Нохчийн кицанаш, аларш

Уггаре а хаза хIума я аьлча, къийго, тIе чо а балаза йолу, шен кIорни еана.

***
ГIалат (ант) доцу доттагI лехнарг доттагI воцуш висна.

***
Ахча доцчунна гIуй ца эшна, эхь доцчунна бехк ца эшна.

***
Бан луучунна болх карийна, ца луучунна бахьана карийна.

***
Барт боцу доьзал а, барт боцу юрт а хIаллакьхилла.

***
Болх бечунна де доца хета, малончина деха хета.

***
Ваханчо некъ эшийна, Iиллинчо де эшийна.

***
Виначу нанна ца хиллачу кIантах, махкана а кIант ца хилла.

***
ГIиллакх доцчу нахаца тасаделла гергарло, цхьа гIуллакх Iоттаделча, тай санна, хеда.

***
ГIуллакх дечун куьг мокъа дац, гIуллакх цадечун мотт мокъа бац.

***
Дешарх иддарг дешначунна ваьцна.

Т.ДЖАМБЕКОВА
№9, чиллин (февраль) беттан 5 де, 2019 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: