Дуьххьарлера хин биргIанаш

Вайн коьртачу шахьарахь дуьххьара хин биргIанаш ехкира 1927-чу шарахь, Буьрса гIап йиллина 100 шо а, цунах Соьлжа-ГIала йинчул тIаьхьа 60 гергга шо а даьллачул тIаьхьа.

Буьрса гIап йиллинчу хенахь а, цигахь гарнизон а, цунна гонаха эскарера мокъабевллачу салташа а, гIалагIазкхаша а ярташ а яхка йолийначу хенахь молуш долу хи гIунаш чохь бен ца хилла. ГIу а ца хилла шиъ бен. ГIунаш чуьра хи дегI даздеш а, дуьра чам хаалуш а хилла.

ТIаьхьуо, бIаьхоша а, гIопана уллехь баха хевшина хиллачара а Соьлжа молуш хилла. Цу чуьра хи Iаьнан муьрехь цIена, хьаьъна хуьлуш хиллехь а, лаьмнашкара ло бIаьстенца даша доладелча а, аьхкагурахь догIанаш даьхкича а чIогIа даьржаш хилла. Оцу хица сацкъар а, гIум а дукха хуьлуш хилла. Хи хьаийта дукха хан оьшуш а хилла.

XIX-чу бIешеран 40–50-чуй шерашкахь гIоперчу бIаьхоша а, цунна юххехь Iаш болчу бахархоша а Алдара а, БухIан-Юьртара а шовданан хи мала долийна. Цигарчу хьостанашкара хи чIогIа цIена а, дика чам болуш а хилла.

Хьостанаш гIопал шовзткъа метр лакхахь хилла, цундела, даьккхинчу татолан харша чухула парггIат охьадогIуш хилла. Иза Соьлжа хил сехьа даьккхина дечиган апареш деш.

Соьлжа дистина деача, 1868-чу шарахь апареш хино дIадаьхьна. ТIаккха юха а Соьлжа мийла дезна, черманаш чохь схьа а кхоьхьуш. Цу тIе эца дезаш а хилла, ведарх цхьа кепек а луш (дустархьама иштта бакъдерг далор вай.

Мехкадаьттан промыслашкахь, букъ саттийна, дийнахь 12 сахьтехь къахьоьгуш волчу белхалочунна цхьана дийнахь луш ерг а ца хилла 30 кепек бен, ткъа зударшна луш дерг цхьа эппаза (20 кепек) бен ца хилла).

Дукха хан ялале гIалина лакхахьа, Соьлжа хин бердайистошца керла ярташ а, станицаш а яхка йолийна. И бахьана долуш хи, долчу тIе а, бехдала доьлла. Иза мала мегар долчу хьолехь ца хилла. Цу чохь дукха микробаш яьржина. Зорханийн а, чуьрийн а лазарш алсамдевлла. Цуьнца доьзна кест-кеста адамаш кхелхаш хилла. Къаьсттина чIогIа чоьнан ун даьржина 1892-чу шарахь. Оцу лазарх дуккха а адамаш кхелхина.

ТIаккха буьйлабелла-кх, мала мегар долу, дика хи гIалахь лаха. Хи лахаран белхаш бина тIеман-медицинин урхаллин Iилманчаша А.Х.Григорьевс а, А.А.Штокмана а. Цара и белхаш бинчул тIаьхьа итт шо даьлча, 1903-чу шарахь гIалахь (водокачка) хи кховсуш меттиг йира, (филтраш) цацанаш дохкуш, хи IаIош меттиг йолуш. И белхаш бина хиллехь а гIалин урхаллин ницкъ ца кхечира урамашка биргIанаш чохь хи дало.

Соьлжа-ГIалахь Советийн Iедал дIахIоьттинчу хьалхарчу деношкахь дуьйна уггаре а мехала гIуллакх хилла дIахIоьттира гIалин бахархошна молуш долчу дикачу хица кхачояран хьокъехь долу гIуллакх. ГIали юккъехь Соьлжа хин йистошца 11 (водокачка) хикховсийла яра йина. Царах еамма гIалина хи латтадора.

Оцу хикховсийллийн таро хуьлура дийнахь-бусий 3 160 кубометр хи кховса, ткъа гIалина цу хенахь оьшуш дерг 5 500 кубометр хи дара. Цул сов, хи кест-кеста соцуш хьал хуьлура. ДелахьхIета даима а хаалора хине долу хьашт кхачам боллуш кхочушдеш цахилар. Цу тIе хин дикалла а яцара дIора дика. Иза дика хьаьъна а, цIандина-литтина а ца хуьлура.

Алдерчу хьостанашкарчу молучу хица гIалин хьашташ кхочушдан йолу таронаш талла леррина комисси вовшахтуьйхира гIалина хица кхачояран гIуллакх тодаран Iалашонца. Оцу комиссина юкъахь бара цIеяххана геологаш Н.Р.Линдроп, В.А.Сельский, К.А.Прокопенко. Шен болх 1922-чу шарахь чекхбаьккхира комиссис. Цул тIаьхьа, дукха хан ялале, хинбиргIанашца хи гIала дало проект хIоттийра.

1925-чу шарахь дIадолийра хинбиргIанаш яхкар. Проектан автор вара инженер П.А.Филонов. Цуьнан проектаца дуьххьара коьрта хинбиргIа дечигах йира. Иза ши метр гергга (диаметрехь) йоккха яра.

1927-чу шарахь Соьлжа-ГIаларчу бахархоша дуьххьара мелира БухIан-Юьртарчу шовданашкара схьадалийна долу цIена, аьхна, шийла хи.

ХIинцачул дезткъа шо сов хьалха, 1932-чу шарахь чекхделира биргIанашкахула гIала хи далор а, дечиган биргIанаш болатчу биргIанашца хийцар а. БиргIа Соьлжал сехьа йоккхуш аьчка-бетонан тIай тиллира. Ткъа гIали юккъехь, тIаьхьа Комсомольски сквер хиллачохь, 30 метр лекха а йолуш, хи IаIоран хаза бIов йира (иза вовшахъяьккхира Сийлахь-боккха Даймехкан тIом хиллачу шерашкахь, мостагIашка цунах шайна Iалашонашкахь пайда цаэцийтархьама).

БухIан-Юьртара хи далош ехкинчу биргIанаш чухула дийнахь-бусий 150 эзар кубометр хи догIура. Цунах пайдаоьцура Соьлжа-ГIаларчу берриге а бахархоша а, промышленни предприятеша а.

Иштта дIадоладелла-кх вайн коьртачу шахьарна биргIанаш чухула догIучу шовданан хица кхачояр. ХIетахь дуьйна кхуьуш, толуш схьадеана гIалин бахархошна хица кхачояран мехала гIуллакх.

(Пайдаэцна I.Кусаевн «Соьлжа-ГIала» книгах)
С.ХАСАНОВ

№10, чиллин (февраль) беттан 8 де, 2019 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: