ХIокху деношкахь Соьлжа-ГIалахь схьадиллира «цIеначу» чайн а, «хьаналчу» кофен а цIа – «Ronnefeldt».

Оцу цIеяхханчу проектан ерриге а Къилбаседа Кавказехь а дуьххьарлера векалалла ю иза.
Мероприятехь дакъалецира республикин Куьйгалхочун гIоьнчас Алиев Тимура, Юкъараллин палатин председатела Денильханов ИсмаьIала, оцу проектан менеджера Баматгиреев Булата, бизнес-юкъараллин а, юкъараллин а векалша, соьлжагIалахоша-чайдезархоша.
Нохчийчуьрчу Жимачу бизнесан ассоциацин правленин председатела – «Ronnefeldt»-н коьртачу накъоста Бугаев Максима дийцира проектах лаьцна, чайн индустрехь иза дуьненахь а цIеяххана бренд хиларна тIе тидам а бохуьйтуш.
– Тахана, Соьлжа-ГIалахь кхоллалуш шен «гIалин субкультура» йолчу муьрехь, тхан хIун Iалашо ю?! СоьлжагIалахошка а, республикин пачхьенан хьешашка а дуй хууш долу чай мийлийтар а, цуьнца цхьаьна, хьекъале сацамаш барехь царна гIо-накъосталла дар а, – дийцира цо.
РогIера дош Къилбаседа Кавказан федеральни округехь чайн «дато» говзанча а, проектан менеджер а волчу Баматгиреев Булате делира.
«Ronnefeldt» брендах лаьцна дийцина ца Iаш, чайнан басар даккхаран ламастех а, некъех а лаьцна а дийцира цо.
Чайнан цIийнан хьешашна бренд, къамелаца йовзийтина ца Iаш, цуьнан сурсатийн чомаца а йовзийтира – церан аьтто хилира тайп-тайпана чай а, кофе а мала а, варени кхалла а, иштта, шоколадан чухчаре чохь «лийчочу» стоьмийн чам баккха а.
Делахь а, царна уггаре а хазахеттарг кхин дара – дуй хууш долчу чайн мах бевзаш а, безаш а болу шайн «накъостий» карор а, цаьрца кхидIа гергарло лело йиш хилар а.
Билгалдаккха догIу «Ronnefeldt»-н Соьлжа-ГIаларчу векалаллехь (Грибоедовн ур., 57-гIа цIа) 72 тайпа чай довзийтина хилар. Иштта, Италерчу «Верньяно 1882» фирмо еш йолу «хьанал» кофе а, Нохчийчуьрчу «Нашха» фирмо еш йолу «G2B» кофе а йовза а, мала а, эца а таро ю цу чохь хIинца дуьйна.
Цул сов, варенеш а ю масех тайпана: Нохчийчуьра «Баки Джем» а, Азербайджанера «Бута» а, «Бизим Тарла» а, «Багдан» а.
И.ИСЛАМОВ
№10, чиллин (февраль) беттан 8 де, 2019 шо