Россин кегийрхойн академически театран директоран декхарш кхочушдеш волу Рыбкин Кирилл а, техникин гIуллакхашкахула директоран заместитель волу Галич Виталий а Нохчийчохь хилира.

Россин кегийрхойн академически театран векалш вайн республике кхачаран бахьана дара Москварчу театран Соьлжа-ГIалахь хинйолчу гастролийн хьокъехь дерш дийцаре дар.
2019-гIа шо Театран шо хиларца доьзна Россин культурин министерствос хIокху шеран хIутосург (май) баттахь дуьйна кхочушйийр ю «Большие гастроли – 2019» федеральни программа.
Нохчийн Республикин культурин министран заместительца Мадаев Мамедца а, Х.Нурадиловн цIарахчу Нохчийн къоман театран директорца Ахмадова Хьаваца а хиллачу цхьаьнакхетарехь къамел хилира театран хьаьрма кхиорах, вайн республикерчу театрийн а, Москварчу театран а, юкъахь доттагIаллин уьйраш чIагIъяран Iалашонца.
Оцу цхьаьнакхетарехь хиллачу бартаца, Россин кегийрхойн академически театран труппо спектаклаш гойтур ю вайн республикин М.Ю.Лермонтовн цIарахчу Оьрсийн драмин театрехь а, Х.Нурадиловн цIарахчу Нохчийн къоман театрехь а.
ХIокху шеран оханан-хIутосург (апрель-май) беттанашкахь кхочушхила тарло театран куьйгалхоша дийцинарг.
З.ХИЗИРОВА
№10, чиллин (февраль) беттан 8 де, 2019 шо