Россехь йолчу дешаран учрежденех уггаре а яккхийчех а, ширачех а цхьаъ ю Iилманан а, культурин а коьрта вуз – М.В.Ломоносовн цIарах йолу Москван пачхьалкхан университет (МГУ).

Вайн республикера дуккха а говзанчаш кхиъна цигахь. Царах хIоранна а дешна ваьллачул тIаьхьа дахарехь шен меттиг карийна. Вайн республика кхиорна юкъа хазна юьллуш, къахьоьгуш бу уьш. Царах цхьаъ ю 1997-чу шарахь МГУ чекхъяьккхина Денильханова Радима.
Башха доьзал кхиъна Радимин ден а, ненан а. Церан дерриге а бераша Москвахь лаккхара дешар дешна. Республика кхиорехь бIаьрла лар йитина цара. Даймахкана генахь хиллехь а лардина дайн гIиллакхаш, нохчи бохург деза а хетта царна. Чечанара №1 йолу юккъера школа чекхъяьккхина Р.Денильхановас. Оцу школин директор вара Радимин да Хаважа.
Оцу школехь доьшучу Радимина а, цуьнан вежаршна а, йижаршна а дуьсуш дерг цхьаъ бен дацара – пхеаннаш дохуш доьшуш, директоран бераш бохучу сийлахьчу цIарна хьакъхилар. Шайн да-нана юьхькIайчу хIоттош, тIехдика дийшира цара массара. Радима а дашочу мидалца дешна елира. Радимин йоккхахйолчу йишас Г.В.Плехановн цIарахчу академехь дешна, вукхара – М.В.Ломоносовн цIарахчу Москван пачхьалкхан университетехь.
Таханлерчу дийнахь оцу университетехь болх беш ву Радимин воккхахволу ваша, юридически гIуллакхашна тIехь терго латтош, философи а, бакъо хьоьхуш. ТIехдика дешаран кхо диплом долуш, доккха похIма а, хьекъал а долуш ву.
Жимахволчу вашас а юридически факультет чекхъяьккхина, хIинца цхьана мехкадаьттан компанехь болх беш ву. Радимел йоккхахйолчу йишас социологин факультетехь дешна. Иза Москвахь ехаш ю. Цуьнан шина кIанта а Москварчу пачхьалкхан университетехь дешна.
Денильханова Радима 1992-чу шарахь деша хIоьттира оцу университетан социологин факультете. ХIетахь керла яра социологин говзалла. Вашас, тIейогIучу хенахь карор йолуш, хиндерг долуш говзалла ю аьлла хаьржира иза Радимас.
1997-чу шарахь тIехдика дешарца чекх а яьккхира цо университет. Амма, СССР йохар а, цуьнан метта бакъонан пачхьалкх цахIоттар а бахьана долуш, цо хаьржина говзалла кхечу пачхьалкхехь санна мехала а, лоруш а хилла дIа ца хIоьттира. Кхузахь иза, бахархойн дог-ойла толлуш, говзалла йолчух кхеташ ду.
1996-чу шарахь да кхелхина, нана ша йисича, цIа еара Радима. Цуьнга Нохчийн пачхьалкхан университете балха кхайкхира. ХIетта балхара дIаяьллера социологи хьоьхуш йолу Терентьева. Цуьнан метта балха араялар дийхира Радиме.
Иштта, 1997-чу шеран товбецан (сентябрь) баттахь Нохчийн пачхьалкхан университетехь балха хIоьттира. ХIинца а цигахь болх беш ю, Философин кафедрин доцент йолуш. Дуккха а хIума лан дийзира цуьнан а, шен нийсархойн санна.
Нохчийчохь тIом болчу хенахь, 1999-чу шарахь, Радимица нана, шен ши кIант а, йоI а долчу, Москва дIаяхара. Радима, оцу шарахь нехан цIентIе яхар бахьана долуш, цIахь йисира.
Р.Денильхановас 2006-чу шарахь Москварчу пачхьалкхан университетан философин факультетан аспирантурехь кандидатан диссертаци чIагIйира. Диссертацин тема яра «На стыке социологии и фолософии».
Иштта, социологи хьехна ца Iаш, философи а хьеха йолаелира иза. Таханлерчу дийнахь доккхах долчу декъана ша фолософин хьехархо лору цо. Ши шо хьалха Нохчийн пачхьалкхан университетан магистратуре деша яхана Радима, юриспруденци говзаллехула. ХIокху шеран лахьанан (ноябрь) баттахь дешна йолуш ю.
Соьлжа-ГIалахь ехаш ю Р.Денильханова. Иза пхеа беран нана ю. Воккхахволу кIант стохка дашочу мидалца школа чекх а яьккхина, Нохчийн пачхьалкхан университетан экономикин факультете деша вахана. Иза Радимин дозалла ду. Ши йоI Президентски лицейхь доьшуш ю, ши йоI – берийн бешахь.
Радимина дахарехь шен меттиг карийна. Хьехархоша а, студенташа а лоруш а, царна езаш а ю иза. Цунна дукхабеза шен болх а, студенташ а. Цаьрца къамел дар а, цаьрца цхьаьна хIума довзар а деза цунна.
Цуьнца цхьаьна болх беш волчу Даудов Рамзана иштта элира Р.Денильхановах лаьцна: «Радимех лаьцна ала диканиг бен дац сан. Дика евза цунна шен говзалла. Говза, хьекъале, философин ерриге а агIонаш йовзуьйтуш, хьоьху цо студенташна. Философин хаттарш цуьнца дийцаре деш чIогIа самукъадолу цуьнан белхан накъостийн а. Шен хIора занятина а, хIора студентана а доккхачу жоьпаллица тIейоьду иза. Шен дика цIе ларйина, цкъа а собарх ца йоьхна. Мичча хенахь а, гIонакъосталла оьшучохь, юххе хIотта кийча ю иза. Уггаре а мехала а, коьрта а дерг ду – иза тешам болуш хилар. Массо хенахь нийса хьехар дан а, нийса некъ гайта а кийча ю иза».
Л.ИБРАГИМОВА
Авторан суьрта тIехь: Денильханова Радима
№10, чиллин (февраль) беттан 8 де, 2019 шо