Республикин спортан «Ахмат» клубан спортсменаша хьакъ долччу кепара гайтира шаьш Красноярскехь дIаяьхьначу дуьненаюкъарчу «Иван Ярыгин–2019» Гран-при яккхаран турнирехь.
Красноярскерчу Ярыгин Иванан цIарахчу Спортан цIийнехь кхолламан (январь) беттан 23–27-чуй деношкахь хилира лакхахь хьахийна юбилейни ткъе уьтталгIа дуьненаюкъара турнир.
Цигахь Нохчийн Республикерчу спортсменаша – республикин спортан «Ахмат» клубан декъашхоша – бIаьрла кхиамаш бехира.
ПаргIатчу кепара охьатохархлатарехула Россин вовшахтоьхначу командин декъашхочо Чанчаев Ахьмада (65 кг.) йозаллин категорехь толам баьккхира, Садулаев Муслим 57 кг. йолчу йозаллин категорехь толамхо хилира, Хизриев Анзора финалехь 125 кг. йозаллин категорехь толам баьккхира, цуьнан вашас Хизриев Зеламхас оццу йозаллин категорехь – 3-гIа меттиг яьккхира.
Л.ДАУТОВА
№10, чиллин (февраль) беттан 8 де, 2019 шо