Россин Федерацин Пенсионни фондо юкъаялийна «Страховани йинчун шен кабинет» аьлла йолу электронни сервис. Цу хьокъехь дийцира тхан корреспондентана еллачу интервьюхь Россин Федерацин Пенсионни Фондан Нохчийн Республикехь йолчу отделенин урхалхочо Ахмадов Мохьмад-Эмис.
– Iийсан Мохьмад-Эми, хIокху заманан билгало хилла дIахIуттуш лаьтта пачхьалкхан Iедалан органашна тIе а ца лелаш стага шен цаьрца долу гIуллакх чекхдаккхар. Дийцахьа, электронни кепехь цхьаьнагIуллакхашдарна хIун хьелаш кхоьллина Пенсионни системехь?
– «Страхови пенсийн хьокъехь» долчу 2013-чу шеран 28-чу декабрехьлерчу № 400-ф3 йолчу, «IаIоран пенсийн хьокъехь» долчу 2013-чу шеран 28-чу декабрехьлерчу «424-Ф3 йолчу, 20I5-чу шеран 1-чу январехь дуьйна гIуллакхдан дуьйладеллачу Федеральни законашкахь билгалъяьхна пенсионни бакъонаш кхочушъяран а, уьш кечъяран хьелийн а хьокъехь гражданашка хаамбаран керла хьелаш кечдина Россин Федерацин Пенсионни Фондо (ПФР). Бахархошка хаамаш бар дIахьо «Страховани йинчун шен кабинет» электронни сервисан гIоьнца карахь йолчу хенан рожехь. И хьал кхочушдеш, яр тIехь долу пенсионни страховани яран системехь страховани йинчун, цунна страховани йина хилар ПФР-н базехь цуьнан индивидуальни лицевой счет схьаеллар тIечIагIдина делахь, цуьнан страхови тоьшалла хилахь, цу тIехь СНИЛС (индивидуальни лицевой счетан страхови номер) йолуш, таро ю Пенсионни Фонде а ца лелаш, шена пайден болу хаамаш бовза.
– Сервис мичахь каро йиш ю, шех пайдаоьцучунна хIун пайда хир бу цунах?
– «Страховани йинчун шен кабинет» ПФР-н официальни сайтехь ю. ХIара ю и сайт – www. pfrf.ru. идентификацин а аутентификацин а цхьааллин системехь (ЕСИЛ) я пачхьалкхан хьаштийн сайтехь регистраци йиначеран массеран а аьтто хир бу цу тIе кхача.
Сервисо хаам бо ПФР-хь цуьнан индивидуальни счета тIехь хьесапе эцначу пенсионни балламийн бараман а, стажан йохаллин а хьокъехь. Цул сов сервисо таро ло 2015-чу шарахь вахархочунна пенсионни маса балл яла тарло хаа. Иза хаархьама хьокъала доллучу корехь шен къинхьегамах НДФЛ дIаяккхале хила тарлучу пайданах лаьцна хаам бар кхачаме хир ду.
Цуьнца цхьаьна, сервисан гIоьнца хаа йиш ю шен къинхьегаман некъан муьрех, болх бинчу меттигех, болх луш волчо ПФР-е дIаяхьийтинчу страхови взносех дерг. Шен кабинето кхочушдо гражданинан индивидуальни лицевой счетан хьолан хьокъехь болу хаам вовшахтохаран а, зорбатохаран а декхарш («ирсан кехат»). Иштта, сервисо таро лур ю пенси IаIоран хьокъехь болу хаам бовза, цу юкъахь пачхьалкхан софинансированин а, пачхьалкхан софинансированин харжийн Программин гурашкахь шен лаамехь взносаш яран хьокъехь болу хаам бовза.
Страховани Йинчун кабинетехула дехар дахьийта мегар ду Россин Пенсионни фонде а, цуьнан урхаллашка а, отделенешка а, ша тIеэцийта дIаязвала а, цхьамогIа документаш схьадеха а мегар ду. «Страховани йинчун шен кабинета» чохь цунах пайдаоьцучарна карор ю иштта пенсионни калькулятор. Иза тоеш-карла а яьккхина, цунах персональни йина. Керлачу кепара йолчу цо хIинцале а хьесапе оьцу пенсионни баллашкахь йолу пенсионни бакъонаш а, стаж а. Цуьнан коьрта декхар ду пенсионни бакъонаш вовшахтохаран а, страхови пенсина расчет яран а къепенах кхетор, ткъа иштта страхови пенсин барамна белхан алапин барамо, стаж йоккха хиларо, пенсица кхачояран кеп харжаро, эскаре а кхайкхина, цигахь гIуллакхдаро, беранна Iуналла даран отпуско, кхечо беш болу Iаткъам гайтар.
Пенсионни калькулятор шина блоках лаьтташ ю. Хьалхарниг гражданинна хIиттийна пенсионни баллаш а, къинхегаман стаж а чохь ерг ю. Калькуляторх пайдаоьцуш волчу гражданина хьалхарчу блока чохь болчарна тIетоха аьтто бу кхайкхарца эскарехь гIуллакх даран а, берана я заьIапхочунна Iуналла деш отпускехь Iеран а муьран хьокъехь болу хаамаш. Нагахь санна иштта муьраш цуьнан дахарехь хиллехь, тIаккха цуьнан пенсионни баллийн барам а, стаж а тIекхетар ю.
ШолгIа блок шен хиндолчунна моделировани ярна лерина ю. Цунах пайдаоьцуш волчо билгалдаккха деза ша маса шарахь болх бан, эскарехь гIуллакхдан я берана Iуналла деш отпускехь Iан лерина ву, «2015-чу шеран мехкашкахь» билгалдаккха деза НДФЛ дIаяккхале хьалха хила тарлуш долу белхан алапа. Юха «расчитать» (кнопка) нуьйда тIетаIо еза. Калькуляторо страховой пенсин барам лорур бу вовшахтоьхначу пенсионни бакъонашна а, «2015-чу шеран мехашкахь» «дагалаьцна» хиндерг а, нагахь санна пенсионни баллийн барам а, стаж а пенсионни страхованина бакъо хила тоьаш хилахь.
– Муха пайдаэца беза сервисах?
– «Страховани йинчун шен кабинета» чу кхачалур вац пачхьалкхо хьашташ кхочушдаран порталехь хьесапе эцна верг бен. Хьесапе эцна хилар тIечIагIдеш дIахьедина а хила деза. Нагахь санна пачхьалкхо хьашташ кхочушдаран сайтехь хIинца хьо хьесапе эцна вацахь, аьтто бу Пенсионни фондан агIонна тIера пачхьалкхо хьашташ кхочушдаран сайта тIе дехьавала, ЕСИА-хь регистраци ярх чекх а ваьлла. Пачхьалкхо хьашташ кхочушдаран порталехь хьесапе эцначу пайдаэцархойн (куьг яздар активированни долчеран) таро ю «Вход» ссылкица «Шен кабинта чу кхача». «Страховани йинчун шен кабинета» чу кхачало мобильни телефонан, СНИЛС-н я электронни почтин номерца. Логин а, пароль а юкъаялийча схьаеллало «Страховани йинчун шен кабинетан» агIо. Регистраци яр вуно атта ду www.qosusluqi. ru сайтехь. Экранан аьрру агIор лекхачу сонехь «регистраци» нуьйда тIетаIае. Фамили, цIе, мобильни телефонан номер я электронни почтин адрес дIаязде. ТIечIагIде мобильни телефонан номер (я электронни почтин адрес) нийса хилар. Телефонехула хьесапе оьцуш (регистраци еш) билгалйинчу номерна СМС йогIур ю – тIечIагIдаран хаамца код. Иза хьокъала доллучу коре дIахьажор ю, иза тIечIагIйийр ю. Системи юкъа вахарна оьшу пароль хIоттор ю. Паролехь элпаш (деккъа латинин), терахьаш, пунктуацин хьаьркаш хила еза – ерриге а 8-нал кIезиг йоцуш символ.
– Кхочушдеш долу хьашташ дикка алсам ду. Сервисана модернизаци яр билгалдеш дуй?
– ХIаъ. Ду. 2015-чу шарахь билгалдеш ду пенсеш хIитторан, пенсеш дIакхачоран, ноналлин капиталан ахча схьаэцаран, цунах гIуллакхдаран хьокъехь долу (заявлени) дехарш чудаларан таронех пайдаэцар. Иштта, хаа йиш хир ю хIоттийначу пенсин а, социальни такхарийн а хьокъехь дерг.
– Сервис кечйинчара хIун Iалашо йолуш юкъаяьккхина иза?
– Пенсионни фондан коьрта декхар ду бахархойн хьашташ кхочушдаран дикалла лакхаяккхар, царна бегIийла хьелаш кхоллар. «Страховани йинчун шен кабинет» электронни сервис юкъаялоро цунах пайдаоьцуш болчарна таро лур ю хенах кхоам бан, шайн харжаш кхоон. ДIасалелаш къахьега а дезар дац церан. РогIехь латта а дезар дац. ХIунда аьлча, сервисехь гайтуш, довзуьйтуш долчу гIуллакхашца доьзна Пенсионни фонде лела дезар дац церан.
– Мохьмад-Эми, баккъал а пенсионерийн дуьхьа юкъадалош керланиг ду иза. Баркалла хьуна цунах лаьцна дийцарна, кхеташ доцчух кхеторна. «Страховани йинчун шен кабинетах» вайн республикехь шуьйрра пайдаоьцург хиларх тешна хир ду-кх вай.
Интервью дIаяьхьнарг – С.ХАСАНОВ