Ажаева Шумисат (Александра) йина 1949-чу шеран гIуран (декабрь) беттан 20-чу дийнахь Казахстанан Семипалатинскан областерчу Совхоз Каракол олучу юьртахь. Вайнах шайн дай баьхначу махка цIабирзинчул тIаьхьа, цо дешна Эна-Хишка (Серноводск) юьртарчу №1 йолчу юкъарадешаран школехь.

Кхиамца школа чекхъяккхинчул тIаьхьа, 1967-чу шарахь Слепцовскерчу (хIинца Сунжа) №1 йолчу школехь схьайиллина хиллачу хьехархойн курсашка деша йоьду иза. «Хьехархо – лакхара пионервожати» корматаллица чекхйоху цо и курсаш.
Цхьана хенахь, хьехархо хила болчу лаамал сов, медйиша хила сатийсам а хилла Шумисатан (хьехархойн курсаш йохуш, дIаделла долу кехаташ, иза балха хIотталц юхацадалар бахьанехь, бита дийзира цуьнан лоьрийн балхе болу сатийсам).
Хьехархойн курсаш чекхъяьхначул тIаьхьа, 1968-чу шарахь дуьйна ЭнаХишка (Серноводск) юьртарчу юьхьанцарчу дешаран школин хьалхарчу классийн хьехархо хуьлу цунах.
Дагадоуьйту, Эна-Хишкара юьхьанцара дешаран школа (№2 йолу) кхоьллинера 1964-чу шарахь (шакъаьстина деашеран школа ю иза). Цул сов, №1 йолуш кхин цхьаъ юьхьанцара школа а яра Эна-Хишкарчу курортехь (хIинца яц и школа). Школехь хьоьхуш а йолуш, заочни кепехь, Шумисата 1970–1976-чуй шерашкахь доьшу Нохч-ГIалгIайн пачхьалкхан институтехь (иза цигахь доьшуш а йолуш, университет йо цунах), «Физика а, хими а йиссалц, 8-чу классе кхаччалц хьеха бакъо а йолуш, юьхьанцарчу дешаран методика а, педагогика а» говзалла караерзайо.
1983–1985-чуй шерашкахь оццу школин (Эна-Хишкара юьхьанцара школа) директор а лаьттина иза. Цул тIаьхьа а юьхьанрцарчу классийн хьехархо йолуш болх бо цо.
1999-чуй, 2005-чуй, 2010-чуй шерашкахь лаккхарчу говзаллин категореш ло цунна. Иштта, дуккха а шерашкахь школин профкоман куьйгалхочун болх бина Шумисата.
Шен дахаран 47 шо школина, бераш кхетош-кхиорна дIаделла цо. Иза кIезиг хан яц. ХIинца, школехь хьоьхучуьра, цхьацца бахьанашца, ша цIахь сецнехь а, шена хуург, шена зеделларг а муьлхачунна а дIадовзийта а, оьшучунна орцахъяла а кийча ю иза. Дуккха а бу цо хьехна, цуьнан хьехарех, хаарех, догдикаллех беркат даьлла дешархой Эна-Хишкахь а, кхечу ярташкахь а, царех цхьаъ хIокху статьян автор а ву.
– Коьртаниг – «жимачу адамца» юкъара мотт карор хетта суна сайн балха тIехь. ХIунда аьлча, хIора дешархочун шен-шен амал, шен-шен лаамаш бу. Берийн хаарийн бух, шеко йоццуш, юьхьанцарчу классашкахь кхоллалуш бу, цундела сайна хуург цаьрга дIакхачо а, уьш урокехь болх бан а, деша а Iамо хьаьжна со. Бераш кхетош-кхиор церан дай-наноша а, хьехархоша а цхьаьний дIадахьа деза аьлла хета суна, бераш кхиорехь коьрта декхар дай-нанойн делахь а. Хьехархоша а, дайнаноша а берашца цхьатерра болх бича, царна цхьатерра хьехам бича, берашна а атта хир ду шайга бохучуьнга ладогIа, – дийцира Ажаева Шумисата.
Школехь ша бечу балхал сов, берашца даима а уьйр латтайора цо. Цуьнан классашкахь долу наггахь а бер дацара иза чу ца йоьдуш, берийн цIера хьал а девзара цунна. Берийн кхиамаш хилча, цара дешча хазахеташ, йоккхаеш, цхьана а адамца хьагI-гамо, куралла йоцуш, чекхъялла иза. ДогцIена хилар ду иза. Шумисатана делла цхьа а лаккхара совгIаташ а дац, дипломаш а дац. Я цунна иза коьрта а ца хетта, цо билгал ма-даккхара, коьртаниг – Далла хьалха долу шен декхар кхочушдар а, шена хуург нахана дIахьехар а, шех ала дика дош дитар а хетта цунна даима а. Цундела хир ду-кх, цуьнан хиллачу дешархоша а, церан дай-наноша а, иза хьахаелча, цунах дика а, довха а дешнаш алар.
Тахана Шумисатан Iердахаран хьелаш дикачех ду ала хала ду. Оццул шерашкахь дешархойн дуьхьа, вайн мехкан дуьхьа къахьегначу (тIеман заманахь а) иза санначу хьехархойн гIуллакхаш а, хьелаш а дика хила дезара аьлла хета, церан кхин а алсам тидам бан дезара, церан сий-пусар дан дезара аьлла а хета, хIунда аьлча хьехархойх, дай-нанойх а санна, дозуш ду беран хиндерг, цуьнан хьежамаш муха хир бу бохург, хьехархочо веш ву лоьрах лор а, инженерах инженер а, ахархочух ахархо а, журналистах журналист а…
I.МУРТАЗОВ
Суьрта тIехь: Ажаева Шумисат дешархошца
№9, чиллин (февраль) беттан 5 де, 2019 шо