Гараева Амина – лаккхарчу категорин лор, Россин Федерацин могашаллаIалашъяран отличник, Москварчу И.В.Сеченовн цIарахчу медицинин пачхьалкхан университетан юкъараллин могашаллин кафедрин доцент, зударийн лор – гинеколог, евзаш ю шен белхан йоккха говзанча а, шен халкъан патриот а санна.

ХIокху деношкахь хаза кхаъ кхаьчна Москвара – Гараева Аминас медицинин Iилманийн докторан диссертаци чIагIйина. Зудчун-ненан могашаллах боьзна бара цо Iилманан кхеташонан декъашхойн тидаме биллина болх.
Соьлжа-ГIалара №16 йолу школа чекхъяьккхина цо 1987-чу шарахь. Школехь хими а, биологи а къаьсттина дика Iамайора. ХIетахь дуьйна, лор хила лууш йолчу цунна, хаьара медицинин институтехь и предметаш коьрта юйла.
Амина дуьнен чу а ялале, дедас (Нохчийчохь уггаре а хьалха (Курчалойн кIоштахь) «Земски доктор» хиллачарех цхьаъ), Гараев Пашас аьлла дара дуьнен чу ден долу кIентан бер йоI хилахь цунах лор хуьлуьйтур ю аьлла. Ткъа йоьIан шен дедега кхочуш хьоме хIума дацара. Цундела Аминас кхин корматалла хоржур ю бохург дийцар а эрна дара.
Аштаркханерчу медицинин институте деша яхара иза. Цхьана дийнахь Аминин да Султан веара йоIана тIаьхьа. Да Нохчийчу дIавахча кхийтира йоI ша дех-ненах, цIийнах яьлла кхин Iелур йоцийла. Дас-нанас ма эца боххушехь, шен документаш схьаэцна цIаеара иза. Дедас бакъо елча дира цо иза.
Соьлжа-ГIаларчу медицинин училище чуделира кехаташ. ХIетахь вайн университетехь схьайиллина яцара медицинин факультет. Аминин 16 шо дара иза училищен медицинин директорна тIе яхча. Цо «ТIаьхьа ду, йоI. ТIедогIучу шарахь йола деша!», – элира.
ЙоIа ша акушеран отделене схьаэцар доьхуш, Аштаркханерчу медицинин институтехь тIеэцаран экзаменаш кхиамца дIаелла хиларан тоьшалла гайтира. Иштта, 2 шой, 10 бутт баьлча училище цIечу дипломца чекхъяьккхира цо. Цу хенахь Нохч-ГIалгIайн пачхьалкхан университетехь а схьайиллира медицинин факультет. Цигахь, биологин цхьа экзамен дIа а елла, деша хIоьттира.
Деша боккха лаам бара, цундела Аминина я кхета хала долуш я ца Iемаш цхьа а хIума ца дуьсура. Цул сов, кхин а цхьа доккха бахьана дара йоIана дешарна тIехь къахьега цунна ницкъ луш дерг – дедас шех дозалла дойла лаар!
Студентийн хенахь, уггаре а дагахь лаьттинарг хIу ду аьлла шега хаьттича, цо дийцира: «Вайн халкъана тIехIиттина ирча шераш долу хан яра хала. Со 3-чу курсан студентка бен яцахь а, лоьралла дан оьшуш меттигаш дукха нислора суна. ДагадогIу, 1994-чу шарахь, со тхайн деца цIайогIуш, вертолеташа Соьлжа-ГIала ракеташ йиттира. ДIаяхана хан дагалаьцча, дийца дуккха а дисина лазийначу иэсехь. Тахана сан 40 шо сов хан ю, медицинин Iилманийн доктор а хилла сох, хIара кхиам, аьтто муха хилира аьлча, Делан къинхетамца, гIоьнца. АллахIа ницкъ белира уггаре а жоьпаллечу, халачу хенахь лор хилла сайн нахана, халкъана пайдехь яха, хьажа дина нийят кхочушдан. Чохь воккханиг хилча, дог-ойла а, кхетам а, дикачу агIор хуьлу. Чаккхе йоцу беркат хиллера уллехь воккханиг хилар. Деда нехан гIуллакхе хьожуш вара, денана а яра нохчийн къоман Iадат, гIиллакх девзаш, лоруш. Иза а яра лорйишин болх бина».
Захало дохьуш веанарг дIавохуьйтура дедас лор – Пашас (иштта цIе йоккхура цуьнан хьалха Шелан, хIинца Курчалойн кIоштарчу Гелдагана юьртахь).
«ЙоI кхачам боллуш чекхдаккха дезаш ю шен дешар», – олура цо.
Амина Москварчу И.М.Сеченовн цIарахчу пачхьалкхан медицинин университетерчу ординатуре деша яхара.
Юха Арсанукаев Асланбекан кIанте Мохьмаде маре яхара (цуьнан марда Арсанукаев Асланбек профессор, медицинин Iилманан доктор, Россин могашаллаIалашъяран министерствон бахархошна медицинин гIодаран а, кхиоран а Департаментан директоран заместитель вара.
2005-чу шарахь Аминас чIагIйо медицинин Iилманийн кандидатан диссертаци. Ординатурехь доьшуш йолчу хенахь иза Москварчу Боткинан больницин гинекологин 22-чу отделенехь болх беш яра. Цул тIаьхьа 7 шарахь Москва гIалин поликлиникехь а болх бо цо.
Ткъа 2007-чу шарахь иза И.М.Сеченовн цIарахчу пачхьалкхан медицинин университете балха кхойкху. Медицина йоцург кхин Iилма а довза лууш хуьлу иза.
2013-чу шарахь Аминас цIечу дипломца чекхйоккху Россин Федерацин Президент волчохь йолчу Россин Юьртан бахаман Академин «Пачхьалкхан служба а, кадрийн политика а» факультет.
Цу хенахь йолало иза Iилманийн докторан диссертацин болх вовшахтоха.
– Ас юьхьарлаьцна Iилманан болх, – дуьйцу Аминас, – бераш дуьнен чу довларх а, уьш хьалхе кхалхарх а (детская смертность) лаьцна бара. Довза а, Iамо а дезаш дукха документаш дара. Ткъа, оьшурш суна хуьлуьйтуш, гIо деш вара Нохчийн Республикин могашаллаIалашъяран министр Сулейманов Эльхан.
Аминин Iилманан белхан куьйгалхо вара Россин Iилманан хьаьрмахь дика вевзаш волу профе ссор, медицинин Iилманийн доктор Шестаков Григорий Сергеевич.
Диссертаци чIагIъеш, Iилманан кхеташо хила бутт бисича Г.С.Шестаков кхелхира. Иза иэшам бара, дика куьйгалхо, шен белхан дика говзанча дIавелира уллера. Ша цхьаъ яхара иза диссертацин «защите».
Амма зала чохь хиъна Iаш Аминин Iилманан куьйгалхо хиллачу профессорх йисина йолу Шестакова Нина Александровна гича, яхьах ца йоха гIерташ, чIагIо йира: диссертацин болх зала чохь мел верг реза хуьлучу агIор бовзийта беза аьлла.
«АлхьамдулиллахI, Дала гIо дира суна», – дуьйцура цо.
ЮьхькIомаца толам баьккхира Аминас. БIаьргаш хих буьзна бара. Аминех медицинин Iилманийн доктор хилира! И толам шех тоьлла лор хиларе сатийсинчу дедена Пашина лерира цо.
Дахар чолхе, хала хилла цуьнан. Цо ша ма-аллара, дешар доцург кхидерг дерриге а хала дара. Кхаа кIантаца йисира иза, берийн да кхелхира. Ден а, ненан а меттана ша цхьаъ хила а, Iилманан некъахь къахьега а, алссам болх бан а дийзира цуьнан.
Цундела тахана лор хила лаам болчаьрга Аминас олу: «Дешарна тIехь къахьегар совдоккхуш хила. Даима а доьшуш, Iилманехь болчу хийцамашна, кхиамашна дуьхе кхуьуш хила веза студент а, аспирант а. ТIаккха бен хилалур вац шен белхан дика говзанча. Таханлерчу дийнахь вайн республикехь куьйгалло дерриге а хьелаш кхоьллина Iилманга кхуьйдучарна, деша луучарна. Оцу таронех пайдаэца беза вайн кегийрхоша».
ШолгIа маре яха рицкъ яздина хиллера Аминина. Иза вевзаш хиллачу эвлаяан Белхароев БатIал-Хьаьжин тIаьхьенах волчу Белхароев Адамехь ю.
Аминин да Султан а, нана Малика а нохчийн мотт, гIиллакх девзаш, уьш шайн доьзалехь лоьруш дехаш ду Гелдаганахь. Цуьнан йиша Гараева Ама а лор ю. Москварчу «Севастополь» хьешацIийнехь коьрта санитарни экспертан балхахь яра иза.
Ваша Алихан юрист ву. Карарчу хенахь Курчалойн кIоштан ГИБДД-н хьаькаман заместитель ву. Шен кIентий Ислам, Имам, Исхан нохчийн гIиллакхоьздангаллица баха Iамийна цо. Шайн доьзалехь нохчийн мотт, нохчийн къоман кхача хилар коьрта лору Аминас. И санначух халкъан патриот олу.
Медицинин Iилманийн доктор – боккха кхиам бу, доккха беркат ду. Иштта догойла йолу адам вайн халкъалахь хилар а хаза ду. И санначух беркат ца долуш ца буьсу цуьнан дехой, ненахой, юьртахой.
ИНДЕРБИЕВА Деши
Авторан суьрта тIехь: Гараева Амина
№10, чиллин (февраль) беттан 8 де, 2019 шо