Кегийрхошлахь – рогIера турнир

Соьлжа-ГIаларчу «Олимпийск» спорткомплексехь дIаяьхьира греко-римски кепара охьатохархлатарехула 2002–2004-чуй шерашкарчу кегийрхошлахь республикехь хьалхеяккхаран турнир.

Цигахь дакъалоцуш вара тайп-тайпанчу кIошташкара йозаллин 11 категорехь волу 200 сов спортсмен.

Къийсадаларш шина дийнахь дIадаьхьира.

Шайн-шайн йозаллин категорешкахь толамхой хилира: У.Эскерханов (42 кг) – РДЮСШ, Гигиев Малик (45 кг.) – ДЮСШ №1, Гаургаев Мохьмад (48 кг.) – ДЮСШ №3, Исаков Аслан (51 кг.) – ДЮСШ №7, Ибрагимов Абдурахьман (55 кг.) – Грозненски кIоштан ДЮСШ, Умаров Iумар (60 кг.) – Невран кIоштан ДЮСШ, Вацуев Рамзан (65 кг.) – ДЮСШ №3, Джалилов Висхан (71 кг.) – Невран кIоштан, ДЮСШ Саидов Басхан (80 кг.) – ДЮСШ №3, Шамаев Баудан (92 кг.) – Невран кIоштан ДЮСШ, Исмаилов Хьусайн (100 кг.) – ДЮСШ №12.

Турнирехь хьалхара, шолгIа меттигаш яьхначу спортсменаша дакъалоцур ду СКФО-хь хьалхеяккхаран турнирехь.

Республикин кегийрхойн командин лакхарчу тренера Р.Эскерхановс мааллара, вайн спортсменаш хакъ бу Россин, Европин, дуьненаюкъарчу турнирашкахь дакъалаца.

Оцу лакхенашка спортсменаш кхачийнарш бу уьш Iамийна церан тренерш. Т.Эскерханов, И.Исраилов, А.Абдулаев, И.Исаев, Р.Эскерханов, П.Умаров, М.Батаев.

Толамхой билгалбехира кубкашца, мидалшца, Сийлаллин грамоташца.

З.ШИШХАНОВА
№9, чиллин (февраль) беттан 5 де, 2019 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: