2GIS системи чохь хIинца Соьлжа-ГIала а ю

ХIокху деношкахь вайн республикин пачхьенерчу «TheLocal» хьешацIийнехь йовзийтира 2GIS система а, цуьнан говзанчаша кечдина долу Соьлжа-ГIалин карта а, автомобилийн навигатор а, организацийн справочник а.

Цигахь дакъалецира республикин Правительствон вице-премьера Хакимов Хьасана, туризман гIуллакхашкахула волчу министра Байтазиев Муслима, Соьлжа-ГIалин мэра Закриев ИбрахIима, Юкъараллин палатин председатела Денильханов ИсмаьIала, «2GIS» компанин коьртачу директора Сысоев Александра, блогерша, шуьйрачу хаамийн гIирсийн а, туроператорийн а векалша.

Шен къамелехь Сысоев Александра дийцира Соьлжа-ГIала оцу системи юкъаяийтаран декъехь говзанчаша, тIекIал масех баттахь, къахьегна хиларх лаьцна.

Ткъа Байтазиев Муслимана а, Закриев ИбрахIимна а хетарехь, денна а кхуьуш йогIучу гIалин бахархоша а, хьешаша а, туристаша а чIогIа сатуьйсура оцу сервиса юкъахь республикин пачхье а хиларе.

Билгалдаккха догӀу системин бази чохь Соьлжа-ГIалара 47 000 гӀишло а, 8 300 организаци а хилла ца Ӏаш, церан контакташ а, белхан хан а, цигахула лела юкъараллин транспорт а йовзийтина хилар.

Иштта, махлелорансамукъадаккхаран я кхачабааран туш хаьржича, кхечара цуьнан хадийна «мах» ган а, цигарчу «сурсатийн» юкъара мах бовза а, шена хетарг яздан а аьтто бина цу чохь.

Цул сов, «Ахмат-Арена» спорткомплексан а, Кадыров Ахьмад-Хьаьжин цIарахчу «Нохчийчоьнан дог» маьждиган а, Къоман музейн а, Айдамиров Абузаран цIарахчу Къоман библиотекин а, ТӀеэцаран пачхьалкхан цӀийнан а 3D-моделаш а ю карти тӀехь.

2GIS-н мобилан верси IOS а, Android а платформаш тӀехь болх беш ю, ткъа онлайнверси – 2gis.ru сайта тӀехь.

Дагадоуьйту дуьненахь а уггаре а яккхийчех ларалучу 370 гIаланах лаьттачу сервисах хIора денна пайдаоьцуш 46 млн. адам хилар.

ВАЧАЕВ Раджап
№9, чиллин (февраль) беттан 5 де, 2019 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: