1941-1945-гIий шераш. Даймехкан Сийлахь-боккха тIом хилла мур. Цу хенахь хиллачу Советски Союзехь дехаш дуккха а къаьмнаш дара. Цу юкъехь союзни 15 республика хилла ца Iаш, автономни республикаш а яра. Украинхой, гуьржий, азербайджанаш, литовхой, белоруссаш, узбекаш, кхидолу къаьмнаш а дара йоккхачу пачхьалкхехь дехаш. Ткъа вай, кегийчу къаьмнашна юкъадогIуш делахь а, Iер-дахаран хьелашца церан могIарехь дара. Бертахь боккха доьзал бара вайн. ДоттагIалла а леладора, вовшашна тIе а доьлхура, лара а лорура, гIо а дора. Даймахкана тIе бала беъча, цхьаъ хилла дIахIиттира къаьмнаш. Фашистийн Германис болийначу тIамна дуьхьал гIевттира дерриге а халкъаш. Нохчий а бара царна юккъехь: Магомед-Мерзоев Хаважи, Идрисов Абу-Хьаьжа, Бейбулатов Ирбайхан, Нурадилов Ханпаша, Дачиев Хансолта, кхиберш а. Халкъана кхераме киртиг тIехIоьттича, цара гойтучу доьналло дуьне а цецдоккхура. Яхь дIа ца яла, нохчаша шайн синош дIаделла меттигаш дукха яра.
Брестан гIап ларъеш дуккха а нохчий хилла хилар дIахьедира Россин Президента Путин Владимира 2005-чу шеран 1-чу июлехь Брестехь дIаяьхьначу форуман декъашхошна а,. журналисташна а, юкъараллин векалшна а хьалха дира цо и дIахьедар. Россин исторехь хиллачу тIеман хиламашкахь турпалхойн некъ бовзуьйтуш ю исбаьхьаллин, документальни фильмаш. Дуккха а хан ийшира нохчаша тIамехь лаьцна дакъа гучудоккхуш долу бакъдерг меттахIотто. Къоман историкаша, Iилманчаша, журналисташа дуккха а къахьийгира цу декъехь.
Советски Союзан турпалхо Висаитов Мовлади массарал хьалха Эльба хил дехьа ваьлла советски бIаьхо ву. Iамаркан Президента Трумэн Гаррис Сийлаллин Легион аьлла орден а елла цунна. 1945-чу шеран 25-чу апрелехь Висаитов Эльба хи йистехь цхьаьнакхийтира союзникийн – ингалсан-Iамарикан эскаршца. Цо дуьххьара куьг лецира гIараваьллачу Эйзенхауэран. 1945-чу шеран май баттахь маршала Рокоссовский Константина кехат яздира Сталин Иосиффе эпсарна Висаитовна Советски Союзан Турпалхочун цIе тиллар доьхуш. Амма Берияс цуьнан дехар кхочуш ца дойту. Нохчий ца безаш волчу цо, аьттехьа а ца дуьту и дехар. Бандитах турпалхо ца хуьлу, бохуш йолчу ойлано, дохадо дерриге а. Дуккха а шераш дIаихира бакъо ца тоьлаш. Мовладина дуьнен чохь ган доьгIна а ца хиллера и де. 1990-чу шарахь (иза дIаваьллачул тIаьхьа) тиллира полковникна Висаитовна Турпалхочун цIе. Цунна хьалха деллачу совгIаташна юккъехь ю: Ленинан орден, ЦIечу байракхан, Суворовн 3-чу даржан, ЦIечу Седанан орденш, «ТIеман декхарш кхочушдарна» а, «Сталинград ларъярна а», «Германина тIехь толам баккхарна а» мидалш, иштта, Сийлаллин Легион, орден а (США-н уггаре а лакхара совгIат).
ТIеман турпалхошна юккъехь дика евза Юсупов Мохьмадан цIе. Немцошна дуьхьал цо тIом бина Капеттини Артуро коьртехь хиллачу итальянски дуьхьалонан боламан декъехь. И санна йолчу французийн боламехь шен майралла гайтина Устарханов Iалавдис. «Командор Андре» олуш хилла цунах. Цуьнан гергарло хилла Францин Президентаца инарлица Шарль де Гольцца. Францин пачхьалкхан уггаре а лакхара совгIат Сийлаллин Легионан орден елла Iалавдина. Мехала совгIат Устархановна делларг Президент Шарль вара.
Итальянхойн дуьхьалонан боламехь немцошна дуьхьал тIом беш а хилла Устарханов. Партизанийн могIаршкахь иза гIараваьлла майраллица а, доьналлица а. Iалавдина дика хууш хилла италойн а, французийн а меттанаш. Сталинан куьйга кIелахь йолчу «СМЕРШ» аьллачу леринчу подразделенина юккъехь хилла хилар пайдехь доьрзу цунна. «Стрельба по-Македонски» олуш, шина куьйга цхьаьна схьа а лоцуш, герз тоха хаьа цунна. Иза лело хаар лаккхара говзалла хилар дара.
ТIом чекхбаьлча, Iалвадига дехар дира Европехь висар доьхуш . Амма, цунна Нохчийчоьнал деза хIумма а дацара. Цуьнан са дай баьхначу лаьтта тIехь дара. Бакъду, цIахь дагахь доццург хилира Iалавдина. ТIамах чекхваьлла, цIа веанчу турпалхочунна «Халкъан мостагI» аьлла цIе тиллира. 10 шо хан а тоьхна, Магадане хьажийра Устарханов. Иштта мах хадийра цуьнан турпалаллин. Яхь, юьхь, майралла шен цIийца йолчу Iалавдис набахтехь а гайтира ша дикачу агIор. Дика болх барна а, низам лардарна а бригадир хIоттийра иза. Набахтехь яккха тоьхна хан чекхъяьллачул тIаьхьа Устарханов цIа вирзира. Нийсо карорах дог диллинчу Iалавдина дарж гайта цамоьттург хилира. Цу хенахь СССР-н коммунистийн партин куьйгаллехь волу Хрущев Никита (автор: дарж гайта) белхан визитца Франце ваханчохь, Президента Шарль де Голльс кхуьнга хаьттина хиллера «Муха Iаш ву Андре?», – аьлла. Оцу хаттаро, туьйранахь санна, дикачу агIор хийцира Устархановн дахар.
Францера цуьнан тIеман накъостий а баьхкира и волчу. Цара Iалавдина совгIатна мотоцикл ялийра, цигахь, тIамехь лелийначух тера а йолуш.
Тахана а ца бицбо французаша нохчийн бIаьхочо фашисташна дуьхьал бина тIом. Устархановн цIе дIаязйина ю французийн дуьхьалонан ветеранийн цIерш тIехь йолчу хIолламна гIумкичун.
ТIеман турпалхошна юккъехь дика евза Исмаилов Iабдул-Хьаькиман цIе. Цо тIом бина 83-чу талларан ротина юккъехь. Исмаилов ву Рейхстагана тIе толаман байракх дIатоьхнарг. Рейхстаган тхов тIехь Исмаиловн а, Ковалев Алексейн а, Горычев Леонидан а сурт даьккхинарг ву фронтан корреспондент Халдей Евгений. Толаман байракхах дерг дуккха а шерашкахь лачкъийна латтийра. Командовани ца яьхьира бакъдерг Сталине дIахаийта. Церан меттана кхин цIерш ехира. И шиъ вара Кантарий а, Егоров а. ТIемаш чекхбевллачул тIаьхьа, уьш, байракх дIатухуш, кинокамера тIе бехира. Съемкаш гинчара дийцарехь, царна тIехь гуш тIеман цхьа а хиламаш бац. Исмаилов Iабдул-Хьаькима тIаьхьа дагадоуьйтура: «28-чу апрелехь тхан 82-гIа гвардейски стрелкови дивизина чуйогIуш йолу 83-гIа рота Рейхстагана тIекхочу. Дуьхьало еш болу салтий, хIоьттина дохк санна, гуш бара. Детташ долчу герзо, хьала ца хьожуьйтура. Рейхстаг шайгара дIа ца яккхийта, ондда къийсам латтабора немцоша тхуна дуьхьал. Доьазза тIелатар дира цу дийнахь Рейхстагана. Дукха салтий хIаллакьхилира. Германски парламентан гIишлонна генахь доццуш долу тхо, цхьа метр а тIе ца дахалора. Тхан ротин командирана Шевченкон лакхара омра делира, разведка яийта, аьлла. Сой, сан ши накъост Ковалев Алексей а, Горычев Леонид а къастийра. Билгалъяьккхинчу гIишлонна сихха тIе кхечира тхо. Хьалхара гIат бехначу немцойх дуьзина дара. ШолгIачу гIат тIехь боьдуш тIом бара. Цигахь со валаза велира. НеIарна тIехьа тебна Iаш волу ши автоматчик вен ка елира сан. Тхайна тIедиллинарг кхочуш а деш, тхан аьтто белира тхов тIе хьаладовла. Лахахь дерг къаьхьа де дара. Детташ долу герз, бойъуш болу салтий. Тхуна цхьаммо тIедиллина дацара толаман байракх дIатохар. Амма, Рейхстагана штурм ян боьлхучара, шайца схьаоьцуш яра иза. Иштта оха а эцнера иза схьа. Жимма аьтто боллушшехь, оха иза дIатуьйхира», бохуш, дуьйцура Исмаиловс.
Цу хенахь цхьа а ца тийшира Iабдул-Хьаькима дийцинчу бакъдолчух. «Правда» газетана тIе Халдейс даьккхина сурт а ца тохийтира. Амма дуккха а шераш дIадевлча, бакъдерг тIедалаза ца дисира. 1995-чу шарахь телевиденин программехь дакъалоцуш волчу Ковалевс хилларг ма-дарра дийцира, Халдейс даьхна суьрташ а гойтуш. ТIаккха хиира толаман байракх Рейхстагана тIех дIатоьхнарг Исмаилов хилар.
1996-чу шарахь Исмаилов Iабдул-Хьаькимна Россин Турпалхочун цIе тиллина.
ТIеман ветеранашна юккъехь дика евзаш ю Магоматов Ахьмадан цIе. 19 шо кхаьчна иччархо Ленинградехь тIом беш хилла. Ша къона велахь а, иза снайперш Iамош хилла. Шен снайперан тоьпаца цо вийна 87 мостагI. Ткъа цо Iамийначу 11 снайперо хIаллаквина 165 фашист. Эрна дацара Ахьмадах «ветеран» алар. Майраллица а, доьналлица а массарал тоьлла вара иза. Доккха дакъа ду Магомадов Ахьмадан Ленинград ларъярехь.
Даймехкан Сийлахьчу тIамехь шайн майралла гайтинчарах бу: Алисултанов Яхья, Бейбулатов Ирбайхан, Бейбулатов Мохьмад, Бейбулатов Махьмуд, Бейбулатов Бисолта а, дуккха а кхиберш. «Нохчийн халкъан тешаме кIант Алисултанов Яхья майра лета фашистех. Кхеравалар хIун ду ца хаьа цунна, къиза хIаллакбо цо мостагIий», – бохуш яздо цунах лаьцна В.Соловьевс «Вайнахи в Великой Отечественной войне» аьллачу статьяхь. Цул тIаьхьа Яхьяс гIарол дIадаьхьначу тIеман декъан парторга «Грозненски рабочий» цIе йолчу газете яздо: «ТIеман декъехь боккха ларам болуш ву Яхья. Цуьнгара масал оьцу салташа. И санна болчу кIенташа толам ца баккха йиш яц», –бохуш. Пачхьалкхан совгIаташ а дара Алисултановна делла. Царна юккъехь яра ЦIечу Байракхан орден.
Дозаллица ала дош ду вежарех БейбулатовгIарах лаьцна а. Осман юьртара Ирбайхан, Мохьмад, Махьмуд, Бисолта а вахара Даймехкан боккхачу тIаме. Шайн ненаца къаьсташ Ирбайхана элира: «Нана, вайн цIахь цхьа боьрша стаг ца вуьсу, тхо тIаме доьлхуш ду. Бакъо юй тхан хьоьца диса? Хьуна везар вуй мехкан сий тIаьхьа а теттина, цIа лардеш волу кIант? Суна хаьа, тхо далийта реза хир яра хьо, тIамах кхераделла ца гайта», – аьлла. Дог доьлхуш йолчу нанас жоп делира боху: «Аш суна буьтуш берг сингаттам бац, дозалла ду», – аьлла.
Мелитополь гIала схьайоккхуш мостагIчунна дуьхьал тIемаш бира вежарша БейбулатовгIара. Ирбайхан стрелкови батальонан коьрте хIоттийра. Цо йоккха корматалла а, майралла а гайтира тIеман халчу хьелашкахь. МостагIчун позицешна деш долу тIелатар цкъа а ца хуьлура толам боцуш. Цуьнан куьйга кIелахь йолчу батальоно мостагIчун 19 контратака юхатоьхнера, хIаллаквинера 1000 фашист а, 7 танк а. Цу тIемашкахь хIаллакьхилла нохчийн майра кIант. 1943-чу шеран 1-чу ноябрехь Бейбулатов Ирбайханна Советски Союзан Турпалхо цIе тиллина.
Даймехкан Сийлахь-боккхачу тIамехь майралла а, доьналла а гайтинчу бIаьхойн цхьайолу цIерш бен яц оха яьхнарш. Царна юккъехь Советски Союзан а, Россин а турпалхой бу, и цIе ялаза бисинарш в бу. Даймехкан Сийлахь-боккхачу тIамехь шайн синош ца кхоош, мостагIчун дуьхьал леттачу бIаьхойн сий цкъа а довр дац халъкалахь. Даймехкан гIаролехь лаьттинарш турпалхой бу. Дуьнен чохь адамаш мел деха, дозаллица йохур ю, дашо элпашца историна юкъа язйина турпалхойн цIерш.
Б.ДУДАЕВА
