Юккъерчу а, юккъерчу юкъарадешаран а тоьшаллаш схьаэцарехь хийцамаш бина

ТIехдика дешарна дипломаш схьалучу хенахь тидаме оьцур ду ЕГЭ-н жамIаш.

Россин серлонан министерствос тIечIагIдина, кхолламан (январь) беттан 27-чу дийнахь дуьйна ницкъ болуш ду юккъерчу а, юккъерчу юкъарадешаран а тоьшаллаш а, церан дубликаташ а яздаран, лараран, даларан 2018-чу шеран гIуран (декабрь) беттан 17-чу дийнахь №310 йолуш Россин серлонан министерствос юкъадаьккхина омра.

Доккхах долчу декъана кхитIе а тIедожораш дина юккъерчу юкъарадешаран тIехдикаллин тоьшаллаш схьаэцарехь. ХIокху шарахь дуьйна уьш лур ду ерриге а предметашна пхеаннаш долуш дешна ваьллачунна а, Пачхьалкхан жамIашдаран аттестацих (ГИА) чекхваьллачунна а, профильни тIегIанан оьрсийн меттан а, математикин а пачхьалкхан юкъарчу экзаменехь лаххара а 10 балл яьккхинчунна я базови тIегIанан математикехула ЕГЭ дIалуш 5 балл яьккхинчунна а.

Кхин а цхьамогIа хийцамаш бина дешаран предметийн цIершна. Масала, «Къоман мотт», «Къоман литература», «Кхечу къоман мотт», «ШолгIа кхечу къоман мотт», бохучохь къовларшна юкъахь билгалдоккху Iамийнарг билггал муьлхачу къоман мотт бу.

Иштта, юккъерчу а, юккъерчу юкъарадешаран а тIехдикаллин тоьшаллаш схьаоьцуш Пачхьалкхан жамIашдаран аттестацих чекхваларан бехкамашкахь хийцамаш бина.

Хьалха тIехдика дешаран тоьшаллаш схьаоьцуш тоьаш дара пхеаннаш дохуш дешар чекхдаьккхича, ГИА-х кхиамца чекхваьлча.

Л.ДАУТОВА
№9, чиллин (февраль) беттан 5 де, 2019 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: