Стомара СоьлжаГIаларчу Исламан медицинин туьшан 10 шо кхачарна леринчу даздарехь дакъалоцуш хилира республикин Куьйгалхо Кадыров Рамзан, Куьйгалхочун а, Правительствон а Администрацин куьйгалхо Израйилов IабдулкъахIир, Бусалбанийн динан урхаллин председатель Межиев Салахь-Хьаьжа, кхиберш.

Р.Кадыровс билгалдаккхарехь, Соьлжа-ГIалахь Исламан медицинин туш схьаеллар нийса бина сацам бара.
«Бусалба динца дарба дан дезачу нахана гIо дийр долу учреждени схьаелла дуьххьара сацам хилча, иза оьший-те аьлла, шеконаш ерш дуккха а бара. Амма, шеконаш мел хиллачарна а, массарна а хан-замано гайтина Исламан туш, тайптайпанчу цамгаршна дарба деш говзанчаш а болуш, ша саннарг кхин йоцу учреждени хилар. Туш схьайилличахьана 400 эзар стага цуьнан хьаштех пайдаэцар тидаме эцча а го учреждени оьшуш хилар. Цул сов, луларчу регионашкара а, дозанал арахьарчу мехкашкара а 50 эзар сов стаг веана кхузарчу говзанчашка дарба дайта», – элира цо.
Республикин Куьйгалхочо баркалла элира Нохчийн Республикин могашаллаIалашъяран министран заместительна, Исламан медицинин туьшан директорна Сельмурзаев Даудана туьшан болх дика вовшахтохарна. Клиникин белхахой юбилейца декъалбира Р.Кадыровс.
«Нохчийн Республикин дуьхьа хьуьнарш гайтарна» мидалшца а, «Къинхьегамехь билгалваларна» Сийлаллин билгалонашца а, иштта, Нохчийн Республикин Куьйгалхочун Сийлаллин грамоташца а, Баркаллин кехаташца а совгIаташ дира цхьамоггIа говзанчашна.
Нохчийн Республикин хьалхарчу Президентан, Россин Турпалхочун Кадыров Ахьмад-Хьаьжин цIарахчу Регионан юкъараллин фондан директоран Кадырова Айманин тIедилларца ахчанца совгIаташ а дира Исламан туьшан берриге а белхахошна.
Билгалдаккхар: Исламан медицинин туш Соьлжа-ГIалахь схьайиллина 2009-чу шеран чиллин (февраль) беттан 1-чу дийнахь. ХIетахь дуьйна учрежденехь Iама а Iемина, «Iеламстаг-дарбанхо» говзалла караерзоран хьокъехь тоьшалла схьаэцнарг 107 стаг ву. ЦIий даккхаран декъехь экзаменаш а елла, сертификаташ схьаэцна хьалха Нохчийчоьнан доьзанал арахьа дешначу 550 говзанчас.
А.СУЛИМАНОВА
№10, чиллин (февраль) беттан 8 де, 2019 шо