Соьлжа-ГIалахь «Олимпийск» спорткомплексехь дIаяьхьира греко-римски кепара охьатохархлатарехула йолу республикехь хьалхеяккхаран турнир.

Цигахь дакъалоцуш бара РДЮСШ-н 1999–2000-чуй шерашкара кегийрхой – 27 спортсмен.
Къийсадаларш кхаа дийнахь дIадаьхьира.
Финалехь, шайншайн йозаллин категорешкахь толамхой хилира: Микаев Iийса (60 кг.), Яшуркаев Зеламха (63 кг.), Мучураев Бувайсар (67 кг.), Исаев Хьамид (82 кг.), Бибулатов Сайд-Селим (87 кг.).
Оцу кхиамашка спортменаш кхачийнарш бу, уьш Iамийна, церан тренерш: А.Сулейманов, С.Мучураев, А.Гусигов, М.Таипов, А.Магомадов.
Толамхой билгалбехира кубкашца, мидалшца, Сийлаллин грамоташца.
З.ШИШХАНОВА
№11, чиллин (февраль) беттан 12 де, 2019 шо