Алиев ГIапур дагалацаран суьйре

ГIараваьлла вевзаш волу поэт Алиев ГIапур дуьнен чу ваьлла 70 кхачарна лерина дагалецамийн суьйре хилира А.Айдамировн цIарахчу республикин къоман библиотекехь.

Суьйре дIахьош вара нохчийн халкъан яздархо Ахмадов Муса.

ГIапур вевзаш хилла нах, цуьнан поэзи дукхаезаш болу ешархой, гергара нах, республикин дешаран а, кхоллараллин а интеллигенцин векалш бара суьйренехь.

Царна юкъахь вара Нохчийн Республикин Яздархойн союзан председателан заместитель Мамакаев Эду-Хьаьжа, оццу союзан редактор Ирисханов Iимран, Нохчийн Республикин халкъан яздархо Кусаев Iадиз, Нохчийн Республикин халкъан артист Джамаев Iимран, республикин хьакъболу журналисташ Караев Руслан, Барзанукаева Айза, Муртазалиева Асет, литературин критик Бурчаев Хьалим, поэтан доттагI, юьртахо Турпалханов Ваха, иштта кхиберш.

Ахмадов Мусас билгалдаьккхира Алиев ГIапур дика ешархо хилла ца Iаш, ша ешначу говзаран мах хадо хууш а хилла хилар. Кхолламан (январь) беттан 2-чу дийнахь 70 шо кхаьчна ГIапур дуьнен чу веана (кхалхар 2011-чу шарахь хилла).

Нохчийн халкъана дуьххьара шен озаца вевзира иза. Нохчийчохь тIом болчу хенахь ларми чохь Iаш язйира цо шен дуьххьарлера байташ. Нохчийн халкъана тIебеанчу балех, къонахех, турпалхойх, Даймахках дара цо ша дечиг-пондарца дIааьлла иллеш.

Э-Хь.Мамакаевс элира: «ГIапур дIаваьллачул тIаьхьа вовза волавелира суна. Иза новкъа а ду. Цкъа Лаха-Невре вай долчу музей веара иза. Iаьрбин хиллачу цIа чохь кехатан, дечиган шира пондарш, пианино, мандалинан биста кхаччалц болу музыкин гIирсаш гича, чIогIа цецваьллера иза. Уьш цунна берриге а говза лакха хууш хиллий хиъча кхин а чIогIа цецваьллера. Дечиг-пондар гича, хьажа мегар дарий ша аьлла, иза схьаэцна, пIелг тесира мерзех. Церан аьзнаш тодина цхьа аьхна, маьIна кIорга долу илли дIаэлира».

Кусаев Iадиза дагалецира поэтаца шен хилла гергарло: «ГIапур шен дешан да вара. Вайн махкахь лаьттинчу тIемаша гучудаьккхира цуьнан синан кIоргенехь долу похIма. Иза поэзин говзанча вара. «Письма в никуда» а, «Хаьржинарш» а, ши гулар, зорбане яьлла цуьнан. «Вайнах» журналан хIора номерехь хуьлура цуьнан байташ. Наха цаьрга са а туьйсура, езара, евзара. Нохчийн литературехь сонетан жанрехь ГIапуран йоцурш язйина байташ яц. Бакъду, Сулаев Мохьмадан хилла масех байт. Дахар чолхе хилла ГIапуран. Халахеташ, дагахьбаллам бисинарг – радион фондехь цхьа а илли дац ГIапуран. Уьш сайга схьаделча, фонотеке дIакхачор дара ас».

Къаьсттина мехала дара, ГIапур дика вевзаш хиллачу наха, цунах лаьцна ала хьакъдолу дош хаза аьтто хилар.

Иштта, литературин критика Бурчаев Хьалима элира шен накъостах дош: «ГIапураца 8 шарахь цхьана чохь болх бина ву со. Тхан доьзалан веза хьаша вара иза. Шуна санна, суна а вевзира иза шен озаца – иллешкахула. «Вайнах» журналехь гира суна иза дуьххьара. «ГIапур вевзий хьуна?», – хаьттира ас. «Дера вевза-кх шен цIоканца-м!», – жоп делира цо. «Ган лууш вар-кх со иза», – олу ас. «Ас схьавалор ву-кх хьуна иза!», – элира цо. Иштта забар евзаш стаг а вара иза. Нохчийн пачхьалкхан театран режиссер хиллачу Гузуев Хьусайнаца гергарло дара цуьнан. Иза тIеман хенахь вийча язйина ю цо дIаолушшехь нохчийн халкъан дагах кхетта йолу «Елхалахь, езар» иллин байт. Дагахьбаллам бу цуьнан дукха иллеш цуьнца дIадахар. Мусаев Iалавдис, Москва дIавигна, могашалла меттахIоттош харжаш йира цунна, амма юха воьду хан тIекхаьчча, Iалавдис телефон йиттича а, ца вахара иза: «Муха вужур ву цуьнан яьIни тIе юха а?», – аьлла. Талхадов Хьамзата йохье ваьккхина, шен байтийн гулар вовшахтоха вуьйлира иза. И болх ГIапуран весет кхочушдеш санна чекхбаккхар сайна тIелецира ас. Дала гечдойла цунна».

Хууш ма-хиллара, ГIапур нохчийн къоман Х.Нурадиловн цIарахчу театрехь болх бина вара. Халкъан артиста Джамаев Iимрана, хаза дош олуш, дагалецира илланча: «Театре балха цхьа доккха адам деара. Театран декорацеш дIасахьош вара иза. Мел еза хIума а ша цхьамма, ойбий, дIахьора цо. Иза дог цIена стаг вара, тIаьхьашха луьйр волуш а вацара. Цуьнан дог-дикалла евзачу кегийрхоша хьийзавора иза. Цкъа иштта, беза мохь айбина вогIучу цуьнга, «Мас сахьт даьлла, ГIапур?», – аьлла, хаьттича, и мохь цIенкъа охьабиллина, хан элира цо. Юха оцу юкъа 5 минот а ялале, кхечо хаьттича а, иштта, цхьа тамашийна собаре, мохь охьахIоттийна юха а хан элира цо. ГIапуран пьеса ю «Да велла доьзал». ТIом болчу хенахь цхьана доьзало лелийнарг дуьйцуш ю иза. И саннарг нохчийн хIора юьртахь хилла, хила тарлуш долу бакъдерг дара. Ас даима а олуш ду, оцу пьесин буха тIехь театрехь спектакль хIоттаяйтича дика хир дара. Цкъачунна, университетан актеран факультетан студенташца бен иза хIоттийна яц. Амма, цкъа а йовр йоцу мехалла ю цуьнан пьесехь».

ГIапуран уггаре а хьоме, уллера доттагI а, цуьнан юьртахо а волчу Турпалханов Вахас дийцира поэтах лаьцна дуккха а диканиг: «ГIапур тайп-тайпанчу хьелашкахь вевзина суна. ЧIагIо ян йиш ю, ВаллахIи, вара иза сан дахарехь уггаре а оьзда стаг. И санна оьзда стаг нохчашна юкъахь хьовха, дуьненахь а наггахь бен хуьлуш вац. Шен долахь 1 метр меттиг йолуш ваьхна а вацара иза. Нехан чохь вехаш а, нехан чохь дIавалар а хилла цуьнан. Амма, цхьаъ санна, комаьрша, къинхетаме стаг а вара иза. Шен заьIап йоI кхечо ша санна дог лозуш кхобур яц аьлла, зуда а ца ялийра цо. Тускар дина, оцу чохь, шеца балха лелайора цо йоI, улле хударан шишанаш а дохкий».

Суьйре ерзош, дош элира библиотекин директора Исраилова Сацитас.

ГIапур суна вевзара, цуьнан мах а хаьара. Со Соьлжа-ГIалин библиотекехь балхахь йолчу хенахь, ГIапуран 60 шо кхачар билгалдоккхуш кхоллараллин суьйре вовшахтуьйхира оха 2009-чу шарахь. Библиотека, ког билла меттиг йоцуш, дIаюьзнера. Эхь хеташ вара иза, Делах, нахах. Оцу дийнахь а ийзалуш вара шен байташ еша. «Ас цул а иллеш дIаалий?», – аьлла, адамийн дегнаш делхош, ойланаш самайохуш, цхьа хазачу мукъамехь, дечиг-пондарца иллеш элира цо. Цкъа а дицлур дац и де. Ткъа сонеташ ас айса дIайийшира. ГIапур шен халкъаца вара. Цуьнан лазамца, ирсаца. Нах шен дашах, иллех баккхийбеш гича воьхнера иза. «Ца динехь а мегар ма дара хIара гIуллакх», – элира цо. «Со дийна мел ю билгалдоккхур ду-кх ас, ГIапур, хьан юбилейн денош», – элира ас цуьнга. Дала гечдойла цунна!, – элира Сацитас.

Суьйре дIахьочу зала чохь дIатоьхначу баннерна тIера ГIапуран сурт Сацитас даьккхина дара.

Цигахь, иштта, къамелаш дира поэташа Эльжуркаев Мохьмада, Виситаева Туманис, Банжаев Аьрзус.

Суьйре ерзош, массарна а баркалла элира Исраилова Сацитас а, ГIапуран йоIа Фатимас а.

З.ЭЛЬДЕРХАНОВА
Суьрташ тIехь: ГI.Алиев дагалацаран суьйренан мIаьргонаш

№9, чиллин (февраль) беттан 5 де, 2019 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: