Вайн режисер – ХIинжа-ГIалахь

Советийн Союзан Турпалхочун Нурадилов Ханпашин цIарах йолчу театрехь «Хилаза ца ваьлла хилла лор» спектаклан премьера хилла дукха хан яц. РСФСР-н искусствийн хьакъволчу гIуллакххочо, РСФСР-н халкъан артиста, режиссера Хакишев Руслана хIоттийна яра и спектакль вевзачу французийн драматурган Мольеран «Лекарь по неволе» пьеси тIехь.

Боккхачу кхиамца чекхъелира спектаклан премьера. Хьовсархоша хазахетарца тIелецира керла спектакль а, шайна дукхабезачу артисташа говза кхоьллина самукъане васташ а. Амма баьккхинчу кхиамах тоам бина цкъа а мокъа Iаш Iедал дац похIмечу режиссеран Хакишев Русланан.

ХIокху деношкахь иза ХIинжа-ГIалахь (Махачкала) ву Дагестан Республикин культурин министерствос кхайкхина вигна. ГIазгIумкхийн (лакски) къоман театрехь спектакль хIоттош ву Руслан. ГIараваьллачу оьрсийн яздархочун Гоголь Николайн «Ревизор» цIе йолу пьеса ю гIазгIумкхийн театрехь вайн похIмечу махкахочо хIотто къастийнарг.

Цкъа а, шозза а Руслана Соьлжа-ГIалахь хIоттийна а ю иза. Цкъа нохчийн труппица хIоттийра цо иза, тIаккха, Советийн Iедал дохале хьалха, гIалгIайн труппица а хIоттийра.

Хетарехь, ерриге а Къилбеседа Кавказехь тайначух тера ду театран говзанчас нохчийн сцени тIехь бина белхаш. Цундела кхайкхина аьлла хета Дагестан Республикин культурин министерствос вайн режиссер керла спектакль хIотто ХIинжа-ГIала.

Цхьана а кепара шеко яц лаккхарчу тIегIанехь йолчу корматаллица Хакишев Руслана Гоголь Николайн «Ревизор» пьеси тIехь изза цIе йолу спектакль Дагестан Республикин коьртачу шахьарахь хIотториг хиларх.

А.ГАЗИЕВА
Суьрта тIехь: «Хилаза ца ваьлла хилла лор» спектакль

№9, чиллин (февраль) беттан 5 де, 2019 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: