ХIокху деношкахь, белхан гIуллакхца, республикехь хилира луларчу Дагестанера делегаци.

Соьлжа-ГIалахь, республикин Парламентан комплексехь, шайн коьртехь Дагестанан Халкъан гуламан спикер Шихсаидов Хизри волу делегаци тIеийцира Нохчийчоьнан коьртачу законашдахархочо Даудов Мохьмада.
Цигахь Даудов Мохьмада а, Шихсаидов Хизрис а дийцаре дира Нохчийчоьнна а, Дагестанна а юкъара Шелковски кIоштара доза къасторан гIуллакх а, и хаамаш юха ДIасацабахьалучу бахаман цхьааллин реестрана (ЕГРН) чу бахаран болх а.
Дийцаре динарг цхьана кIоштан доза бен ца хиллехь а, цхьаьнакхетарехь дакъалоцуш Нохчийчоьнан Шелковски а, Гуьмсан а, Нажи-Юьртан а, Веданан а, Шаройн а кIоштийн, Дагестанан Бабиюьртан а, Цумадан а, Казбекан а, Новолакан а кIоштийн префекташ а, Пачхьалкхан регистрацин, кадастран, картографин федеральни службин шина а республикерчу Урхаллийн куьйгалхой а бара.
Цхьаьнакхетаран чаккхенехь Нохчийчоьнан Парламенто а, Дагестанан Халкъан гуламо а цхьаьна болхбаран хьокъехь болу барт тIеийцира.
Цуьнца нийса а догIуш, шина а республикин депутаташ лерина бу конференцеш, семинараш, цхьаьнакхетарш дIадахьа а, федеральни тIегIанерчу законодательствоца болх барехь, вовшех дагабовла а.
Цул тIаьхьа Дагестанерчу делегацица цхьаьнакхийтира республикин Куьйгалхо Кадыров Рамзан.
Ша хьаша а, воккха а хиларе терра, къамел дIадолийначу Шихсаидов Хизрис Дагестанан халкъера а, куьйгаллера а доккха салам-маршалла делира Кадыров Рамзане а, нохчийн халкъе а.
Цул тIаьхьа, шаьш арадаьккхина гIуллакх дуьйцуш, цо элира: «Лулахой Дала луш бу вайна. Дагестанна доккха беркат даьлла нохчийн халкъаца лулахь Iаш хиларх, вайн дай даима а бертахь баьхна, халонаш а, баланаш а цхьаьна лайна, тIемаш цхьаьна бина. Вовшашца къийса хIума дац вайн, къаьсттина – дозанашца».
Хьешан къамел тайначу Кадыров Рамзана а билгалдаьккхира шина республикин къийса хIумма а цахилар.
«Нохчийчоьнна а, Дагестанна а юкъахь вежараллин зIенаш а, юкъаметтигаш а ю. Вайна юкъа цхьаьнга а питана тосуьйтур дац вай. Муьлхха а хаттар а, муьлхха а гIуллакх, арарчу нахе а ца кхийдош, вай лулахой а, вайна юкъахь вежараллин уьйраш хилар а тидаме а оьцуш, вайн дайша санна берттахь а, вовшех дагадовлуш а кхочушдийр ду вай», – элира цо.
Циггахь билгалделира Нохчийчоьнна а, Дагестанна а юкъара доза къасторан а, цуьнца боьзна хаамаш ДIасацабахьалучу бахаман цхьааллин реестрана чу бахаран а гIуллакх дIатеттарна я Кадыров Рамзан а, я Дагестанан куьйгалхо Васильев Владимир а реза цахилар.
Цундела, шина куьйгалхочун лаам кхочушбаран Iалашонца сацам хилла – Нохчийчоьнна а, Дагестанна а юкъара доза къасторан гIуллакх карарчу шарахь чекхдаккха.
И.ХАСАХАНОВ
№10, чиллин (февраль) беттан 8 де, 2019 шо