Вина 1932-чу шеран оханан (апрель) беттан 4-чу дийнахь НГIАССР-н Соьлжа-ГIалахь. Езачу атлетикехула уггаре а езачу йозаллин категорехь Казахстанан уьттазза чемпион, Юккъерчу Азин чемпион. XX-чу бIешеран 50-чу шерашкахь вайнахана юкъахь хьалхарчарех СССР-н спортан мастер. В.Эсембаевн да Мухтар адвокатан болх беш вара.

1943-чу шарахь НКВД-н белхахоша, лаьцна дIавигна, ницкъ бинчул тIаьхьа, пхеа шарна набахте вахийтира иза. Нана Мерзоева Меслах Нохч-ГIалгIайн АССР-н Госздраван хьаькам яра.
1944-чу шарахь чиллин (февраль) баттахь махках баьккхича, ЭсембаевгIеран доьзал Казахстанан Джамбулан областерчу Чулак-Тау (хIинца – Каратау гIала) поселкехь нисбелира.
Ваха лекхачу дегIахь, ондда, могаш, ницкъ болуш вара. 13 шо долуш вара иза дечкан-пхьеран говзалла кара а ерзийна, баккхийчаьрца цхьаьна уггаре а халачу меттигашкахь болх бан волалуш. Цул тIаьхьа варзапхочун болх а бира.
Балхара ваьллачул тIаьхьа В.Эсембаев доттагIашца цхьаьна ешархойн зале воьдура. «Огонек» журнала тIехь СССР-н езачу атлетикехула чемпионах, дуьненан рекордсменах Дуганов Юрийх лаьцна статья ешначул тIаьхьа оцу спорта юкъавахара Ваха. 15 шо долуш, ша штанга а йина, тренировкаш ян волавелира.
Сийлахь-боккха Даймехкан тIом дIабаьллачул тIаьхьа сийлахь лоруш дара ницкъ болуш, майра хилар а, спортехь а, къинхьегамехь а кхиамаш бахар а.
1949-чу шарахь, балхара мукъаваьлча, езачу атлетикехула секци лела волало. Цуьнан тренер А.Д.Кошкин вара. Дуьххьара техника а, тактика а караерзош къахьоьгура цушимма. Жимачу стагана сиха Iемира езачу атлетикин техника. Цкъа хьалха кIоштахь, юха гIалахь, областехь, республикехь толамаш бехира цо.
Кегийчу наха сий деш вара В.Эсембаев. Казахстанан пачхьенал Алма-Атал арахьа а евзаш яра цуьнан цIе. «Спецпере селенец» велахь а, В.Эсембаевн, вевзаш волу спортсмен хилар бахьана долуш, аьтто хуьлура поселкера аравала. Къийсадаларш хила дезачу хенахь Казахстанан ССР-н чоьхьарчу гIуллакхийн министра, инарла Николаевс телеграмма йохьуьйтура Чулак-Таун спецкомендатуре – «Срочно командировать Эсембаева» – олий.
Оцу хенахь Казахстанан ССР-н цхьа а чемпионат а дIа ца йоьдура В.Эсембаевс дакъа ца лоцуш а, хьалхара меттиг ца йоккхуш а. ХIоразза а республикин керла рекордаш хIиттайора цо. Амма, цуьнан «статус» бахьана долуш, уьш дIаязъеш яцара. В.Эсембаевна а, цуьнан доттагIчунна У.Ахтаевна а даима халонаш нислора къийсадаларшка воьдуш. Иштта, цкъа Мельбурнехь 1956-чу шарахь хила дезачу Олимпийски ловзаршна кечам бан Москва воьдучу хенахь и шиъ цIерпошта тIера охьаваьккхинера.
1951-чу шарахь дуьйна 1960-гIа шо кхаччалц Казахстанехь а, Юккъерчу Азехь а Эсембаевца нийсса йозалла ойуш цхьа а вацара.
1954-чу шарахь Казахстанан а, Юккъерчу Азин а чемпион хилира В.Эсембаевх.
1956-чу шарахь Алма-Атан чемпионатан толамхо хилира (жим – 155 кг, рывок – 130 кг, толчок – 165 кг). Цу тайппана СССР-н спортан мастеран норматив а кхочушйира В.Эсембаевс. Тахана Нохчийн Республикехь санна, хьалха Нохч-ГIалгIайн АССР-хь а, спортан дахарехь мехала меттиг дIалоцуш яра еза атлетика.
Оцу спортехь къахьоьгучарах 24 спортсмена СССР-н спортан мастеран а, Россин дуьненаюкъарчу классан норматив а кхочушйина. Царах шинна Арсамаков Исраилна а, Самадов ИбрахIимна (Олимпийски ловзарийн совгIатхо) а «СССР-н хьакъволу спортан мастеран» цIе елла.
В.Эсембаевс 40–50-чуй шерашкахь гIарабевлла хиллачу спортсменашна тIехь толамаш баьхна ца Iаш, адамийн аьттонийн дозанаш шордира. Пачхьалкхан чемпионаташкахь, дуьненаюкъарчу къийсадаларшкахь дакъалаца аьтто бацара цуьнан, нохчи хилар бахьана долуш. Амма республикехь меттигерчу спортан хьаькамаша, республикин бакъонашларъяран органашца бертахь (цкъацкъа – законна дуьхьал) «королю помоста» (хIетахь иштта йоккхура цуьнан цIе), Казахстанан штангистийн капитанна В.Эсембаевна командировкаш лора.
В.Эсембаев а, У.Ахтаев а кегийрхошна юкъахь сий-ларам болуш хиларна тоьшалла ду Р.Нашхоевс царах лаьцна яздинарг.
«Тхо 1956-чу шарахь Алма-Атахь девзира. Цхьана дийнахь пачхьенерчу универмаган неI схьа а йиллина, охьахьаьжча, ахметр хир болуш ког гина, Iадийна латта висира со. Секондашкахь ойла хилира, гимнастикехула сайн хиллачу тренировкашкахь коьртана галваьлла техьа, аьлла, амма со лакха хьалахьаьжча, кхин а чIогIа цецвелира – суна хьалха лаьтташ вара Iаламат лекха дегI долуш цхьаъ а, цунна юххехь юккъерчу дегIахь волуш, безаме жима стаг а. Меттавеача суна вевзира и шиъ, салам луш, маршалла хаьттира. Нохчийн а, гIалгIайн а кегийрхойн хилла ца Iаш, Казахстанан а, Юккъерчу Азин а кегийрхойн кумираш бара уьш – оцу хенахь уггаре а лекха стаг (2 метр 39 см), баскетболехула пачхьалкхан вовшахтоьхначу командин декъашхо Ахтаев Увайс, езачу атлетикехула пачхьалкхан вовшахтоьхначу командин декъашхо Эсембаев Ваха (Володя олура цунах, ткъа Увайсах – Вася). Оцу гIараваьллачу шина нохчичун 23–24 шераш дара. ДIасакъаьсташ цара со езачу атлетикехула Вахас дакъалоцучу республикин къийсадаларшка кхайкхира».
1961-чу шарахь Казахстанера Даймахка цIабирзира В.Эсембаевн доьзал. Тайп-тайпана белхаш беш къахьийгира Вахас Соьлжа-ГIалахь, масала, – республикин Спортан комитетан председателан заместителан, «Урожай» ДСО-н республикин советан председателан, Соьлжа-ГIалин мехкадаьттан институтехь хьехархочун, езачу атлетикехула лакхарчу тренеран. В.Эсембаевс Казахстанан физкультурин институтехь дешаро а, зеделлачо а дика тIеIаткъам бира республикин спорт а, тайп-тайпанчу спортан кепашкахь гIарабевлла спортсменаш а кхиорна.
Вайн къомана чолхе еанчу дIадохийначу халачу хенахь, спортехь Эсембаев Вахас дина гIуллакх деза ду вайна. ХIетахь еза атлетика хIетта юкъайолуш яра. Вайн кIезиг бара оцу тайпана спортсменаш. Хьалхарчарех хила даима а ду хала, лакхарчу жоьпаллин гIуллакх ду иза. Нохчийн а, казахийн а езачу атлетикин исторехь В.Эсембаевн цIе дашочу элпашца кхелина дIаязйина…
Ша гулбина берриге а бахам Нохчийчохь хьалхарчу тIамехь баьгначул тIаьхьа Москва дIавахара В.Эсембаев. Цигахь а тренеран болх ца битира цо. Махкахошца йолу зIе ца хадош, даима а сагатдеш хуьлура вайн спортсменашна, церан кхиамех воккха а вера.
Кхелхина 2014-чу шеран мангалан (июль) беттан 6-чу дийнахь Москвахь.
Л.ИБРАГИМОВА
№9, чиллин (февраль) беттан 5 де, 2019 шо