М.Романовс дашо мидал яьккхина

ХIокху деношкахь Старый Осколера хаза кхаъ кхаьчна вайн махкахошка. Цигахь дIадаьхьначу Россехь хьалхеяккхаран къийсадаларшкахь, езачу атлетикехула 13–17 шераш долчу кегийрхошлахь Гуьмсан кIоштара спортсмен Романов Мухьаммад шен йозаллин категорехь (67 кг.) толамхо хилла.

Цо дашо мидал яьккхина. Цу тайппана цо шена бакъо яьккхина Европин къийсадаларшкахь дакъалаца.

«Шеко йоццуш, иза мехала хилам бу нохчийн спортсменан дахарехь. Романов Мухьаммад а, цуьнан тренер Базаев Сулим а декъалво оцу хиламца. Лаьа цара, баьккхинчу толамна тIехь ца совцуш, кхин а лакхара совгIаташ дохийла. Нохчийн спортсменаша, иштта, кхиамаш бахар доьзна ду Нохчийн Республикин Куьйгалхочо, Россин Турпалхочо Кадыров Рамзана спортана терго ярца. Иза вайн нохчийн берриге а спортсменийн дика доттагI хилла схьавогIуш ву», – яздо Гуьмсан кIоштан администрацин пресс-службо.

Л.ШАХИДОВА
№9, чиллин (февраль) беттан 5 де, 2019 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: