Кегийрхошна искусствон хазна йовзийтира

Нохчийн пачхьалкхан хьехархойн университетан искусствон факультетан хьехархоша, художникаша Соьлжа-ГIалин махлелоран-садаIаран «Гранд Парк» туьшахь хьехархойн а, студентийн а суьртийн гайтам схьабоьллуш, мастер-классаш а гайтира.

Цигахь дакъалоцуш вара Нохчийн пачхьалкхан хьехархойн университетан ректор Халадов Хож-Ахьмад, гайтаман искусствон кафедрин доцент, Нохчийн Республикин хьакъволу художник Пашаев Абу, оццу кафедрин лакхара хьехархо Мутусханов Ислам, искусствон факультетан студенташ.

Дукхахболчу кегийрхошна культура бохург илли алар, хелхар дар бен дац моьтту. Ткъа «культура» дош доккха маьIна долуш ду. Цо шена чулоцу иллеш а, хелхарш а санна, вайн къоман гIиллакх-оьздангалла, духар, куьйгаговзалла, искусство, иштта дIа кхин а. Вайн республикин Куьйгалхочо, Россин Турпалхочо Кадыров Рамзана нохчийн культура ларьярехь а, тIекхуьучу чкъуранна иза йовзийтарехь а деш долу гIуллакхаш шен семачу тидамехь латтош ду. Иштта, вайн къоначарна культурин искусствон цхьа дакъа а довзуьйтуш, вовшахтоьхна оха рогIера мероприяти. Ткъа иза дIаяхьа Соьлжа-ГIалин махлелоран-садаIаран уггаре а йоккха «Гранд Парк» туш харжар а шен цхьа Iалашо йолуш дара. Леха а ца оьшуш, я кхайкха а ца оьшуш дуккха а нах хуьлу кхузахь, къаьсттина кегийрхой. Тхан кечамаш чекх а бовлале схьагулбелира дуккха а нах, шайна юкъахь дуккха а кегийрхой а болуш. Боккхачу лаамца дакъалецира цара тхан мероприятехь, – дийцира Халадов Хож-Ахьмада.

Искусствон факультетан хьехархоша мастер-классаш гайтира, цул сов, шайн белхан цхьайолу къайленаш а яьстира. Гуш дара кегийрхошна искусство езаш хилар а, иза йовза лууш хилар а.

Хьовсархоша-эскперташа лаккхара мах хадийра шайна хьалха дехкинчу суьртийн.

Иштта, Х-А.Халадовс билгалдаьккхира университето хIокху тайпа цхьаьнакхетарш республикин ерриге а шахьаршкахь а, кошташкахь а дIахьуриг хилар.

ВЕГИЕВА Макка
№11, чиллин (февраль) беттан 12 де, 2019 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: