ГIумкийн культура кхуьуш ю

А.Айдамировн цIарахчу республикин къоман библиотекин Къоман а, мохкбовзаран а литературин отделехь «ГIумкийн кхуьуш йолу культура» кхоллараллин суьйре дIаяьхьира.

Соьлжа-ГIалин №54 а, №16 а, №9 а йолчу школийн дешархошна шайн къоман культура йовзийта баьхкинера Грозненски кIоштан Бамат-Юьртан юккъерчу дешаран школин дешархой.

Хууш ма-хиллара, ООН-но, карара 2019-гIа шо, Меттигерчу халкъийн меттанийн шо ду аьлла дIакхайкхийна. Цуьнца доьзна ду тахана вай кхузахь гулдалар. Нохчийчохь дехаш нохчийн халкъ доцург, кхин а дуккха а къаьмнийн векалш бу, шайн мотт а, шайн Iадаташ а, культура а ларъеш схьабогIуш бу уьш. Вовшашка ларам а болуш, цхьабарт а болуш, вайн дай санна, вай а ду хIокху Нана-Нохчийчохь даха дезаш, – элира Къоман а, мохкбовзаран а литературин отделан коьртачу библиотекара Таймасханова Падама.

Бамат-Юьртан юккъерчу школин кхетош-кхиоран декъехула йолчу директоран заместитела Юшаева Разията баркалла элира нохчийн а, гIумкийн а бераш а вовшах а тоьхна суьйре дIаяхьарна.

Цо билгалдаьккхира оцу кепара суьйренаш сих-сиха дIаяхьаро берашна юкъахь уьйр-марзо а, доттагIалла а чIагIдийриг хилар.

Шу нохчий ду, тхо гIумкий ду, амма Нохчийчоь вай массеран а юкъара ю. ГIумкийн цхьа а хIусам яц денана, я нана, я нус нохчи йоцуш. ГIумкийн зударий а бу нохчашкахь марехь. Буьйцу мотт, культура цхьатера яцахь а, дукхах долу гIиллакхаш цхьатерра ду вайн, – элира Р.Юшаевас.

Бамат-Юьртах лаьцна видеокийсак гайтарца дIайолийра гIумкийн дешархоша шаьш кечйина программа.

Юьртах лаьцна видеокийсак оьрсийн маттахь кечйина яра, йисина программа гIумкийн маттахь яра. ГIумкийн маттахь эшарш лекхира зудабераша, цул тIаьхьа, хьалха заманахь ма-хиллара, белхех садоIучу хенахь зудабераша эшарш а лоькхуш, кегийчу наха иллеш а олуш, ловзар а деш, тIаргIа къажбаран белхи гайтира.

Нохчийн ловзарх къаьсташ цхьа Iадат дара церан. «Безаман гIаж» ю гIумкийн ловзаргахь лелош. КIанта хелха яла ловзаран гуона юкъа кхойкхучу йоIе дIакховдайо и гIаж, и шиъ хелха даьллачул тIаьхьа, йоIа шегара гIаж кхечу кIанте кховдайо.

«Белхи» чекхбаьллачул тIаьхьа, несан а, марненан а ролаш ловзочу шина йоIа «Нус, марнана» забаре йиш лекхира. Ши йоI йиш лекхна яьллачул тIаьхьа, кхин а цхьа Iадат довзийтира нохчийн берашна.

ГIумкийн йоI маре йоьдуш, цуьнан хин болчу марзахоша дуккха а деши оьцу хин йолчу несана, ткъа йоIа ши-кхо йийбар йохьу. Оцу Iадатах лаьцна яра рогIера инсценировка.

ГIумкаша бер дуьнен чу даьлла шовзткъа буьйса кхочуш, хьакъикъат а дуьйш, оцу беран дехой а, ненахой а тойне кхойкху. Цара хIораммо а дуьнен чу даьллачу берана совгIат дохьу, царна юкъахь уггаре а йоккхахйолчу зудчо, и бер лийча а дой, агана дуьллу.

Бакъду, бер агана диллале хьалха, цу чу цициг дижадо, цициге санна, мерза наб бере яйта. Беран нанас оцу зудчунна дарин коч я кортали ло.

Иштта, шайн культура йовзийтира гIумкийн дешархоша. Юшаева Разията, хIора номерх лаьцна дуьйцуш, шайна гайтинчу программех самукъадаьллера нохчийн берийн.

Артисташна санна, тIараш а детташ, нохчийн бераша шайн белхан лаккхара мах хадорна баккхийбеш бара гIумкийн дешархой.

А.Айдамировн цIарахчу республикин къоман библиотекин Къоман а, мохкбовзаран а литературин отделан куьйгалхочо Духаева Яхас баркалла элира Бамат-Юьртан юккъерчу школехь дешархошца кхетош-кхиоран болх а беш, берашкахь патриотизм кхиош болх бечу хьехархошна Султанов Камална а, Закриева Камилина а.

ГЕРЗЕЛИЕВА Макка
Авторан суьрташ

№11, чиллин (февраль) беттан 12 де, 2019 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: