А.Бакулевн цIарах деган-пхенийн хирургин туш схьаелларна кечамаш

ДIадаханчу 2018-чу шеран гIуран (декабрь) беттан хьалхарчу деношкахь Россин Федерацехь а, дуьненахь а вевзаш волу кардиохирург, А.Н.Бакулевн цIарахчу деган-пхенийн хирургин Iилманан туьшан куьйгалхо, Россин Iилманийн академин академик Бокерия Лео Соьлжа-ГIала веара.

Вайн республикин Куьйгалхочуьнца Кадыров Рамзанца хиллачу цхьаьнакхетарехь А.Н.Бакулевн цIарахчу деганпхенийн хирургин къоман медицинин талламан туьшан филиал Соьлжа-ГIалахь схьаелла барт хиллера.

Нохчийн Республикин могашаллаIалашъяран министерствон пресс-службо хаам беш ма-хиллара, туш схьаелларан белхаш жигара дIахьош бу.

Цуьнца доьзна Республикин тIеман ветеранийн клиникин госпиталан коьрта лор а, МогашаллаIалашъяран министерствон эндоваскулярин методикин а, диагностикин а, дарбадаран а коьрта говзанча Индербиев Тимур а, Ш.Эпендиевн цIарах йолчу Республикин клиникин больницин кардиологин службин а, рентген-эндоваскулярин а, деган-пхенийн а хирургин отделенин куьйгалхо Шарафеев Айдар а ГIезалойн Республикин пачхьенехь Казанехь йолчу регионашна юкъарчу клиникин-диагностикин туьшахь хилира.

Оцу туьшан генеральни директоран вовшахтохараллин методикин балхехула йолчу заместитела Галимзянова Аделас довзийтира шайн медицинин учрежденешкахь дарбадаран болх дIабахьаран хьесапаш.

Коьртачу декъана Нохчийчуьра баьхкинчу вайн хирургашна бовза а, ган а лиънарг Казань гIаларчу кардиохирургин отделенин коллективо беш болу болх бара.

А.Н.Бакулевн цIарах кардиохирургин туш схьаелларна кечамбарехь коьртаниг оцу туьшан гIишло а, медицинин гIирсаш а хилла ца Iа.

Уггаре а коьртаниг болх нийса а, эвсаре а хуьлучу агIор дIахIотто кхечу регионийн зеделларг довзар а, цунах пайдаэцна, иза вайн махкахь юкъадало хьажар а ду.

З.ЭЛЬДЕРХАНОВА
№11, чиллин (февраль) беттан 12 де, 2019 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: