Республикера оперативни хьал

Наркотикашца къийсам дIахьо

Россин чоьхьарчу гIуллакхийн министерствон Грозненски кIоштахь йолчу отделан белхахоша, наркотикаш лелоран а, царах падаэцаран а шеко кхоллаелла, саца а вина, полицин отделе валийна 1994-чу шарахь вина волу Йоккха АтагIа юьртан вахархо.

Таллам дIахьош, вахархочуьнгахь кара а бина, схьабаьккхина ораматех схьаялар долу, баьццарчу басахь, кIомалан шатайпа хьожа йолу 30 грамм гергга наркотик чохь йолу полиэтиленан тIоьрмиг.

Оперативни-лехаман мероприятеш дIахьочу хенахь, Россин чоьхьарчу гIуллакхийн министерствон Соьлжа-ГIалахь йолчу урхаллин белхахоша, Соьлжа-ГIалин Индустриальни урамехь документаш талла сацийна хилла 1958-чу шарахь вина волу Грозненски кIоштан вахархо.

Вахархочуьнгахь кара а йина, схьаяьккхина марихуанах тера йолу 150 грамм наркотик.

Оццу хенахь, Россин чоьхьарчу гIуллакхийн министерствон Хьалха-Мартан кIоштахь йолчу отделан белхахоша 1967-чу шарахь вина волчу Гихта юьртан вахархочуьнгахь кара а йина схьаяьккхина кIомалах тера йолу 120 грамм гергга наркотик.

Лакхахь билгалбаьхьначу бахархоша динчу зуламийн Россин Федерацин Уголовни кодексан 228-чу статьяхь билгалдинчу зуламийн билгалонаш ю.

Схьаяьхна наркотикаш таллам бан дIаяхьийтина Нохчийн Республикин чоьхьарчу гIуллакхийн министерствон Экспертийн-криминалистикин туьше.

Оцу гIуллакхийн хьокъехь дIахьош таллам бу.

Масех некъан-транспортан бохам хилла

Шуьйтан кIоштахь, Шуьйта а, Нихала а ярташна юккъехь, «Форд Фокус» автомашенан водитель машенна урхалла дарца ларацавар бахьанехь, автомашен некъа тIера гал а яьлла, бердах яхана.

Нохчийн Республикин чоьхьарчу гIуллакхийн министерствон некъан боламан кхерамазаллин пачхьалкхан инспекцин урхалло бинчу хаамца, некъан-транспортан бохам хилла кхолламан (январь) беттан 27-чу суьйранна бархI сахьт даьлча. Автомашенан водитель а, цу чохь хилла ши пассажир а циггахь кхелхина.

Грозненски кIоштахь а хилла кхин цхьа некъан бохам. ГIулара юьртан керлачу поселкана уллехь вовшахкхетта 1993-чу шарахь вина волчу ТIехьа-Мартан кIоштан вахархочун «ВАЗ-2109» автомашен а, 1960-чу шарахь вина волчу ГIулара юьртан вахархочун «ВАЗ-21010» автомашен а.

Некъан-транспортан бохам бахьанехь дикка лазийна волу, автомашенийн ший а водитель Хьалха-Мартан кIоштан больнице вигира.

Иштта, Соьлжа-ГIалин юккъера Старопромысловски новкъахула 36-гIа куп йолчу агIор вогIуш хиллачу 1985-чу шарахь вина волчу «ГАЗель» автомашенан водитела шен автомашен тIетоьхна гIашлочунна – светофоран «цIен» хаам хилча некъал дехьайолуш хиллачу 1958-чу шарахь йина йолчу республикин пачхьенан яхархочунна.

Лазийна зуда Соьлжа-ГIалин медицинан сихачу гIоьнан республикин клиникин больницин мочхалан-юьхьан хирургин отделене йигна.

Къастош ду некъан-транспортан бохамийн бахьанаш а, дакъалацархойн бехкан барам а.

Таллам дIахьош бу.

Къола динарш схьалецна

Оперативни-лахаран мероприятеш дIахьош, Гуьмсан кIоштан вахархочо къола даран хьокъехь бинчу хаамца, Россин чоьхьарчу гIуллакхийн министерствон Гуьмсан кIоштахь йолчу отделан белхахоша саца а вина, полицин отделе валийна и зулам дарна шеко йолу 1985-чу шарахь вина волу Соьлжа-ГIалин вахархо.

Цо даре дина ша хIокху шеран кхолламан (январь) беттан юьххьехь арз яздинчун 5 700 сом ахча лачкъийна хилар. Оперативни-лахаран мероприятеш дIахьош, Россин чоьхьарчу гIуллакхийн министерствон Хьалха-Мартан кIоштахь йолчу отделан белхахоша, лар «шелъялале» гучудаьккхина къола дар.

Хьалха-Мартан кIоштарчу ГIойтIа юьртан вахархочун долахь йолчу ахчанан терминала чуьра 12 400 сом ахча лачкъийна хилла. Полицин белхахоша, мила ву а хиъна, схьалаьцна къола дина волу, 2000-чу шарахь вина волу ГIойтIа юьртан вахархо.

Жимачу стага ша къола дарна мукIарло дина. Цунна тIедиллина полицин отделе вар. Россин чоьхьарчу гIуллакхийн министерствон Грозненски кIоштахь йолчу отделе къола даран хьокъехь бинчу хаамца веана 1990-чу шарахь вина волу оццу кIоштан Октябрьски юьртан вахархо.

Зен хиллачо дийцарехь, хIокху шеран кхолламан (январь) беттан 22-чу дийнахь Грозненски кIоштан Iалхан-ГIала юьрта йисттехь йолчу техникин хьашташка хьажаран станцехь, даьтта хийцаран бокс чуьра вевзаш воцчу цхьамма цуьнан долахь йолу аккумулятор лачкъийна.

Цо ворхI эзар соьмана зен дина вахархочунна. Оцу гIуллакхан хьокъехь таллам дIахьош, Россин чоьхьарчу гIуллакхийн министерствон Грозненски кIоштахь йолчу отделан куьпан векалшна мила ву хиъна зулам динарг. Иза 1993-чу шарахь вина волу ТIехьа-Мартан кIоштан вахархо хилла.

Вахархочо ша и зулам дарна мукIарло дина. Цунна тIедиллина полицин отделе вар.

Лакхахь билгалбаьхначу бахархоша динчу зуламийн Россин Федерацин Уголовни кодексан 158-чу статьян («Къола дар») 2-чу декъехь билгалдинчу зуламан билгалонаш ю.

Оцу гIуллакхийн хьокъехь дIахьош таллам бу.

Чоьхьарчу гIуллакхийн министерствон пресс-службин гIоьнца хаамаш кечбинарг – I.МУРТАЗОВ
№10, чиллин (февраль) беттан 8 де, 2019 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: