Школашкарчу хьолана а, дешаран декъана а лерина кхеташо дIаяьхьира республикин Куьйгалхочо Кадыров Рамзана хIокху деношкахь.

Цигахь дакъалецира Правительствон декъашхоша, пачхьенан мэрин а, республикин Куьйгалхочун а, Правительствон а Администрацин а векалша, кIоштийн куьйгалхоша.
«Дешаран учрежденеш меттахIиттийна ца Iаш, царах цхьа система йина вай. Амма тахана кхузахь хIоьттина хьал муха ду – мел дукха школаш ярх а, мел дукха а, кхузаманахьлера а гIирсаш школашна латторах а, хьехархой корматалла йолуш а, шайн болх бевзаш а, безаш а бацахь а, республикехь дешар кхидIа кхуьур ду бохург данне а бакъ дац», – элира Кадыров Рамзана.
Цул тIаьхьа дош делира республикин Куьйгалхочун а, Правительствон а Администрацин куьйгалхочун заместителе Байсултанов Идрисе.
Куьйгалхочун тIедилларца, тIаьхьарчу масех баттахь таллам бинера цо школашкарчу хьолана.
«Лабораторийн а, предметийн а чоьнаш тоьаш яц. Къаьсттина тоьаш яц химин, биологин, экологин, физикин, ОБЖ-н чоьнаш. Тоьаш дац интерактиван аннаш а. Компьютерийн чоьнашкара техника тоьаш цахиларал сов, ширъелла а, тишъелла а ю, вуьшта аьлча, тIеоьшу техника цайийцарх а, ерг а цхьаьна хийца езаш ю. 700 ца кхоччуш хьехархо а ву школашкахь оьшуш», – аьлла, ша бинчу талламан буха тIехь кечйина доклад йовзийтира Байсултанов Идриса.
Дешаран а, Iилманан а министра Байханов ИсмаьIала бакъдира Байсултанов Идриса шен докладехь мел довзийтинарг.
«Школашна тематикин кабинеташца а, кхиболчу материальни-техникин гIирсашца а кхачоян яккхий харжаш еза. Халахеташ делахь а, оцу тайпа харжаш ян вайн таро яц. Дешаран декъехь доьшуш 279 эзар бер ду. Амма церан барам хIора а шарахь алсамболуш бу. Цундела нислуш ду и кхачамбацарш а, цатоарш а», – элира министра.
Кадыров Рамзана оцу хьолана ша резацахилар хаийтира.
«Вайн мехкан хьалхарчу Президента, Россин Турпалхочо Кадыров АхьмадХьаьжас олуш дара «Хьехархочо кхуллу къам!». Оцу дешнийн маьIна цкъа а девр долуш дац, хIунда аьлча, дешаран дакъа, денна а бохург санна, кхуьуш а, кхиош а хила дезаш ду», – билгалдаьккхира цо.
Дешаран дикалле хьаьжжина бен къоман кхане хирг цахиларх ша тешна хилар а хаийтира республикин Куьйгалхочо.
Цул сов, Правительствон хьалхарчу вице-премьерана Тумхаджиев Iийсанна 10 де хан елира цо дешаран декъехь йолу проблемаш а, кхачамбацарш а дIадахаран план кечъян а, Куьйгалхочунна иза йовзийта а.
Иштта, Дешаран а, Iилманан а министерство а, кIоштийн куьйгалхой а декхарийлахь бина дешаран керлачу шарна школашкахь материальнитехникин гIирсашца кхачоян.
И.ИСЛАМОВ
№11, чиллин (февраль) беттан 12 де, 2019 шо