«Синтар» конкурсан региональни мур чекхбаьлла

Кхиазхошна юкъахь дIахьочу хьуьнан Ерригроссин «Синтар» конкурсан региональни мур чекхбаьлла. Конкурс Iалам лардаран, хьуьнан бахаман тIалам баран а йолчу проектан гурашкахь дIахьош ю.

ХIокху шеран кхолламан (январь) баттахь Нохчийн Республикин дешаран а, Iилманан а министерствос, республикин Эколого-биологин туьшаца цхьаьна, дIабаьхьира конкурсан региональни мур.

Конкурсан Iалашо ю Россин юкъарчу дешаран организацийн дешархой хьуьнан экосистемаш йовзийтаран балхана юкъаозор а, церан хьуьнан экологи Iалашъярехь хила деза жоьпалла кхиор а.

Конкурсехь дакъалаьцначу Нохчийн Республикин дешаран организацешна юкъахь яра Соьлжа-ГIалин школаш, иштта Шелан, Нажи-Юьртан, ТIехьа-Мартан, Хьалха-Мартан, Гуьмсан, Курчалойн, Шелковски, Соьлжан кIоштийн Эколого-биологин туьшаш.

Оцу туьшашкахь талламан белхаш бинера гуонахара Iалам, хIаваъ цIена латторан Iалашонца.

«Хьунлелор а, хьуьнан бахам а», «Хьуьнан ораматийн экологи», «Хьуьнан акхаройн экологи», «Iалам Iалашдаран гIуллакхаш», «Тоьлла зеран-талламан болх», «Школашкахь хьунлелоран – таронийн меттиг» – ишттачу номинацешкахула бара кхиазхоша кхошчубина белхаш.

Региональни муьрехь тоьллачеран белхаш кхиазхошна юкъахь дIахьочу хьуьнан «Синтар» конкурсан Ерригроссин муьрехь дакъалоцуш хир бу хIокху номинацешкахула: «Хьунлелор а, хьуьнан бахам а» – Гуьмсан кIоштан «Эколого-биологин туьшан» векала Экмурзаев Iелас язбинчу белхан цIе «Юкъараллин дахарехь хьуьно дIалоцу меттиг» ю.

«Хьуьнан акхаройн экологи» номинацехула «Нохчийн Республикин хьуьнан акхарой» болх язбинера Гуьмсан кIоштан «Эколого-биологин туьшан» векала Ликиева Аминас.

«Хьуьнан ораматийн экологи» номинацехула «Джалкан хьуьнан бецийн дарбанийн ораматийн геоботаникин а, флористикин а анализ» болх язбина Гуьмсан кIоштан «Эколого-биологин туьшан» векала Эскиева Мархас.

«Iалам Iалашдаран гIуллакхаш» номинацехула «Эколого-биологин туьшан» векала Хакимова Аминас.

«Иван-чай» болх язбинера Нажи-Юьртан кIоштан зеран-талламан болх» номинацехула «Ларйийр ю вайн кIоштан хьун» аьлла, болх язбина Нажи-Юьртан кIоштан «Эколого-биологин туьшан» векала Хакимов Амирхана.

«Школин хьуьнан бахам – таронийн меттиг» номинацехула «Школин хьуьнан бахам» болх язбина Шелковски кIоштан «Эколого-биологин туьшан» векала Газмагомаева Таисас.

Лакхахь багарбинчу толамхошна дипломаш лур ду республикин Дешаран а, Iилманан а министерствос.

КхидIа хуьлу хийцамаш Ерригроссин конкурс чекхъяьлча бевзар бу.

З.ЭЛЬДЕРХАНОВА
№10, чиллин (февраль) беттан 8 де, 2019 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: