зударийн, Iадийначу берийн мохь-цIогIа? БIаьргаш хьаббича суна дуьхьал хIунда хIуьтту ЦIе-Веданах яьлла охьайогIуш йолу «Студабеккер» машен кIоргачу Iинах яхча, цу тIехь хиллачу  берашна  зударшна,  къаношна тоьпаш йиттина салтий? Ца хаьа. Амма дIайолуш яц лерера и гIовгIа, дIадовлуш дац бIаьргашна хьалха  хIуьтту и суьрташ-гIаларташ. Цхьана ца бевзачу ницкъо сан иэсехь латтадо иза, заманан зIе ца хадийта санна.

ТIаьхьа, со кхиъна вогIуш, цунах дерг (сайн дейишега) деце – ХIазане хаьттира ас. Даима ела аьшча санна екхаелла хуьлуш йолу  иза кхоьлира, кхохкийра, бIаьргах хин тачанаш хьаьвдира. Айса деца иза хаттарна дохко ваьлла, цуьнга  хьаьжжинчохь Iара  со а.

Йовлакхан тIам хьаькхна беснеш якъийна: «…Оцу буьйсанна школе  дIавигна тхан да цIа ваза вара. Лулара Iабдурахьма а хиллера дIавигна. Вайн шина а кертахь божарех стаг вацара. Тхан ваша, хьан да, эскарехь вара. Цуьнан кхо шо кхаьчна кIант а, зуда а, тхан нана Бекисат а, тхо йиъ йиша а (Кхокха, ХIижан, ПетIамат, ХIазан) яр-кха цIахь. Набаран суй ца бира оха цу буьйсанна, тхайн дех хIун хилла ца хууш. Оцу буьйсанна дуьйна угIуш жIалеш дара, Iоьхуш бежнаш дара. Жима йоллушехь со а цхьа тамашийна гIайгIане еш.

Iуьйранна ламазаш дина, мотт-гIайба дIабаьккхина, пеш латийна тхо довлале  вайн керт юьзира тIапа куйнаш техкинчу салташа. Вайн чуиккхира царах ши-кхоъ. Тхуна тIечеха хIиттира уьш. Суна цара хIун боху ца хаьара. Сихха арадовла, йовсарш, бохуш хиллера цара.ТIаккха, дерриге а охьа а тесна, тхуна йовха бедарш тIеюха йолаелира тхан нана. Юха, тхо а дитина,  юучунна тIекхийтира. ТIаккха иза а йитина  цхьа кхин дан хIоьттира. Йоьхнера пекъар.

ХIумма а тхо ловзор долуш ца хиллера «кхайкхаза баьхкина хьеший». Цхьа тIам а лаьцна, кхоьссина араяхийтира со. Тоьпийн баххаш Iуьттуш аракхоьссира тхан нус а, боккхах болу йижарий а. Шен кIентан кIант мара а къуьйлуш арахьаьдира тхан нана а.  Тхан дас байтина холхаза лекха куй кIентан коьртахь а сацош. Салташа тхо махках дохуш ду, шийлачу пана махка дIадуьгуш ду  аьлла хиллера. Шена цунах дерг хиъча, ХIижан къайлаха яхана вайн цIийнан тIаьхьарчу  корах чуяьлла хиллера. Чохь мел йолу еза хIума (дети, деши), схьаэцна,  дакъийна жижиг, кузаш дIахьарчийна, царах ларчаш йина, тхуна тIеюха бедарш вовшахтоьхна, корах аралестийна хиллера. Цо и дина ца хиллехь тхан шелонна а, мацаллина а бала хьега дезар дара. Цу тIе тхан да схьакхаьчча, цунан а аьтто белира ахьар а, дакъийна жижиг а, даьтта  а  схьаэца. Цо иза муха дира хIинца а ца хаьа суна.

«Студабеккерш» олура моьтту суна царах, тхуна хьалха цкъа а гина йоцчу машенаш тIе хьаладехира тхо. Зударий, бераш доьлхура. Цхьаболчу божарийн бIаьргаш а тIунделлера. Бехк а бацара. Шайн сил а дукха езачу юьртах, махках бохуш бара уьш. Суна-м хIетахь иза хIун ду а ца хаьара. Хуьлуш долчух со кхеташ а яцара. Мел тIех хиллехь а вархI-бархI шо бен хир дацара сан хIетахь. Цундела дукхах дерг дицделла.

Делахь а, цкъа а дицдала йиш йоцуш, гуттаренна дог Iийжа дуьтуш, иэсехь дисинарш а дац кIезиг (БIаьргех хьаьвда хиш дIа а дохий, кхидIа а дуьйцу цо)… Даьхний дIасадуьгучу  вагона тIехь цхьана маьIигехь дIатарделлера тхо. Некъ ца лайна, масех де далале, вешин кIант – Исмаил цомгаш хилира. ЧIогIа дагар дара цунна. ЧIурам санна вешна дIаволуш вара иза. КхоалгIачу дийнахь дIавелира, денана тIеетталуш лаьтташехь. Цуьнга гIийла дIа а хьаьжна, ши бIаьрг дIахьаббина, паргIатвелира иза. Бала хьегна велира.

Мохь тоьхнна цунна елха йиш ца хилира Бакисатан. Иза йоьлхуш хааелча кIентан кIант цIерпошт ларбеш богIучу салташа кхуьнгара дIавоккхур вара. И дайта йиш яцара. Исмаил шен хIуманашна юкъахь  дIахьулвина, ткъаяссана дийнахь некъ бира цо. КIентан дедас а дIахьединера: «Исмаил бусалба Iедалехь волла ма-веззара дIавуллур ву, дуьгуш долче вай  дIакхаьчча. Кхунна тIе цхьа а кховдуьйтур вац ас сайн дегIа чохь са а долуш». Вагона чохь хиллачарна хаьара иза шен дашах вухур воций.

Кхаа кIиране бахбелла къиза некъ чекхбелира Казахстанан гIум-аренашка дIакхаьчча. ЦIнрпошта тIера охьабаьхначу  нохчийн доьзалшна дуьхьал говрийн а, стерчийн а салазашкахь нах баьхкира. Цхьацца-шишша доьзалш цхьана салаза тIе а хьовшош, ярташка, кIотаршка дIасадуьгуш дара тхо. Вайн доьзал а бигира иштта дIа. ДIакхаьчначу дийннахьехь тхайн дас, меттигера казахаш а, гIезалой а вовшах а тоьхна, цаьрга мовлад а доьшуьйтуш, бусалбанийн кешнашка дIавоьллира  Исмаил,

КIира далале цомгаш хилира Бекисат.Тиф цамгар хилла хиллера цунна. Юьртахь больница яцара. Цундела районе (районан а, юьртан а цIе дага ца йогIу) дIайигира иза. Денна цунна тIаьхьа  лелара тхан да, юьртара юьрта  вахар а магош доццушехь. Iедална  гучуваьллехь 25 шо  хан тухур яра цунна.

Шега мел чIогIа дехарш дарх больнице ца  воьдуш ца Iара иза. Цхьана дийнахь  тхойшиъ цхьаьна больнице даха новкъаделира. Районе дIакхаьчча, юьртара нах а гина, царна тIевахара дада. Царах цхьамма кхуьнга кадам бина хиллера: «Пекъар, Бекисат дIаяьлла, Дала гечдойла цунна. Деллахьа яра диканиг…», – аьлла. Тхан дена иза дIаяьллий хууш а ца  хилла. Суна а гуш, макхвелла, бос байна дIахIоьттира иза. ЧIогIа холчу хIоьттинера. ТIаьхьа хиира суна вайн юьртарчу наха тхан нана Бекисат, кхелхинчул тIаьхьа, шайга дIа а йигна бусалба Iедалехь дIайоьллина хилар. Цунах дерг а тхан дега дийцина  хиллера юьртахоша.

Суна тIе а веана дадас элира: «ЙоI, вайшиъ цIа доьду… Вайшимма хIинца  больницехь дан хIума дац. Иза хIинца паргIатъяьлла». «Дада, тоелла иза?», – хаьттира ас, жима хиларна цо бохучух ца кхеташ. «Тоелла», – доцца хадийра  дадас.

Киралелочу машенахь цIа догIуш дара тхойшиъ. Дадин бIаьргех хаддазза хи лешара. Со шега дIахьаьжча, сихха дIадохура уьш, кетаран пхьош хьокхий. Кхин цхьа дош ца олуш цIа  кхечира  тхойшиъ.  Цо хилларг КхокхагIаьрга дийцина хиллера. Цхьана-шина дийнахь белхар лаьттира тхан чохь, Цул тIаьхьа дада а чIогIа цомгаш хилла, вуьйжира. Нана елла нийсса кIира кхочуш дIавелира иза, оццу районан больницехь.

Ша дIавалале хьалха дадас тхан лулахочуьнга  аьлла хиллера: «Iабдурахьма, юххехь да-нана доцуш дуьсуш ду хьуна и бераш. Вайна ма-хаъра, зудабер экаме ду. Цаьрга хьожуш, церан дола деш хилалахь. Сан виъ вешех, цхьаъ кхаьчна, а царна тIе ца кхочуш Iийр вац хьуна. Берашкахь ахча а ду хьуна, ца хуьлчу далахь бохка куз а бу хьуна. ДIа ма тасалахь уьш». Амма цо ма-бохху гIуллакх-м ца хилира цунах…

Иштта, Казахстане дIакхаьчна бутт а балале да а, нана а дIадаьлла, хийрачу махкахь цхьана йисира тхо йиъ йиша. Тхаьш динарг бен тхайна  хир доций  хууш дара тхо, ур-аттал уггаре а жимах йолу со а тIехь. Лулахой тхоьга хьовсучохь, тхан дола дечохь бацара. Дукхах  болчара махкала динера. Массо а мацалла ца вала гIерташ лол бетташ воллура. Мангало  кес санна, тиф цамгаро «хьокхуш» дара адам. Велларг дIаволла а ца ларабора нах. Цхьана  каш чу ши-кхоъ дIавуллуш меттигаш дукха хуьулура.

Оцу хьолехь мацалла а, милла а ца дала гIерташ, тIекхаьчна-кхаьчна болх беш хийзара Кхокха а, ХIижан а, ПетIамат а. Жима елахь а, наггахь аренца хуьлу  дечиг лахьо со а йоьдура. Делан къинхетамца, мелла а хилла а юург йоцуш ца дуьсура тхо. Суьйренца  чу дирзича къаьсттина тхаьш цхьалха  а, гIийла а хетара тхуна, юххехь гергара стаг ца хиларна. Царах цхьаъ схьакхачаре чIогIа са а туьйсура. Цхьана соне а гуллой доьлхуш Iара тхо кест-кеста.

Хала хиллехь а, чаьмза хиллехь а валаза висинчунна хан дIайоьдуш яра. ДIасавахар луьра дихкина хан ю иза. Цхьана дийнахь тхо долчу кхечира тхан деваша Хасмохьмад. Бакълуьйш хилла хиллера дада. «ХIуъа хилла лаьтахь а (балаза белахь) шен веа вешех цхьаъ кхочур ву хьуна кхуза» баьхна волу шен вежарий дадина дика бевзаш хиллера. Иза кхача а кхечира. Цу дийнахь санна хазахетта хир дац тхуна цигахь даьккхинчу  къизачу кхойтта шарахь. Оцу дийннахьехь, хилларг хиъча, Хасмохьмада шеца  цхьаьна Карамакчи юьрта дIадигира тхо, харц-бакъ.

Тамашийна стаг вара Хасмохьмад (Дала декъалвойла иза). Цунна санна шен стаг везаш адам хир дацара. Шен барел хьоме хеташ, тхуна еллачул тIаьхьий бен шен доьзална яа, мала, ца луш тIеюха  ца оьцуш дола дира тхан цо. И волчохь хан  яккха доьлча паргIатдевлира тхо. Йоккхах йолу кхо  йиша а  цхьаццанхьа  балха хIоьттира. ХIайтъаьлла волчу тхан девешина а карайора тхуна рицкъа латто, сом тIедогIу меттиг. ЦIахь  висича а, буьйсанна а  тIаьрсиган мачаш тоьгура цо. Казахашна уьш дIаюхкура. Цара дика дIа а оьцура уьш.

Мацаллина дукха бала ца хьоьгуш хене довла гIерташ дохкура  тхо. Суьйранна чугулделча даима  буьцуш берг вайн мохк – Нана-Нохчийчоь хуьлура. ЧIогIа сатуьйсура цIа дахка. Мацалла леш волчо а, Дела хьехорца  цхьаьна, Нохчийчоь а хьехайора «Дависса, цкъа бIаьрга гина елар-кха сайн  юрт», – олий гуттаренна а бIаьргаш дIакъовлуш берш а бара. ДIасавахначуьра  стаг веача, уггаре а хьалха  хоттуш дерг: «Вай  цIа дохуьйту ца боху ?» – дара. Оцу сатийсамца доккхура  хIора де, сахьт, минот. 13 шарахь ягаръян воьлча  ма дукха хан ю-кх иза…

 

ДIасоцу ХIазан. Ехха  Iа йист ца хуьлуш. Гуш ду: хала ду  цунна и дерриге  а карладалар лан. Дог а дика дац. Могашалла  а яц. Иза мичара хир ю казахийн гIум-аранашкахь бералла байлахь йисинчу цуьнан. «Со сайн сил дукха дезачу дех-ненах яьккхира, вешин метта лийринчу вешин кIантах яьккхира  вай махках дахаро. Тхайн нана елча вилхинчу тхан ден бIаьрхиша хIинца а  морцуш ду сан дог, хIинца  а сайн кийрара кхагар хьожа йогIу суна…»  елхаран кърудаша хорам бина, къамел хадийра цо. Цул тIаьхьа кхин  цкъа а сайн цIийнан нах махках бахарх дерг  ас цуьнга  хатта а ца хаьттира. Хатта оьшуш а дацара, я хIинца  а дац… Суна ширра схьахеза Исмаила тIаьххьара деIна са. Суна го чIурам санна  вешна дIаволуш волу  сайн ваша, кIира бен хан юккъе ца юлуш, гIеметта хIоьттина сайн деда а, денана а лахьте дерзош, мацалла леш долу адамаш, цара хьоьгу Iазап. Гуш йоцчу зIено царах воьзна  ву со, сан тIамарца беха церан лазам, цара хьегна бала, цаьргахь латтийна  къизалла…

С.ДИШНИ     

 

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: