Жеррахь – хьалххехь
ЧIанадаьлла – цхьалхадаьлла, дерзина, Iуьйра даьлла
ЙилбазбIаьра – ойла дIаяхна, цхьана метте бIаьргаш боьгIна Iиэр
Шина даггахь – тIеян а, ца ян а дагахь
Зуьйчу бIаьргара – леррина тергалвар
Хьакъ хаар – цIенна бакъдерг
Ламан воршахь – юькъа хьун йолу меттиг
Тоьвна даккхахь – кIорнеш дахахь
Ижу – толлуш, карайогIу, лоцу хIума
Гезъян – лела, некъаш дан
Дарс – урок
ХьиэгIа – садуу, лозу
Саийдина – сагатдина
Бараман юкъ – оьрсийн маттахь «золотая середина» олу кхетам
Малхбасе – ломан малх кхета агIо
Шен леман тIе даьккхи – шен метте дIанисди
Бамба баьттIа – массо а хIуманан кхачам хилла
Маса – чехка, сиха
ТуьтмIаьжиг – маска
БIаьрхих кхиъна – кхетта
БIаьрг лаххал – бIаьрса дIаэццал
Iаьржа Iа – ло доцу Iа
МогIара де – муьлхха а санна долу де
Кхоамза – кхоам боцуш
Йоуда – яржо, охьаIено
Кхочарш – уллера гергара нах
Арс – уьрсо хадийна ен чов
Ардам – деш долу хIума
Джаннат – ялсамани
Мекхан чо – хьалха заманчохь къонахчо шен мекхах баьккхина белла чо уггаре а тешаме закъалт (залог) лоруш хилла
ТIекха – ледарчу стагана туьллуш хилла цIе
КIецаш – цергаш
ЦIена товбанаш – дика белхаш бан лоьру цIена ойланаш, чIагIонаш
Кур (аркъал туьйсуш) – корта
Миллат – халкъ
Амалт дина – диэ аьлла, тIедиллина хIума
Дорс – кхе туьллу (даьккхина) дечиг
Дистахалар – дистцахилар
Лайлак – (сирень) зезаг долчу куллан тайпа
Балозан чIурам – накхармозаша йоккху жуьрг (воск)
Садузу – сахуьлу
(ТIаьхье хир ю)
ДIаяздинарг – Хь.САИДОВ
№10, чиллин (февраль) беттан 8 де, 2019 шо