Вайн республикин ерриге а кIошташкахь кхуьуш ю и орамат. Аларт къаьсттина алсам хуьлу лаьмнийн кIажошца йолчу меттигашкахь а, ткъа иштта, некъийн, хин йистошца, аренашца. Алартан дарбане дакъа ду, шога гIад доцург дерриге а.
Дарбанна и орамат лахьайо цо зазадоккхучу муьрехь. Схьаяьккхина аларт мохехь, малх ца кхетачу меттехь, якъайо. Цуьнан аьргалла якъайо екъачу, дика мох кхеташ йолчу чоьнашкахь.
Алартах пайдаоьцу пхенаш ийзорна, стенокарди, пхенашна тромбоз йолчарна, энаш долчарна дарбанаш лелош. Иштта, оцу бецаша дестар дIадоккху, юзуш йолу (чов, сурх) хIума ерзайо.
Алартан аьргаллех, молха кху кеппара кечдо. 10 грамм (боккха цхьа Iайг) аьргалла сир диллинчу пхьегIи чу юхку. Цу тIе 200 мл кхехкийна хи дутту. ПхьегIи тIе негIар туху. Юха, и пхегIа, кхехкаш долчу хи чу а хIоттайо, 15 минотехь кхехкуьйту (хин бани). Цул тIаьхьа чохь йолчу температурехь 45 минотехь молха шелдолуьйту.
Шелделлачул тIаьхьа луьтту, бецаш дIайохуш. Кхихкина хи тIедоттарца молханан барам 200 мл дIакхачабо (цхьа стака хуьлу иза). Молха шийлачу меттехь латтадо, амма шина дийнахь-буьйсанал сов доцуш.
Молха дIамолу, стаканан шолгIа я кхоалгIа дакъа цкъа а молуш, дийнахь шозза-кхузза. Иштта и молха мелча, кийра а цIанло, шелваларан цамгарна дарба а хуьлу.
Оцу ораматах, иштта, халкъан дарбанчаша пайдаоьцуш хилла чевнаш ерзош а. Морзи чохь йохийна аларт чевна тIе юьллуш хилла, буха киса а дуьллуш. Цо оцу сохьта чов ерзош хилла.
З.МАДАЕВА
№10, чиллин (февраль) беттан 8 де, 2019 шо