Терахьийн ТВ-х лаьцна

ТIаьхьарчу масех шарахь а, карарчу хенахь а къаьсттина дукха дуьйцу, яздо, довзуьйту терахьийн ТВ-х лаьцнарг.

Цул сов, хууш ма-хиллара, карарчу беттан 11-чохь Соьлжа-ГIалахь дIаяйа лерина федеральни телеканалийн аналоган эфир. Кхин а 2 бутт баьлча ах республикехь а, 4 бутт баьлча дийнна республикехь а лоцур яц федеральни телеканалийн эфир аналоган диапазонехь.

Цул тIаьхьа и телеканалаш антеннаша терахьийн ТВ-н диапозонашкахь бен гойтур а, лоцур а яц. Ян мукъане а хIун ю и «терахьийн ТВ»?

Терахьийн ТВ (я телевидени) – терахьийн сигналех пайда а оьцуш, озанан а, видеон а сигналашна кодировка яран гIоьнца телевиденин аз а, сурт а дIасадахьийтаран технологи ю.

Оцу ТВ-н оьшуш йолу дуьненаюкъара стандарташ тIеэцарехь болх беш ю Стандартизацехула йолу дуьненаюкъара организаци (ISO).

Иза 100 сов мехкан стандартизацехула йолчу комитетех лаьтташ ю. Иза шина декъе екъаелла ю: терахьийн ТВ-н стандарташ хIитторан MPEG-х (Moving Picture Expert Group) а, ЭлектрозIенан дуьненаюкъарчу бартах (ITU) а.

Цара бечу талламийн балхаца нийса а догIуш, карарчу хенахь тIеэцна ю терахьийн ТВ-н 4 кеп (я стандарт):

• DVB-T – терахьийн ТВ-н Европин стандарт;
• ATSC – терахьийн ТВ-н Iамаркан стандарт;
• ISDB – терахьийн ТВ-н Японин стандарт;
• DTMB – терахьийн ТВ-н Чинин стандарт.

Кхеташ ма-хиллара, Россехь, цуьнца цхьаьна Нохчийчохь а, терахьийн ТВ-н стандарт DVB-T (аьлча а, цуьнан кхузаманахьлерчу лехамашца йогIуш йолу цуьнан DVB-T2 стандарт) ю.

И стандарт, Россерчу хьовсархойн лехамашца йогIуш хилийтархьама, 3 «тIоьрмигна» екъна ю: РТРС-1, РТРС-2, РТРС-3.

ХIора а «тIоьрмига» чохь 10 телеканал а, 3 радиостанци а ю.

Радиостанцешца долу гIуллакх чекхдаьккхина дацахь а, РТРС-1 а, РТРС-2 а «тIоьрмигаш» чуьра 20 телеканал къаьстина хиларал сов, болх беш а ю:

• РТРС-1 – Первый канал, Россия-1, Матч ТВ, НТВ, Пятый канал, Россия-К, Россия-24, Карусель, ОТР, ТВЦентр;
• РТРС-2 – РенТВ, Спас, СТС, МИР, Домашний, ТВ-3, Пятница, Звезда, ТНТ, МузТВ.

Ткъа кхозлагIчу «тIоьрмигна» юкъахь хир йолу телеканалаш хIинца а къастийна яц. Уьш Россин Федерацин Правительствон Сацамца къастош а, тIеоьцуш а ю. Амма билггал хууш ду цу юкъахь федеральни 7 а, меттигера 3 а телеканал хирг хилар.

Меттигерчу телеканалашна елла 3 «нуьйда» Нохчийчохь «Грозный» НПТРК-с а, «Вайнах» ПТРК-с а, «Путь» ТРК-с а дIалоцур йолуш ю.

Делахь а, оцу «тIоьрмига» юкъайогIуш йолу федеральни телеканалаш Россин Правительствос къастийна цахиларо, меттигера телекалаш терахьийн ТВ-н эфире яхар а сецадо.

Чаккхенехь билгалдаккха догIу республикерчу бахархошна лерина, болх беш терахьийн ТВ-н «волонтерийн» номер а хилар – 8(8712)22-33-66.

Оцу номерца бовза йиш ю хала бохкучу доьзалшна терахьийн ТВ-н тюнер эцарна лучу компенсацин барам а, иза даларан лехамаш а, тюнер телевизорна тIетасарехь гIо дар а.

И.КАНТАЕВ
№10, чиллин (февраль) беттан 8 де, 2019 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: