Дешархо классера классе хьалаваккхаран экзаменийн график билгалъяьккхина

Рособрнадзоро билгалъяьккхина 2019-чу дешаран шарахь ВПР (Ерригроссин талламан белхаш) а, НИКО (Къоман дешаран дикалла таллар) а экзаменаш дIаяларан график.

Уьш дIахьур ю бекарг (март) беттан 5-чу дийнера оханан (апрель) беттан 25-гIа де тIекхаччалц. 4-чуй, 5-чуй, 6-чуй классашна ВПР экзамен дIаялар тIехь ду, ткъа кхидIа йолчу лакхарчу классашкахь и экзамен дIаялар школийн лаамашка хьаьжжина хир ду.

4-чу классийн дешархоша ВПР экзаменаш дIалур ю оьрсийн меттан а, математикин а, гонахарчу Iаламийн а предметашкахула, 5-чу классийн дешархоша – оьрсийн меттан а, математикин а, биологин а, историн а предметашкахула, 6-чу классийн дешархоша – оьрсийн меттан а, математикин а, биологин а, историн а, обществознанин а, географин а предметашкахула, ткъа 7-чуй а, 8-чуй а классашкахь лакхахь билгалъяьхначу предметашна тIекхетар ю кхечу къаьмнийн меттанийн предметийн экзамен, 9–10-чуй классашкахь оцу ерриге а предметийн экзаменашна тIекхетар ю физикин а, химин а, кхечу къаьмнийн историн а предметашкахула экзаменаш.

НИКО экзамен физкультурин предметехула 6–10 чуй классашкахь оханан (апрель) беттан 8–12-чу деношкахь дIалур ю, ткъа технологин предметехула 5–8-чуй классашкахь эсаран (октябрь) баттахь дIалур ю.

ВЕГИЕВА Макка
№10, чиллин (февраль) беттан 8 де, 2019 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: