Нохчийн халкъан забар

Керта а веана, доьзалан дега хьал-де а хаьттина, юьртахочо аьлла: – Хьенех, со кхана шун бежанан рагI юй хаийта веана, кхана рогIе гIур шу
Дика ду ахь и схьааьлла! Дела реза хуьлда! ХIокху чуьра и кIентан тайпа дохуьйтур ду
Цаьрга ладоьгIуш лаьттинчу кIанта аьлла: – Ва Дада, ахь оцу стаге вай рогIе гIур ду а ма эли, вайн бежана а ма дац, тIаккха вай рогIе а хIунда доьлху, и вайга кхийда а хIунда йо?!
КIант, нехан хIун бала бу хьан бежана хилча а, ца хилча а?! РагI тIекхаьчний – рогIе гIо!

***
Захало хьахон баьхкинчу нахе хаьттина: – Бехаш буй йоI йоьхуш берш?
Ой, бу дера уьш-м бехаш! Церан деда бIе ткъа шарахь ваьхна, деден ваша бIе пхийтта шарахь ваьхна, да бIе шарал тIехваьлла ву
ХIай, и ца хоьтту шуьга, таро-аьтто буй церан?
Таро-аьтто белхьара-м уьш цкъа а лийр бацара!

***
ЙоI еха баьхкинчу нахана, базлуш, шайн йоьIан хаза гIиллакхаш а, хьуьнарш а дийца боьлла цIеранаш: – Тхан йоI Къуръанаш доьшуш ю, парз а, суннат а ламазаш до, жайнаш доьшуш ю, хIора ламазна тIаьхьа «Еса» доьшу, тасбихь до, вирд доккху, тхан тайпанах мел волчунна а, тхан кешнийн охIланна а хIоранна цIарах мел ло….
Хьахон веана воккха стаг хьалаиккхина: – Тхо тхайна нуй-горгам а, кад-Iайг а, божал-уьйтIе а лелон зуда езаш даьхкина дара, хIара аш вуьйцург юьртан къеда ву, тхо дIадоьлху!

***
Райисполкомехь горгам хьокхуш Товсари а йолуш, чан дIайоккхуш, телпонан нуьйда тIетаьIна, цхьанхьа дIакхетта.
Дуьхьал аз хезна: – Алло
Алло вац, техничка ю… – жоп делла, хиллачух ца кхеттачу, Товсарис.

ДIаяздинарг – Петирова ПетIамат
№11, чиллин (февраль) беттан 12 де, 2019 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: