2019-чу шеран кхолламан (январь) беттан 1-чу дийнахь дуьйна гIуллакх дан доладелла пенсе вахаран хан муьрашка йоькъуш лакхаяккхаран а, инфляцин хила тарлучу барамал лакхара пенсешна индексаци яран а хьокъехь долу закон.
Пенсешца кхачояран системехь хинболчу хийцамаша вайна ен йолчу гIоленех лаьцна дуьйцу Россин Пенсионни фондан республикехь йолчу отделенин куьйгалхочо Ахмадов Мохьмад-Эмис.
– ХIун хаа деза пенсионни системехь хиллачу хийцамех лаьцна?
– Кху шарахь дуьйна Россехь дIадоладелла къанвелча хIоттош долу страхови пенси а, пачхьалкхан кхачоярехула долу пенси а хIотто бакъо луш йолу пенсе вахарна хIоттийна хилла хан тIаьхь-тIаьхьа лакхаяккхар.

Муьрашка йоькъуш 10 шаре кхаччалц яхлур ю и хан, 2028-чу шарахь чекх а ер ю. Пенсе воьду хан 5 шарна лакха а йоккхуш, зударшна 60 шо а, божаршна 65 шо а хIоттийна. Тахана зударий пенсе боьлху 55 шо кхаьчча, ткъа божарий – 60 шо.
Пенсионни системехь беш болчу хийцамаша таро лур ю страхови пенсеш тIаьхьало йоллуш кхиарна кхачоян а, тIейогIучу хенахь болх беш болчу гражданийн а, пенсионерийн а барам цхьабосса хилийта а. И гIуллакх кху шаррахьехь дIадолийна – 2019-чу шарахь пенсешна йина индексаци инфляцел лакхара яра.
Индексацин иштта лакхара боларш билгалдина законо тIедогIучу шерашна а. Хенал хьалха пенсе ваха бакъо луш йолу дукхах йолу гIоленаш тахана а гIуллакх деш ю, иштта хилийта билгалдеш а ду. Цул сов, юкъаялош ю кхитIе йолу гIоленаш а, тешамаш а.
Адамаш пенсионни системин керлачу барамех долийтархьама, цхьана муьрана гIуллакх деш юьсур ю 55 а, 60 а шераш кхаьчча тахана еш йолу гIоленаш, шайна юкъахь налогийн гIоленаш, юкъараллин транспорта тIехь дIасавахарна, молханашна, хIусамийн-коммунальни хьашташна такхарш дарна билгалйина а, кхийолу а гIоленаш.
Царна тIекхетар бу пенсе баха хан тIекхочуш болу гражданаш балха нисбарна а, цаьрга керла корматаллаш караерзаяйтарна а болу тешамаш.
Хенал хьалха пенсе бахарна керла хьелаш кхуллур ду дукха бераш долчу наношна а, белхан йоккха стаж йолчу адамашна а.
– Мел йоккха ю 2019-чу шеран кхолламан (январь) беттан 1-чу дийнахь дуьйна пенсешна йина индексаци?
– Кху шарахь дуьйна тIедогIучу герггарчу 6 шарахь законаца билгалдина страхови пенсешна индексаци яр хила тарлучу инфляцел лакхарчу боларшца дIадахьар.

Ша аьлча, болх беш боцчу пенсионерийн къанваларна хIиттийна страхови пенсеш баттахь юккъерчу барамехь алсамдевр ду 1 эзар соьмана, я шарахь 12 эзар соьмана.
Иштта, 2019-чу шеран кхолламан (январь) беттан 1-чу дийнахь дуьйна страхови пенсешна йина индексаци 7,05 процентан барамехь ю. И гайтам лакхара бу 2018-чу шарахь хиллачу инфляцел.
Индексаци йинчул тIаьхьа дIаделла ахча 5 334,2 соьме кхаччалц алсамдер ду, ткъа пенсин цхьана баллан мах – 87,24 соьме кхаччалц. Индексаци бахьанехь Россехь къанваларна хIоттийна страхови пенси юккъерчу барамехь 1 эзар соьмана алсамдер ду, цуьнан шеран юккъера барам 15,4 эзар соьме а кхочуш.
Республикехь болх беш боцчу пенсионерийн страхови пенсеш 2019-чу шеран кхолламан (январь) беттан 1-чу дийнахь дуьйна юккъерчу барамехь тIекхетта 822 соьмана. Оццу хенахь дагахь латто деза хIора пенсионеран пенсина хилла тIекхетар цунна луш долчу пенсин бараме хьаьжжина хирг хилар.
Масала, болх беш воцчу пенсионеран заьIап хиларна хIоттийна страхови пенси 9 137 соьман барамехь ду. Кхолламан (январь) беттан 1-чу дийнахь индексаци йинчул тIаьхьа пенси алсамдер ду 644 соьмана, 9 781 соьме дIа а кхочур ду. Я схьаэца шайна кхин масал. Болх беш воцчу пенсионеран къанваларна хIоттийна страхови пенси 10 088 соьман барамехь ду. кхолламан беттан 1-чу дийнахь индексаци йинчул тIаьхьа иза алсамдер ду 10 088 соьмана, 16 525 соьме дIа а кхочур ду.
Нагахь пенсионерана цуьнан дахарна тоьар болуш пайданаш хилийтарна кхачоеш долу социальни тIетохарш деш делахь, индексаци йинчул тIаьхьа пенси хьалха хиллачу тIегIанехь диса тарло я, инфляцин барамца дуьстича, мелла а кIезиг тIекхетар ду. Иза пенси алсам ца даьккхинера бохург дац, цуьнан бахьана ду социальни тIетохарша хьалххе индексаци яран кепара цо гIуллакх деш хилар.
Пенси хIотточу хенахь деш долчу социальни тIетохарша алсамбоккху пенсионерана кхочуш долчу ахчанан барам. Цул тIаьхьа хIора керлачу индексацис лакхабоккху пенсин барам, догIуш а ма-хиллара, социальни тIетохарийн барам лах а беш. Далор вай кхин цхьа масал. Пенсионерана 12 347 соьман барамехь хIоттийна пенси.
Оцу пенсел лакхара бу регионехь пенсионерана вахарна тоьар долуш оьшу долчу ахчанан барам (прожиточный минимум) – 12 674 сом. Цундела билгалдина пенсина социальни тIетохарш дар. Кхолламан (январь) беттан 1-чу дийнахь дуьйна пенси алсамдаьккхина 7,05 процентана, я 870 соьмана.
13 217 соьме дIа а кхаьчна пенси. Пенсионера индексаци яле хьалха 12 674 сом оьцуш хилла хилар хьесапе а оьцуш (пенси а, социальни тIетохарш а), индексаци йинчул тIаьхьа цуьнан пенси 870 соьмана ца кхеташ, 543 соьмана тIекхетта.
– Пенсе баха хан тIекхочуш болчарна билгалйина муьлха гIоленаш а, тешамаш а бу?
– Пенсе вахаран хенан керлачу барамех адамаш долийтархьама 2019-чу шарахь дуьйна муьрашка доькъуш оцу ханна тIедовларна кхачойина ца Iаш, пенсе воьду хан тIекхаьчча гражданашна еш хилла гIоленаш а, социальни гIолацаран гIуллакхаш а тIейогIучу хенахь а дийр ду.

Масала, маьхза молханаш, транспорта тIехь дIасавахар, капит альни ремонт ана, хIусамийн-коммунальни кхидолчу хьашташна ахча далар, бахамах а, лаьттах а луш йолчу налогах паргIат витар, кхидерш.
Цул сов, 2019-чу шарахь дуьйна юкъаялош ю хIора шарахь диспансеризаци ярца йоьзна йолу керла гIоленаш, ткъа иштта пенсе доьлху хан тIекхочуш долчу адамашна къинхьегамехь дакъалацийта кхитIе а болу тешамаш. Иштта, болх луш болчарна билгалдина пенсе боьлху хан тIекхочуш болу белхахой балхара дIабахарца, я хенаца доьзна балха дIаэца дуьхьало ярца доьзна долу административни а, уголовни а жоьпалла.
Болх луш болчарна иштта тIедожош ду пенсе боьлху хан тIекхочуш болчу белхахошна маьхза диспансеризаци ярна лерина, белхан алапа а луш, хIора шарахь ши де далар. Бакъе ма-хиллара, пенсе ваха хан тIекхочуш еш йолу гIоленаш кхоллалур ю хан муьрашка екъар хьесапе а оьцуш, пенсе воьду керла хан тIекхача 5 шо хьалха, аьлча а, зударшна 51 шо кхаьчча, божаршна 56 шо кхаьчча.
Делахь-хIета, 2019-чу шарахь дуьйна а, цул тIаьхьа а гIоленех пайдаэца бакъо ю 1968-чу шарахь а, цул хьалха а бинчу зударийн, 1963-чу шарахь а, цул хьалха а бинчу божарийн. Пхеа шеран хан мехала ю пенси хIотточу хенахь стеган билггал хан кхаьчна хилар а, леррина йолу стаж кхочушъяр а хьесапе оьцуш.
Уггаре а хьалха иза хьакхалуш ду хенал хьалха пенсе ваха бакъо луш йолчу №1, №2 йолчу спискашкахула хьесапе эцначу кхерамечу а, езачу а корматаллин белхахойх. Пенсе воьду хан тIекхачар а, хьокъала ма-дду гIоленашна йолу бакъо а ишттачу меттигашкахь кхоллалур ю хенал хьалха пенсе воьду хан тIекхача 5 шо дисинчу хенахь, нагахь оцу гIуллакхна оьшуш йолу гIоленаш яран стаж кхочушйинехь, нагахь стага оцу корматаллехула, я хьокъала йоллучу говзаллехула болх бар сацийнехь.
Масала, гIалин юкъараллин транспортан водительш (хьокъала ма-дду 15, я 20 шо леррина йолу стаж елахь) пенсе боьлху 50 шо кхаьчча а (зударий), 55 шо кхаьчча а (божарий). Делахь-хIета, зударшна-водительшна церан 45 шо кхаьччахьана дуьйна билгалдийр ду пенсе ваха хан тIекхачаран доза, ткъа божаршна-водительшна – 50 шо кхаьччахьана дуьйна.
Билггал долчу шерашца доьзна а доцуш, ткъа билггал йолу стаж гулъелча пенси хIоттош болчу лоьрашна, хьехархошна, кхечу белхахойн пенсе вахале хьалхара хан билгалйоккху и стаж вовшах ма-кхийтти. Кхидолу цхьа а тайпа хьелаш хьесапе оьцуш дац. Иштта, 2019-чу шеран бекарг (март) баттахь оьшуш йолу хьехаран стаж кхочушхилла школан хьехархочо оццу хенахь дуьйна пенсе ваха хан тIекхочуш верг лорур ву.
Цхьаболчеран пенсе воьду хан 2019-чу шарахь дуьйна хийцалуш яцахь а, пенсе ваха 5 шо хьалха дуьйна ян билгалйинчу гIоленех пайдаэца царна бакъо лур ю. Масала, пхи бер долчу ненан гIоленех пайдаэца бакъо ю 45 шо кхаьччахьана дуьйна, аьлча а, ша пенсе йоьду хан тIекхачале 5 шо хьалха дуьйна. Пенсе воьду хан тIекхочуш волчун статус билгалйоккхуш ишттачу меттигашкахь хьесапе оьцу ши хьал.
Цкъа-делахь, стагана хенал хьалха пенсе ваха луш йолу бакъо йоьзна хила тарло берийн дукхаллин барам, заьIапалла, зуламечу производствехь бинчу белхан стаж, кхидерг. ШолгIаделахь, гIоленаш яран пхеа шеран мур хьесапе оьцу пенси хIотторан хене хьаьжжина. Налогашна гIоленаш ярна юкъа ца дохуьйту 5 шо.
Пенсе ваха хан тIекхачаран дозанашка кхаьчча бен бакъо ца ло царах пайдаэца. Аьлча а, дукхахболчу россихошна 55 я 60 шо, ткъа хенал хьалха пенсе боьлхуш болчарна оцу хене кхачале. Хьалха гIуллакх деш хиллачу законодательствоца, къилбаседехь бехаш болчарна кхечарначул 5 шо хьалха пенсе баха бакъо елла, тIаккха налогийн гIоленех пайдаэцаран хан зударшна тIекхочу шайн 50 шо кхаьчча, ткъа божаршна – 55 шо.
– Пенсе воьду хан тIекхочуш волчун статус муха чIагIъян еза?
– Россин Пенсионни фондехь кху шарахь дуьйна гIуллакх дан йолалуш ю хаамаш баран сервис. Цигахула дIалур бу пенсе боьлху хан кхочуш болчу россихойх лаьцна болу хаамаш.

Оцу хаамех Iедалан органаша, ведомствоша, болх луш болчара пайдаоьцу гражданашна хьокъала йоллу гIоленаш яран Iалашонца. Пенсионни фондехь хаамаш хилар бахьанехь пенсе воьду хан тIекхочуш волчунна оьшуш дац гIоленашна бакъо хилар чIагIдеш долу документ – гIоленаш яр шена тIехь долчу ведомстве заявлени яздичхьана тоьаш ду.
Оьшуш болу берриге хаамаш цигахь болуш бу. Масала, оцу тобанах болу гражданаш паргIат битина хIусамна йолчу бахаман налогах, ялх соти йолчу лаьттах лаьттан налогах. Еш йолчу гIоленах пайдаэцархьама налогийн органе заявлени яздичхьана тоьаш ду.
Цуьнан говзанчаша ПФР-ра дIаоьцур бу заявлени деллачух шайна оьшуш болу хаамаш. Оцу кеппара цхьаьнагIуллакхаш дар вовшахтоьхна кху шарахь дуьйна пенсе боьлху хан тIекхочуш болчарна лакхабаьккхинчу барамехь белхазаллина догIуш долу ахча луш а, церан корматалла лакхаяккхаран программаш кхочушъеш а болчу балха нисбаран туьшашца.
Россин Пенсионни фондо хаамаш дIало электронни хормех цхьааллин пачхьалкхан социальни кхачояран хаамийн системехула (ЕГИССО) СМЭВ-н каналашкахула.
– Пенсе воьду хан лакхаяккхарехь йохаллин мур бохург хIун ду?
– Пенсе воьду хан лакхаяккхар цхьанаэшшара дIадахийтархьама билгалбина 10 шеран йохалла йолу мур.
2019-чу шарахь дIаболабелла иза чекхбер бу 2028-чу шарахь. Пенсе вахаран хенан керлачу бустамех адамаш долийтархьама, оцу муьран хьалхарчу масех шарахь, иштта, кхачойийр ю леррина йолчу гIоленашна – пенсе воьду керла хан тIекхачале ах шо хьалха хIиттор ду пенсеш. Иза билгалдина хьалха гIуллакх деш хиллачу законодательствоца нийса а догIуш, 2019-чуй, 2020-чуй шерашкахь пенсе баха безаш хиллачарна.
Уьш 1964–1965- чуй шерашкахь бина зударий а, 1959–1960-чуй шерашкахь бина божарий а бу. ГIоленаш бахьанехь 2019-чу шарахь пенси хIоттор ду 55,5 шераш кхаьчначу зударшна а, 60,5 шераш кхаьчначу божаршна а. Оццу хенахь берриге а муьрехь гIуллакх деш хир бу къанваларна страхови пенси хIотторна оьшуш йолчу стажехула а, пенсин баллашкахула а болу лехамаш.
Иштта, 2019-чу шарахь пенсе вахарна оьшу 10 шарал лахара йоцуш стаж а, пенсин 16,2 балл а. Мехала ду пенсе воьду хан заьIапаллина пенси оьцуш болчарах хьакхалуш цахилар билгалдаккхар. Пенси хIоттор хьалхалеррачу буьззинчу барамашкахь дуьсуш ду хене хьаьжна доцуш, къинхьегамна хьуьнаре хилар дайна болчарна пенсеш хIиттор.
Оцу муьран жамIашкахула 2028-чу шарахь дуьйна а, цул тIаьхьа а зударий пенсе гIур бу шайн 60 шо кхаьчча, божарий – 65 шо. ДоггIучуьра аьлча, гражданийн дукхахйолчу тобанийн пенсе бахаран хан хийцалуш яц. Цунах лаьцна буьззина хаамаш бу ПФР-н сайта тIехь.
– Муьлха хийцамаш билгалбина пенсионерашна?
– ХIинцалерчу пенсионерех хьакхалуш дац пенсе воьду хан лакхаяккхар. Цу тIе 2019- гIа шо доладалале хьалха хIиттийначу пенсийн дерриге а тайпанашкахула ахча дIалур ду церан бакъонашца а, еш хиллачу гIоленашца а нийса а догIуш.
Цул сов, пенсе воьду хан лакхаяккхаро 2019-чу шарахь дуьйна таро хуьлуьйтур ю индексаци яран чоьтах болх беш боцчу пенсионерийн пенсеш инфляцин барамал хаъал лакхадаха («2024-гIа шо кхаччалц болчу муьрехь къоман Iалашонийн а, Россин Федераци кхиоран коьртачу декхарийн а хьокъехь» Россин Федерацин Президентан 2018-чу шеран 7-чу майхьлерчу Указаца нийса а догIуш).
Пенсионни системехь бинчу хийцамаша гIо дийр ду, еххачу хенахь, страхови пенсеш цхьанаэшшара кхиарна кхачоян, цул сов, болх беш болчу гражданийн а, пенсионерийн а барам цхьана хорша берзо.
– Ярташкарчу пенсионерийн пенсеш лакхадахар муха дIадоьду?
– Кху шарахь дуьйна гIуллакх дан дуьйлалуш ду ярташкахь бехаш болчу пенсионерийн кхитIе а гIолацарна тIехьажийна долу законодательни нисдарш. Иза хьакхалуш ду къанваларна, я заьIапаллина хIоттийначу страхови пенсина деш долчу тIетохаршна 25 процент тIетохарш дарх.
Иштта, тIетохар дайтархьама кхо хьал лардан деза. Цкъа-делахь, пенсионеран я пенси доьхуш волчун юьртан бахамехь белхаш бина 30 шарал кIезиг йоцуш стаж хила декхар ду. ШолгIа-делахь, пенсионер юьртахь хила веза.
ТIаьххьара а, иза болх беш волу пенсионер хила декхар а дац, аьлча а, цунна пенсина страховани ярна взносаш ца елла (иза хила тарло къинхьегаман бартийн гурашкахь хилла ца Iаш, амма авторан бакъонийн барташкахула, я лицензионни барташкахула хила тарло).
2019-чу шеран кхолламан (январь) беттан 1-чу дийнахь дуьйна ярташкарчу пенсионерийн пенсешна баттахь 1,3 эзар соьмал кIезиг доцуш ахча тIекхетар ду, кхоалгIачу тIегIанан заьIап болчу пенсионерийн пенсеш – 667 соьмана. Пенси юха ларийта Россин Пенсионни фонде леррина дехар дан оьшуш дац, иза ахча дIадаларан гIуллакхан хаамашна тIедоьгIна автоматико ша дийр ду.
Оццу хенахь, пенсионеран бакъо ю пенси юха ларийтарна оьшуш долу документаш муьлххачу хенахь а чудала. Ярташкарчу пенсионерашна лакхабаьккхинчу барамехь кхитIе ахча далийта бакъо луш йолу стаж лоручу хенахь хьесапе оьцу колхозашкахь, совхозашкахь, юьртабахаман кхечу предприятешкахь а, организацешкахь а бина болх, даьхнилелорехь, ораматашлелорехь, чIерийлелорехь иза бина хилар тидаме а оьцуш.
Масала, агрономийн, трактористийн, ветеринарийн, накхаршлелорхойн, кхечу даржашкахь – ерриге 500-нал сов говзалла. Цуьнца цхьаьна 1992-гIа шо тIекхаччалц Россин колхозашкахь, машенийнтракторийн станцешкахь, колхозашна юкъарчу предприятешкахь, совхозашкахь, ахархойн бахамашкахь, юьртабахаман артелашкахь бина болх юьртан стажана юкъабохуьйту корматаллин цIарах, говзаллех, муьлхачу даржехь хилла бохучух доьзна доцуш.
– Лоьрашна, хьехархошна, артисташна муха хIиттадо пенсеш?
– ЦхьамогIа корматаллаш ю пенсе воьду хан тIекхаьчча ца хIоттош, ткъа цунна леррина оьшуш йолу стаж вовшахкхетча белхахошна пенсеш хIиттош. Царах бу хьехархой, лоьраш, балетан артисташ, циркан гимнасташ, оперин иллиалархой, цхьамогIа кхиберш. Оцу корматаллийн белхахойн бакъо ю хенал хьалха пенсе баха.
Пенси хIоттадайтархьама оьшуш йолу уггаре а лахара белхан стаж билггалчу корматаллица доьзна алсамйоккхуш а яц, хьалха а санна 25 шарна тIера 30 шаре кхаччалц хила езаш ю иза. Цуьнца цхьаьна 2019-чу шарахь дуьйна цIераш яьхначу корматаллийн белхахой пенсе бахар билгалдо пенсе воьду хан лакхаяккхаран муьраш хьесапе а оьцуш. Цуьнца нийса а догIуш, лоьрашна, хьехархошна, артисташна пенсеш хIиттор тIаьхь-тIаьхьа дIадоккхуш ду леррина йолу стаж вовшахкхеттачу дийнахь дуьйна иза хIоттор.
Оццу хенахь оьшуш йолу стаж вовшахкхеттачул тIаьхьа а церан болх бан, я балхана юкъахбовла йиш ю. Масала, пенси хIоттадайтархьама ярташкарчу медицинин белхахошна хене, стен-боьршалле хьаьжна доцуш могашалла Iалашъяран учрежденешкахь 25 шарахь болх бина стаж оьшу.
Нагахь юьртарчу лоьран оьшуш йолу стаж 2021-чу шеран товбецан (сентябрь) баттахь вовшахкхеттехь, иза хIотторан муьраца нийса а догIуш, цунна пенси хIоттор ду цул тIаьхьа кхо шо даьлча, 2024-чу шеран товбецан (сентябрь) баттахь.
– Керлачу законехь хIун хийцаделла пачхьалкхан гIуллакххошна?
– Iедалан дерриге а тIегIанийн (федеральни, регионийн, муниципальни) пачхьалкхан граждански гIуллакххошна къанваларна страхови пенси хIоттадайта бакъо луш пенсе воьду хан лакхаяккхар дIадоладелла 2017-чу шарахь дуьйна. Берриге россихойн а санна, муьрашка екъна дIахьош ду пачхьалкхан гIуллакххойн пенсе боьлху хан лакхаяккхар.
2021-чу шаре кхаччалц пенсе боьлху хан хIора шарахь эхашарна лакхайоккху, ткъа цул тIаьхьа догIучу шерашкахь пенсе вахаран хан лакхаер ю цхьацца шарна. Цуьнца нийса а догIуш, божарий-пачхьалкхан гIуллакххой – 2028-чу шарна тIекхочуш шайн 65 шо кхаьчча пенсе гIур бу, ткъа зударийпачхьалкхан гIуллакххой – 2034-чу шарахь дуьйна шайн 63 шо кхаьчча.
Цул сов, 2017- чу шарахь дуьйна федеральни пачхьалкхан берриге а гIуллакххошка массаьрга а граждански, я муниципальни службин уггаре а лахарчу стажаца боьзна беш болу лехам лакхабоккхуш бу. ХIора шарахь и стаж эхашарна тIекхета (2016-чу шарахь 15 шарна тIера) 2026-чу шарахь 20 шаре кхаччалц.
Берриге а хийцамаш хьесапе а оьцуш, пачхьалкхан гIуллакххошна страховой пенси 2019-чу шарахь хIоттадо церан 56 шо кхаьчча а (зударшна), 61 шо кхаьчча а (божаршна). Лерринчу стажана пенси хIоттадо пачхьалкхан службехь болх бина 16,5 шо стаж елахь.
– Социальни пенсеш муха хIиттор ду?
– Социальни пенси оьцуш болчу пенсионерех дукхах берш (98,5 процент) заьIапхой а, напха латто да-нана доцуш дисина бераш а ду. Социальни пенси оьцуш болу важа берш Къилбаседерчу кIезиг долчу халкъех болу гражданаш а, страхови пенси хIоттадайта бакъо йоцуш берш а бу.
Къанваларна хIоттош долчу социальни пенсин башхалла йоллу пенсина хIоттийначу юкъарчу хенал 5 шо тIаьхьа иза хIоттош хиларх. 2019-чу шарахь дуьйна гIуллакх дан буьйлалуш болу пенсионни системин хийцамаш ца хьакхало заьIапаллина а, напха латто стаг воцуш бисинчарна а хIоттош долчу пенсех.
Страхови пенси хIоттор дехар а санна, пачхьалкхан кхачояран пенсех дерг аьлча, заьIапалла бахьанехь къинхьегамна хьуьнаре хилар дайна болчаьргахь ерриге а бакъонаш юьсуш ю хене хьаьжна доцуш пенси хIоттадайта дехар дан. Цуьнца цхьаьна къанваларна социальни пенси хIоттадайта бакъо луш йолчу хене кхаьчча, керлачу законаца нийса а догIуш, иза 5 шарна лакхайоккху.
2028-чу шарна тIекхочуш къанваларна социальни пенси хIоттор ду божаршна 70 шо кхаьчча, ткъа зударшна – 65 шо.
– ХIун оьшу хенал хьалха пенсе вахарна?
– Йоккха стаж йолчу гражданашна лерина керланиг ду законодательствехь бинчу хийцамашкахь билгалдина. 37 шарал кIезиг йоцуш стаж йолчу зударийн а, 42 шарал кIезиг стаж йоцчу божарийн а хIинца хIоттийначу хенал ши шо хьалха пенсе баха йиш хир ю, бакъду, зударийн 55 шарал а, божарийн 60 шарал а хьалха доцуш. Кхоъ, диъ бер долчу зударшна а ло хенал хьалха пенсе баха бакъо.
Нагахь цуьнан кхо бер делахь, хийцамаш баран хьелаш хьесапе а оьцуш, пенсе яха хIоттийначу керлачу хенал кхо шо хьалха пенсе яха аьтто хир бу. Нагахь зудчун диъ бер делахь – хIоттийначу керлачу хенал 4 шо хьалха пенсе яха бакъо ло цунна. Оццу хенахь хенал хьалха пенсе бахархьама дукха бераш долчу зударийн 15 шеран страхови стаж хила езар ю.
Пенсе баха хан тIекхочуш болчу гражданийн а таро хуьлуьйту билгалйинчу хенал хьалха пенсе баха, нагахь уьш балха хIитталуш бацахь. Ишттачу меттигашкахь иза дан йиш хир ю керла хIоттийначу хенал ши шо хьалха. Цул сов, пенсе баха хан тIекхочуш болчу гражданашна 2019-чу шеран кхолламан (январь) беттан 1-чу дийнахь дуьйна 4 900 соьмана тIера 11 280 соьме кхаччалц алсамбаьккхина белхазаллина луш долчу ахчанан барам.
Оццул ахча даларна цхьа шо хIоттадо.
– Муха схьалур ду пенсийн IаIораш?
– Пенсионни законодательствехь юкъабалийначу а, гIуллакх дан буьйлабеллачу а хийцамаша хуьйцуш яц пенсийн IаIораш хIитторан а, дIадаларан а бакъенаш.
Хьалхалеррачу дозанашкахь юьсуш ю уьш схьаэца бакъо луш йолу пенсе воьду хан – зударшна 55 шо кхаьчча, божаршна 60 шо кхаьчча. Иза хьакхалуш ду пенсийн дерриге а IаIорех, барам алсамбаккхаран пенси, сиха а, цкъа а луш долу ахча юкъа а лоцуш.
Хьалха а санна пенсионни IаIораш дан бакъо ю уггаре а кIезигчу барамехь баллаш а, стаж а хилча: 2019-чу шарна билгалйинарг 16,2 балл а, 10 шо стаж а ю.
– Баркалла Мохьмад-Эми, пенсийн законодательствехь, Россин пенсионерийн дахарехь тIедогIучу шерашкахь хинболчу хийцамех лаьцна ма-дарра дийцарна.
Интервью зорбане кечйинарг – Д.ХАНУКАЕВА
№9, чиллин (февраль) беттан 5 де, 2019 шо