Республикехь боккха тидам тIебохуьйту онкологин цамгаршна дарба дарна. Схьа а йиллина, кхиамца болх беш ю Россехь а уггаре а тоьллачарах йолу онкологин диспансер. Цунна кхачойина дарба даран а, диагностикин а кхузаманан тоьллачу техникица. Цу хьокъехь хаам бина Нохчийн Республикин Куьйгалхочо Кадыров Рамзана «ВКонтактерчу» шен агIонехь.
«Онкодиспансерехь болх беш бу лаккхара корматаллаш йолу лоьраш, цара шайн говзаллаш лакхайохуш, дешна Россерчу а, дозанал арахьарчу а медицинин тоьллачу учрежденешкахь а, туьшашкахь а. Вай долчу богIу цIеяххана болу говзанчаш, шайна зеделларг довзийта а, вайн лоьрашна Iеминчух пайдаэца а. Нохчийн онкологаша ракаца къийсам дIабахьарехь кхиамаш баьхна хиларна тоьшалла ду и цамгарш ерш лахбелла хилар а, мехкан тайп-тайпанчу регионашкара дарба лоьхуш берш Нохчийчу бахкар алсамдаьлла хилар а», – элира Нохчийчоьнан Куьйгалхочо.
Цо билгалдаьккхира нохчийн онкологаша цамгар хьалххе гучуяккхар а, иза цахилийтарехьа болх бар а коьрта лоруш хилар.
«Оцу Iалашонца дIахьо республикин бахархошна диспансеризаци яр. Республикехь МогашаллаIалашъяран шо дIадахьаран гурашкахь билгалдеш ду тайп-тайпанчу цамгаршца, цу юкъахь онкологица а къийсам дIабахьаран леррина йолу медицинин керла туьшаш схьаеллар», – яздина Р.Кадыровс.
Нохчийчоьнан Куьйгалхочунна хетарехь, муьлххачу а цамгарна тIехь толам баккхаран коьрта биллам (условие) бу могашалла ларъяр, спортаца, физкультурица юххера зIе латтор.
Цо баркалла элира республикин МогашаллаIалашъяран министрана Сулейманов Эльханна а, онкодиспансеран берриге а белхахошна а.
Республикерчу онкологин диспансерехь хIора шарахь, юккъерчу хьесапехь, 2 эзар сов операци йо. Онкологин диспансерна юкъайогIу поликлиника а, дийнан стационар а, химиотерапин шиъ, хирургин кхоъ, радиологин цхьаъ отделени. Диспансерехь хьесапе эцна ву 15 эзар сов стаг.
Нохчийчохь алсамдолуш ду онкологин цамгар юьххьехь гучуяккхар. Нагахь санна 2015-чу шарахь иза 40 процент хиллехь, 2016-чу шарахь 46 процент дара, ткъа 2017-чу шарахь – 50 процентан алсам.
Россин МогашаллаIалашъяран радиологин НМИЦ-н коьртачу директоран, Россин коьртачу онкологан Каприн Андрейн дехарца, Соьлжа-ГIаларчу Республикин онкологин диспансерах онкологин регионашна юкъара туш ян ойла ю.
Цу тайппана дехар дина Нохчийн Республикин Куьйгалхочуьнга Кадыров Рамзане Россин МогашаллаIалашъяран министерствон радиологин НМИЦ-н коьртачу директора, Россин коьртачу онколога Каприн Андрейс.
«Диспансер ерриге а округан – масех регионан – ян еза вай, хIунда аьлча, округехь онкологин йоккха туш цахилар гуш ду вайна. Цунах диспансер ала ца деза, ткъа онкологин регионашна юкъара туш ала деза. Къилбаседа Кавказан дуккха а регионашкахь хуьлу со, суна хаьа царна и цIе чIогIа товш хилар», – элира А.Каприна.
Д.АНАДЕВ
№10, чиллин (февраль) беттан 8 де, 2019 шо