Иштта цIе йолу «горга стол» дIаяьхьира республикин Юкъараллин палатин председателан заместитела, могашаллаIалашъяран, экологин, гонахарчу Iаламан гIуллакхашкахула йолчу комиссин председатела Каримов Iалус.

«Горгачу стоьлан» дакъалацархошна юкъахь вара Соьлжа-ГIалин мэрин векал Тутуев Муса, Россин Iаламан тергояран урхаллин векал Арсаев Асвад, Правительствон Ветеринарин урхаллин векал Берсанова Хеди, Iаламан тIаьхьалонийн, гонахарчу Iаламан министерствон хьуьнан бахаман департаментан директор Тушаев Лоьма, Прокуроран коьрта гIоьнча Мациев Гелани, Санэпидемстанцин векал Ирисханов Ислам, иштта, юкъараллин организацийн векалш.
Республикерчу цIа доцучу дийнатийн хьал довзуьйтуш, гIаланашкахь царах, къаьсттина, дола деш доцучу жIаьлех, хуьлуш долчу а, хила тарлуш долчу а зенах лаьцна дийцира Каримов Iалус.
Нехаш гулъечу меттехь, базарийн а, туьканийн а, кафейн а майданашкахь уьш хьийзарх а, жIаьлеша бераш лазорах а, уьш жIаьлешца ловзуш, царна яла тарлуш йолчу цамгарех а, иштта, кхечунах а лаьцна дийцира цигахь.
«Горгачу стоьлехь» билгалдаьккхира керла юкъадаьккхинчу законаца, цIа доцу дийнаташ схьалеца а, тIеоьцийлехь уьш кхаба а ахча билгалдаккха мэрина бакъо елла хилар.
Мэрин векала Тутуев Мусас мэрехь и белхаш бан ахча дац элира.
«Горгачу стоьлан» дакъалацархоша, цу хьокъехь, республикин Парламенте кехат яздан сацам бира.
Р.ВАЧАЕВ
№9, чиллин (февраль) беттан 5 де, 2019 шо