Музыкин гIирсаш тобаран говзанчаш-реставраторш Iамор бу

Россин Федерацин культурин министерствос гIо а лоцуш, тIедогIучу дешаран шарахь пачхьалкхан вузашкахь юкъаялор ю музыкин гIирсаш тобан хууш болу говзанчаш кечбаран предмет.

«Хьехархо» газето Инстаграмерчу шен агIонехь хаам беш ма-хиллара, «Россин халкъан музыкин музейн» директора Брызгалов Михаила билгалдоккху: «Хьалхара кегий нах деша тIеоьцур бу тIедогIучу шарахь. Царна пачхьалкхан реставраторан дипломаш лур ду».

ХIокху шарахь лакхахь хьахийначу Музейс билгалдоккху башхачу музыкин гIирсийн пачхьалкхан коллекци вовшахтоьхна 100 шо кхачар.

Россин Федерацин Президентан В.В.Путинан тIедилларца, стохка дуьххьара, Россин Федерацин культурин министерствос гIо а лоцуш, шина музыкин гIирсана – Гварнери Пьетрон виолончелана а, говзанчин Серафин Сантон Iад хьокхучу пондарна а реставраци йина италхойн говзанчаша.

Россин Федерацин музыкин гIирсийн Пачхьалкхан башха коллекци вовшахтоьхна 1919-чу шарахь.

2010-чу шарахь иза дIаелла М.Глинкин цIарахчу музыкин культурин Ерригроссин музейн цхьаьнакхетараллина.

XV–XX-чуй бIешерашкахь дуьненан тоьллачу говзанчаша бина 286 музыкин гIирс бу Пачхьалкхан коллекцехь.

***
Кхолламан (январь) беттан 28-чу дийнахь «РСУРПРОФИ. ФИЗИКА» проектан гурашкахь республикин гIаланийн а, яртийн а урхаллашкахь «Механика ларъяран закон» декъехь хьехархойн диагностика дIаяьхьира.

Оцу балхана лерина ФИПИ-н говзанчаша кечйина контрольни-дустаран материалаш, шайна юкъахь доцца жоьпаш долу 30 задани а йолуш.

ДIаяьхьначу диагностикин жамIаш девзар ду цхьа кIира даьлча. Хьехархойн уьш довза йиш хир ю юкъарадешаран учрежденийн долахьчу кабинета чохь moni.95.ru порталехь.

Оцу жамIаша гойтур ду хьехархой кхачо йоллуш шайн бакъонаш, декхарш девзаш бу-бац а, говзалла а, жоьпалла а, оьздангалла йолуш бу-бац а.

Иштта, проекто кхидIа бан беза болх билгалбер бу.

№9, чиллин (февраль) беттан 5 де, 2019 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: