Хууш ма-хиллара, 2 кIира хьалха, Дагестанан дозанца йолчу нохчийн кIоштийн префекташца ша дIадаьхьначу цхьаьнакхетарехь республикин Куьйгалхочо Кадыров Рамзана церан тидам тIебахийтира тесна а, дола деш а доцучу латтанашна. И къамел Шелковски а, Гуьмсан а, Нажи-Юьртан а, Веданан а, Шаройн а кIоштийн куьйгалхошна лерина дара. Делахь а, цунна тидам ца беш цхьа а префект ца висира.

Оцу гIуллакхна лерина цхьаьнакхетар дIадаьхьира Девкар-Эвлахь – Грозненски кIоштан администрацехь.
Латтанаш а, ферманаш а лелочу бахархошца дуьххьалдIа къамел дина ца Iаш, цаьрца дагаваларан а Iалашонца веанера кIоштан куьйгалхо Хасиев Бекхан.
Лелош я дола деш доцу латтанаш кхидIа иштта дита йиш а, бакъо а цахиларан хьокъехь хьаькаман а, фермерийн а барт хилира.
«Вайн кIоштахь тесна латтанаш хилийта йиш яц вайн. Иза законаца а, вайн къоман ламасташца а догIуш хIума дац. Цундела, вайн массеран а хилла цхьа сацам бу – нагахь санна, цхьаьнга латта лелалуш дацахь я цунна и кхидIа лелон ца лаахь, иза реза а волуш, и лело ницкъ а, лаам а болчунна дIалур ду латта», – билгалдаьккхира кIоштан префекта.
Гуьмсан а, Нажи-Юьртан а, Веданан а кIоштийн администрацешкахь а дIадаьхьира иштта цхьаьнакхетарш. Нажи-Юьртан кIоштахь латтанаш лелочарна уьш тесна цадитар бен тIе ца дожийнехь а, Гуьмсан кIоштахь шаьш лелочу латтанашна, ницкъ кхачаре хьаьжжина, гонаш я керташ яр тIедиллина.
Ткъа Веданан кIоштахь, кIоштан куьйгалхоша а, бахархоша а цхьабосса дакъа а лоцуш, белхи бу дIахьош – хIинццалц тесна лаьттина латтанаш билгал а дохуш, уьш цIан а деш, церан терго ян лаам болучарна уьш дIа а луш.
ТIехьа-Мартан а, Соьлжан а кIоштийн куьйгалхоша Хучиев Тамерлана а, Терхоев Назарбека а, еса лаьттачу аренашкахула вола а луш, шаьш къастийра шайх тешийначу кIошташкахь дола деш доцу а, тесна лаьтташ долу а латтанаш.
Шелковски кIоштахь а и болх дIахьош белахь а, карарчу хенахь цунна а, Дагестанна а юкъара доза къасторан болх дIаболийна хиларца доьзна, мелла а меллаша дIабоьдуш хетало.
Шелан а, Хьалха-Мартан а, Теркан а, Курчалойн а кIошташкахь тесна я дола деш доцу латтанаш денна а кIезиг дуьсуш ду – оцу кIошташкахь, кIоштийн администрацийн а, республикин Юьртан бахаман министерствон а говзанчаш юкъа а озош кхоьллинчу меттигашкарчу комиссеша къаьсттина жигарбаьккхина и болх.
Халахеташ делахь а, оцу декъехь Невран а, Итон-Кхаьллан а, Шаройн а кIошташкахь бечу балхах я дIахьочу гIуллакхех лаьцна хаалуш я хезаш хIумма а дац.
И.АДАМОВ
№10, чиллин (февраль) беттан 8 де, 2019 шо