Нохчийчохь ши тIом хилар бахьанехь, хийла хийрачу мехкашкахула дIасабах дийзира нохчийн. Оцу халачу муьрехь вежараллин ГIалгIайчоь, накъосталла ца деш, юьстах ца йисира. ТIамах бевдда болу нохчий тIелецира цара… Нохчийчохь хьалхара тIом болабалар дага ца догIу суна, бакъду, тхаьш Украинехь Iийна дагадогIу. Иза 1995-гIа шо дара. ХIинца кхета со хIетахь нохчийн лаьтта тIехь тIом хиллий а, цунах кIелхьардовлархьама тхешан хийрачу махкахь Iан дезний а. Цигахь болчу тхайн гергарчу нахехь Iаш дара тхо (сан нана, ваша, со). Тхуна, некъал дехьа, дуьхьал долчу цIа чохь Нина цIе йолу зуда яра Iаш. Цуьнан бешахь чIогIа мерза шапталш хуьлура. Оха (ас, сан вашас, шичоша) некъа юккъе а хIуьттий, буй бина куьйгаш ирх а уьйъуш, «АллахIу Акбар!» бохуш, маьхьарий деттара. Ткъа Нинина чIогIа хазахетара оха и дича (оха-м цунна хазахетийтархьама дора иза). Иштта оха «АллахIу акбар!» бохуш, маьхьарий мосазза хьоькху шен кертара мерза шапталш лора тхуна зудчо. ХIетахь 3–4 шо хан бен яцара сан. Делахь а, оцу шапталийн башха чам хIинца а дагахь бисина…
Украинехь шо гергга хан яьккхира оха. Цул тIаьхьа цIадирзира. ХIетахь Нохчийчохь тIом мелла а лахбеллера… Ткъа 1996-чу шеран августехь Соьлжа-ГIали чу геразашца йолу законехь йоцу тобанаш яьхкира. ГIалахь юха а тIом болабелира… ДагадогIу, зударий а, бераш а яккхийчу тобанашца, каралаьцна кIайн бехчалгаш йолуш, гIали чуьра арадовлуш. ГIаш дIаоьхура нах. Когахь мачаш йолуш а, когаш Iуьйра а… Цаьрца цхьаьна арабелира тхан доьзал а. Йохийна гIала а, оьрсийн салтий а дагабогIу. ГIаш дукха некъ бира оха. Эххар а, тхайн гергара нах болчу Шалаже кхечира. Со цецъюьйлура цигахь йолчу тийналлех. Жима хиларе терра, ца кхеташ дуьйцура ас баккхийчаьрга: «Соьлжа-ГIалахь тIом бара… Ткъа Шалаже тхо кхаьчча, цигахь тIом а бацара». Цигахь тхан дехой бара хIетахь. ХIора Iуьйранна тхан денанас шури тIехь дуганан худар дора, горга локъамаш а йора. Уггаре а мерза худар а, уггаре а мерза локъамаш а хиллера уьш. Цунах олуш хилла-кх «бераллера чам»…
Цул тIаьхьа ши шо хан елира, дахар а тодала доладелира. 1998-чу шарахь школе яхара со. Цул тIаьхьа иттех школа хийцира ас, делахь а массарел хьоме йисира дуьххьарлера школа. Соьлжа-ГIалин №54 йолу школа яра иза. Чаккхене доьдуш дара 1999-гIа шо. Со шолгIачу классе яьллера. Дешаран шо доладелла хан яра, бомбанаш етташ хилча хIун дан деза тхуна Iамо доладелча… Тхо-м дацара хIетахь цхьана а хIуманах кхеташ. ДагадогIу, октябрь беттан цхьана дийнахь Соьлжа-ГIала бомбанаш туьйхира. Школин кораш дегийра, цхьайолчу кабинеташкахь куьзган бIаьргаш кегдира. Дукха хан ялале, школа юьззина дай-наной бара шайн берашна тIаьхьа баьхкина. Кест-кеста гIали тIехула кеманаш хьийза дуьйладелира. Нах дIаэха буьйлабелира. Тхо а дIадахара, масийтта шарахь хала вовшахтоьхна бахам а битина. Цхьа хIума схьа ца ийцира. ХIетахь нах ца тешара тIом генабериг хиларх. Аьлча а, теша ца лаьара…
ГIалгIайчу дIадахара тхо. Цигахь, Делан къинхетамца, ДобриевгIеран доьзал карийра тхуна. Аьлча а, царна тхо карийра… Добриев Мохьмада Нохчийчуьра схьабаьхкина нах лаха араяьккхина хиллера цу дийнахь шен хIусамнана. Вайн цIера ГIалгIайн махка дIабаханчу нехан тайп-тайпана дахаран хьелаш нисделлера. Бакъду, тхан доьзал тIелаьцнарш дийцина ца валлал дика а, комаьрша а адамаш дара. Экажево (№1) олучу юьртара бара уьш. Юкъ йоькъуш керт бен йоцуш, кхо ваша вара ДобриевгIеран ул-уллохь Iаш. Царех цхьаннан – Мохьмадан – хIусамехь тхов-кIело карийра тхуна. Церан шозза тIекIелдина цIенош дара (суна дагадарехь цигахь дерриге а цIенош дара шозза тIекIелдина). Шаьш хьалхарчу гIат тIехь (ларми чохь) Iара, ткъа тхуна ерриге а шолгIа гIат схьаеллера. Йоккха пхи чоь яра цара тхуна йитинарг. Со, сан нана а, ваша а доцурш, тхан шичой, кхиболу гергарнаш а бара тхоьца. Цкъацкъа 15–20 стаг а гуллора. ТIамах бевдда баьхкинчарна луш йолу Iов бен яахIума ца хуьлура дукха хьолехь. Наггахь, кхидолу буьртигийн сурсаташ а кхочура. Тхо тIелаьцначу хIусаман дайша, шайн а башха таронаш йоццушехь, ницкъ кхочучу барамехь гIо дора тхуна. Ткъа лулахь Iаш волу ДобриевгIеран шолгIа кIант Сали мелла а хьал долуш вара. Цо сих-сиха яахIума йохьура тхуна, хIетахь наггахь бен ца хуьлу стоьмаш а цхьаьна. Иштта, школехь оьшу тайп-тайпана гIирсаш а бохьура. Хетарехь, уллорчу школехь завхоз болх беш вара Сали. Ша машенахь воьдуш новкъахь гича, со хIоразза а школе дIасаюьгура цо. Цул сов, хIора дийнахь ши сом я пхи сом ахча лора суна. ХIетахь-м шина соьмах булочка а, цхьа стака лимонад а догIура.
Оцу доьзалан дикалла дагаеача, лаамаза бIаьргех хи долу. Далла бу-кх хастам, гIо эшначух дог лозуш а, къинхетам беш а адамаш дуьненахь хиларна. Шо гергга хан яьккхира оха ДобриевгIеран доьзалехь. Тхуна чIогIа гергга хилира и нах. Тхо шайгара дIадаханчул тIаьхьа, хIусам оьшуш болу нах лаха араяьккхина хиллера Мохьмада шен зуда. Кхин цхьаъ нохчийн боккха доьзал тIелецира царан шайн хIусамехь, уьш цигахь масех шарахь Iийра.
Экажево юьртара дIадаханчул тIаьхьа, тхо Назрань, Карабулак, Крепость, Слепцовск гIаланашка а, ярташка а кхечира… Даймахка цIадерзале дуккха а хIума лан дийзира. Делахь а, мел дукха халонаш тIенисъяларх, ДобриевгIар санна болу дика нах бахьанехь, тхан дегнашчуьра дикачу сатийсаман йовхо яйна яцара цкъа а. Вовшашца кIеда-мерза хилар бен, тIамо бохийначу нехан догхьаста кхин хIумма а дацара.
МУСАЕВА Асет