Висмурадов Джандарах дагалецамаш

…Нохчийн маттахь йоьшуш я яздеш цхьаъ карийча, дерриге а дуьне вайн матте даьлча санна, самукъадолуш волчу суна, воккхавийна ца валлал боккха кхаъ бара иза.

Нохчийн къоман литература нохчийн маттахь йоьшуш, иза езаш верг кхин цхьаъ а карийнера. Аьлча а, цуьнан кIанта элира ларамаза санна: «Тхан дена чIогIа хазахета нохчийн маттахь книга йоьшуш», – аьлла.

Со верриге а серлавелира. Керла араяьлла схьайохьуш сайн карахь йолу «Нохчийн къоман литература» книгин хьалхара том елира ас: «Шайн дена дIалур ярий ахь хIара тIаккха?», – аьлла.

КIентан самукъаделира, ас цхьа йоккха гIала шена елча санна.

«Дала мукъ лахь! Тхан дена доккха хазахетар хир ду кхунах!», – элира кIанта.

Цул тIаьхьа шозза-кхузза а яхьийтира ас Яздархойн союзо вайн маттахь арахоьцуш йолу книга. ХIоразза, воккхаверца, кIанта иза схьа а оьцура, цо соьга юха шен дегара маршалла а лора, «Дала сагIайойла бохура» а олура.

Суна иза чIогIа хаза а хетара. Цуьнан кIанте цу шен ден, сайна цкъа гина а, вевзаш а воцчу доттагIчун, цIе хатта суна эхь а хетара, гIоза йоьшийла бохура, алалахь а олура… Висмурадов Джандар хиллера иза, Цунна Дала гечдойла.

Суна иза гина, вевзаш вацара. Хьахош хезнера. Юха, цул тIаьхьа шоззакхузза а хьехийра ас иза цIерпоштаца цхьанхьа-м воьдуш, ларамза цуь — нан юьртахо кхеттачохь. ХIорамма а хазахетарца, иза шайна вовзарх дозалла дарца йоккхура цуьнан цIе.

Цу юьртара бевллачу дикачу къонахашлахь цхьана могIаре а хIуттура иза, сайн ойланашца, юха иза иштта шайн юьртахь хиларх суна дозалла а дора соьца хабаре бевллачу юьртахоша. Кху вайн Нохчийн махкана а, Россин йоккхачу пачхьалкхана а даккхий диканаш дина а, деш а схьабогIуш болу дика кIентий, къонахий шена чуьра схьабевллачу Нохчийн Хосин-Юьртахь Висмурадан Темирбин кIант Джандар дика вевзара. Иза шайна вовзарх дозалла а дора.

Джандар дуккха а шерашкахь школехь хьехархочун болх бина а, цул тIаьхьа школин директоран болх бина а, цул тIаьхьа дуккха а шерашкахь юьртда лелла а хиллера. Иза тIаьхьо хиира суна. Иза юьртахь а, махкахь а ца вевзича, муьлххачу къонахчуннанохчичунна эхь долуш, догдика, са маьрша, цIена стаг, ша дина дика, тIехьа шен цIе ца юьллуш, махкана дIалуш болчу къонахех волу цIена нохчи а хиллера…

Юха суна, сайн ойланашкахь ма-хиллара, вевзира Джандар. Аьлча а, ларамаза, дагахь а доцуш, боккха кхаъ хилира, Джандар дукха хан йоццуш хиллачу Парламентан харжамашкахь депутат а хаьржина, Парламентехь болх беш вуйла а хиъна.

Цига ваха ца хIуттуш лийлира дикка. Со вахара, жимма неIарехь а лаьттира, ийзалуш, айса хIун эр ду, муха вист хир ву, я соьца хабаре вала иза кийча ву, я вац, я цуьнан со тIеэцар муха хир ду цахааро воха а вина.

Цхьанна тIаьхьа волуш, Джандар аравелира чуьра. Иза ас сайн ойланашкахь тIе ма-лаццара хиллера.

– Де дика хуьлда хьан, – элира ас. – Со хьо волчу веанера, хьан хан елахь жимма вистхила, – аьлла, тIе а тухуш.

– Марша вогIийла, – къегира оцу стеган юьхь, шена бIе шарахь со вевзаш хилча санна.

– Муха яц хан, цу тIе, соьга ахь вистхила а ца бохуш, хьо хьуо вистхила веанехь-м муххале а вайша кийча ву, айса хабар дийца-м со башха къамелана говза а вац …

Со велакъежира, сайн ийзаваларх жимма маьрша а волуш, цо сайга охьахаа, аьлла, гайтинчу гIантана сехьа лаьттачу гIанта охьа а хууш.

«Со цига ца хуу, – элира ас, цига хьо хаа, Дела реза хуьлда!».

– КIант, суна хьо цхьаннах тера хета, дага-м ца вогIу, баккхийчеран иэс башха сема а ма ца хуьлу, – со баккъал а шена цхьанхьа ган а гина, шена со дагацаварна бехкала ваханера иза.

Ас сайн цIе яьккхира, юха фамили а, со стенгара схьавогIуш цуьнан хIусаме кхаьчна а…

– Марша вогIийла, – элира цо, – Марша вогIийла, со хьо волчу дIакхачале схьавеа хьо. Хьо жимма сиха хилла, со ладоьгIуш Iаш ма вара. Дела реза хуьлда хьуна!

Джандаран юьхь серлаелира. Со юха а бехкала вахана хьаьвзира. Царна Дала гечдойла, иза сан ден хеннара вара, деца цхьаьна цкъа а охахиъна воцчу суна, тамашийна дара дерриге а, хетарехь, цундела дара вохар а. Джандарана гира иза.

Цунна дерриге а гуш дара, сан хабарна тийсавалар а, дуьххьара кхаьчначу хIусамехь долу хьал цадовзаро, вохийна, ца алало дош а. Иза велавелира юха а: – Цкъа вайшимма хIинца чай мер ду, тIаккха къамелаш дийр ду шортта. – олуш… Тамашийна дара дерриге а…

Арахь мела догIуш хилла дерз а, муха доккху а ца хууш, Джандарца ас цу дийнахь даьккхина диъ сахьт а, цуьнан даьлла хилла самукъа а… Шайн дерриге а дахаран корматалла литература йолчу яздархошначул, поэташначул дика евзара цунна литература. Цо вешаза цхьа автор а вацара нохчийн литературехь.

Нохчийн фольклорана тIера дIаволавелла, ерриге а поэзи, проза, публицистика йийцира охашимма. Волалуш, маттана говза ца хетавелла хиллачу Джандара, цхьацца яздархойн суна евзаш хилла йоцу произведенеш а юьйцура, юха уьш церан кхоллаяларан хила мегаш долу бахьанаш а. Яздархочун хилла Iалашо а, цуьнан дуьнене цу миноташкахь хилла болу хьежамаш а цхьаьна…

– Джандар, и дерриге а дIа хIунда ца яздо ахь? – хаьттира ас.

– Сан и хан дIаяьлла. Хан ца йисина. Цу тIе, йоза дIаяздарх, юха иза талла деза, гIалатех цIандан деза, зорбане даьлла, нахала даьлларг довш дац бIеннаш шерашкахь, доллийначохь дисарна, хан цатоарна а кхоьру цхьадолчунна, – элира цо.

– Литературица а гIиллакхаш лоьцу-кх ахь, – со велавелла дагадогIу суна.

– Лоьцу, – ойлане велира иза. – Литература кхане ю вайн къоман. Селханенан, таханенан, кханенан зIе ю литература. Иза къоман меттан историн коьрта тIай а, кхетаман, ламастан коьрта бIогIам а хетта суна гуттар а. Ткъа къоман иза хиларан коьрта тоьшалла цуьнан мотт, меттан йоза ду…

– Джандар, вайн къоначаьрга, царна хьехар деш, хIун эр дара ахь тахана? – цу вевзаш а ца хиллачу стагах цецваларна юккъехула сайн хеттарш дан а гIуртура со.

– ХIун эр ду, тахана санна, вайн къомана шен мотт, шен мохк, шен синкхетам кхио, онддачу когаш тIе иза дIахIотто маьрша хан цкъа еана а яц, эр дара, – Джандар юха а ойланашка велира, ша дуьйцучунна юкъах а ваьлла. – Шерачу новкъахула атта хуьлу дIаваха. Дуьненан хийца йиш йоцу Iадат ду иза. Кху замане, кху хене вай муха девлла хаьа вайна. БIеннаш шерашкахь, хьалха а ваьлла, вайн къоман цIарах, вайх кхечу къаьмнашна, пачхьалкхашна хьалха жоп дала верас ца волуш хIаллакьхиллачу къоман цIарах, кхуьнан машаран, маршонан байракх хилла гIаьттинчу Кадыров Ахьмад-Хьаьжас дуьненна а дIагайтина вайн къам мел доккха иэс долуш, хьуьнар долуш ду.

Ас иза сайн юьртара вара, сайн гергара стаг вара аьлла ца боху. Ахьмад-Хьаьжа, еккъа цхьа тхан жимачу юьртан воцуш, тахана ерриге а вайн Нохчийчоьнан, ерриге а Россин Турпалхо хилар дуьненна а хууш ду. Иза цхьа а дуьне лоьхуш воцуш я дуьненан бахамах Iехалур воцуш, Везачу Делан, кху нохчийн къоман цIарах, кху къомана тIехь бIеннаш шерашкахь лаьтташ йолу харцо лан а ца елла, кху вайн Нохчийчоьнна тIера шен дахарх сагIа дина, араваьлла стаг вара.

Иза шен ворхIе а дайшкахь дуьйна вайн къомах дог лезначу дайх вара, нохчийн къам дезаш вара, нохчийн маттахь ойла еш, ша деш долу гIуллакх нохчийн маттахь деш, кху вайн Нохчийн махкахь деш, дан лууш вара. Массо хенахь а, жима волуш дуьйна. Делан цIарах, вайн устазийн, эвлаяийн хьехамех пайдаэцна, церан дуьнене хилла хьежамаш бевзина вара, церан гIуллакхаш дезна вара.

Оцу дериггено а ницкъ луш, схьавогIуш а вара. Иза иштта ца хилча, оццул доккха хьуьнар, доьналла, ницкъ цхьана стагехь хуьлийла а дацара. Цо иза шен хIора олуш долчу дашехь, хIора деш долчу гIуллакха тIехь, йоккхучу гIулчаца вайн къомана гайта а гайтира. Кху махкара, чуьрчу, арара чу веанчу шина мостагIчунна дуьхьал ша цхьаъ кху декъазчу къомаца ша висча а, бIаьрган негIар ца туьйхира цо. Цунна цкъа а диц ца лора шена тIехьа лаьтташ дийнна къам хилар, цхьана мIаьргонна а шен шеко хилахь, и къам духург хилар, шен а, шен къоман а цхьана а харцонна дуьхьал къардала йиш цахилар…

Везачу Делан пурбанца, эвлаяийн, устазийн накъосталлица велира Ахьмад-Хьаьжа, хIара нохчийн къам шена тIехьа а лачкъийна, оцу къизачу цIергара ара. Иза вайн къомана ша дийна мел ду, сийлахь, дуьненал а доккха масал хилла, ша машаре уггаре а тоьлла даха дезаш хиларан тоьшалла хилла латта дезаш долу бакъдерг ду.

ТIеман цIергара хIара къам даьллачул тIаьхьа, «Кху дерриге дуьненна а хиъна нохчашна тIом бан хаьийла а, нохчий майра, доьналла долуш къам дуйла а. ХIинца вай кху дуьненна нохчашна машаре баха муха хаьа а гойтур ду, Дала мукъ лахь», – элира Ахьмад-Хьаьжас. Суна хетарехь, кху дерриге дуьненал а доккха ду оцу дешнийн маьIна. Я суна хетарехь, цхьа нохчи дийна мел ву, и дешнаш дицдан вайн бакъо а яц.

Вайн къоман машаречу дахаран хьалхара гIулч яра иза. Яра, Везачу Делан цIарах, Делан пурбанца хIора нохчи – Да, нана, йиша, ваша, бер шена тIаьхьа а хIоттийна, Кадыров Ахьмад-Хьаьжас машарехьа болийначу некъан хьалхара гIулч. Ахьмад-Хьаьжин и гIулч Везачу Делан цIарца хиларе терра, иза кху къомана беркате а хилира. Амма къонахий дукха ца беха, Дала цунна гечдойла, цо шен дахарца хийцира вайн къоман машаре дахар. Хьалха ши некъ хIоьттича, АхьмадХьаьжас шен дахар дIа а делла, Нохчийн къомана машаре, маьрша дахар хаьржира.

– Джандар, чIогIа дика, чулацаме, хьекъале хьехар ду ахь деш дерг. Иза дийнна цхьа хьехам бу, муьлххачу а юкъараллина пайдехь хир болуш, Дела реза хуьлда хьуна, – олу ас юха а.

Джандар велало: «Бувайсар, дукха хан яра сан хIара ойланаш кийрахь кхехкаш йолу. Бакъдерг, бакъдерг ма ду, мухха долий а, цхьанхьахула хьаладолу иза. Бакъдерг дIаалар хIоранна тIехь хиларал сов, иза ма-дарра дIаалар декхар а ду хIора адаман. Со гуттар а сайга иштта шера хабар дийцалур дац моьттуш хилла. Дийцалуш хилла, ладугIуш волчуьнга хьаьжжина».

– Дала мукъ лахь, иштта хьан хьехамаш дIа а язбеш, нахана бовзуьйтур бу вайшимма. Хьан нохчийн литературах болу хьежамаш а бу Iаламат вайн юкъараллина кхетаме. Уьш а бовзуьйтур бу. Ахь хьо дIаяздан хIуттур вац, куьйгана шарвелла вац, бахахь, ас дIаяздийр ду, ахь дуьйцур ду, вайшиъ сихсиха цхьаьнакхетар ву…

Джандар, резахиларца, велавелира. Суна чIогIа тайра иза резахилар. Нохчийн юьртара хIора а воккханиг, цхьа шатайпа дуьне хиларх, хIора воккханиг шатайпа, цхьаъ вукхунах тера йоцу гIала хиларх воккхавеш леллачу суна, кхин цхьаъ а лакхе, кхин цхьаъ а ирхе, кхин цхьаъ а лам карийнера вайн кегийчарна масаллина дIагайта.

– Ас, пхи-ялх шо хьалха, хьан «Ши са» цIе йолу дийцар дешнера, – элира Джандара. – Ас дукха ойла йина цуьнан, иза а ду хьуна цхьа ша къаьсттина дуьне санна кхетаме хIума. Юха хьан ненах йолу стихотворени… – со жимма ойлане велира, цунна со а вевзаш хиларх цецвала сайн дисина цу миноташкахь хIумма а доццушехь. Корта дIаберзийра ас сайн тIунделла бIаьргаш ца гайта, юха шиъкхоъ легашкахь цхьа беса къурд а бира.

Джандара чохь хи долу стака кховдийра соьга, юха ша а бира хинан къурд.

– Дела реза хуьлда хьуна, Дела реза хуьлда хьуна а, кху Нохчийчохь нохчийн маттахь ойла еш мел волчунна а, – тIетуьйхира цо. – Со теша шу денна алсамдовлуш, кху вайн нохчийн махкахь шортта, алссам, юха жимма хан яьлча, ерриге а Нохчийчоь хирг хиларх. Иза иштта хилийта къахьоьгуш, шен дех масал эцна схьавогIуш ма ву тахана кху мехкан Куьйгалхо волу вайн паччахь а.

Рамзан санна болу къонахий а бац хьуна, бIеннаш шерашкахь, наггахь бен къома юкъахь бовлуш. Нохчийн махкахь вина, нохчийн юьртахь кхиъна, нохчийн маттахь ойла еш волу паччахь, кху Нана-Нохчийчоьнна кхачийтар Везачу Деле доIанашца доьхуш, хийла дика къонах дIаваьлла кху махкара.

Цу къонахашна хууш хилла дерриге а. ХIара де, хIара зама хилла цу къонахаша вайн махкана ехнарг. Дикка бIаьрг биллина, кху мехкан цхьана ураме бIаьргтоьхча, нохчийн муьлххачу юьрта кхаьчча, хьажар серладолу, даг чу дозалла дуссу хIора а нохчичунна, ша кху Нохчийчохь вина, нохчи хиларх.

Нохчийчоь шена гIенах а ца гинчу диканаша юьзна тахана, тахана хIун хала ду ваха, вала. Тахана кху Нохчийчохь цхьана нохчийн ненан, беран бIаьргех сингаттаман бIаьрхи ца далийта, шен са а дIадала кийча, араваьлла, де а, буьйса а доцуш лелачу паччахьал а деза хIун хир ду, хIун хила догIу цхьана а махкана, цу махкарчу цхьана а вахархочунна?!..

Хьуна дагайогIур яц, суна дагайогIу, Бувайсар, вайн ламанцара ярташ хьалха. Дукхахйолчу ярташкара урамаш, машенахь-м стенна дуьйцура, говрахь а дехьа ца валалуш, доьхна дара. Ткъа тахана цхьа юрт, цхьа кIотар яц цу хенан лар йисина. Дукха хан а ма яц иза. Туьйранахь санна, сиха вайн махкахь хиллачу хийцамех цецдаьлла дерриге дуьне а ду. Вайн маьждигаш, вайн гIаланаш, ярташ, вайн ерриге а Нана-Нохчийчоь …

Тахана хала дац вайн кегийчарна баха. Деша, корматаллаш караерзо, маьрша, машаре дIасабаха, махкана, къомана, доьзална оьшу муьлхха а хьашт, гIуллакх дан некъаш даьстина ду. ХIиццалц нохчи ву аьлча, кхидолу къаьмнаш хьоьга цхьана талорхочуьнга санна ма хьоьжура, иза а дага ма догIу вайна.

Ткъа хIинца, хIоранна а дозалла хета шена нохчи вовзар, нохчичуьнца гергарло хилар, и гергарло таса шен аьтто хилар. Доккха хIума ма ду иза. Вайн паччахьа вайна дина доккха совгIат ду. Стенгга кхаьчча а, хьо муьлхачу къоман векал ву а хууш, дозаллица тахана хьо нохчи хилар дIаала йиш хиларал а доккха хIун хир ду?!

Со кхета, суна хаьа цунна мел хала ду, цунна тIехь лаьттарг мел доккха дукъ ду. Делан цхьана доккхачу орцанца, Цуьнан лаамца бен дIакхехьалур долуш хIуманаш а, я гIуллакхаш а ма дац хIорш дерриш а. Боккха болх бу, ойла йина ца валлал ницкъ, гIора, доьналла, рицкъ оьшуш хIума ду цхьа юрт, цхьа урам, цхьа гIала, йоццачу хенахь, тойина, кечйина дIахIоттор.

Ткъа дийнна мохк, цу мехкан хIора кIотар, хIора кIотаран хIусам… бохург-м туьйра санна хIума а хета. Амма цул а доккха хIума ду шина тIамо хьаьшна, синкхетам артбина, кхерамо охьатаIийна, сингаттамо Iовжийна лаьттина адамийн синош, церан амалш, церан дуьнене болу хьежамаш цхьана хорша берзийна дIахIиттор. Иза кхин а онда, боккха болх бу.

Цу гIуллакхна хан еза. Цу гIуллакхна хIора адаман, ненан, ден, вешин, йишин, беран сине кхача, хIораннан дог хьаста деза. Иза ду Iаламат чIогIа ницкъ оьшуш хIума. И массо гIуллакх тахана цхьаьний хьалаайбина, шеца схьадохьуш волчу вайн паччахьна а уггаре а чIогIа вайга далун долу накъосталла, цуьнан ойланца ойла, гIуллакхца гIуллакх, лаамца лаам болуш, хIора нохчи а цхьаъ хилла дIахIоттар ду. Дала мукъ лахь, вайгахь иза долуш а ду. Цунах воккхаве со чIогIа.

– Джандар, Дела реза хуьлда хьуна, ахь хьайна ницкъ бо, – элира ас. Амма цу юккъехула, цхьа а дош кIордош доцуш, дуьйцучуьнга ладегIа а сайна чIогIа луъушехь. Ас хьо кIадвеш санна а хета суна-м.

– Дела реза хуьлда хьуна, – элира цо юха а. – Дела реза хуьлда. Сан чIогIа самукъадаьлла хьо веана. Вайшиъ вовшахкхетта. Суна хетарехь, оццул дукха, даггара хабар цкъа а цхьаьнцца а дийцина дацара ас.

Суна тахана кху дерриге къомана хьалха а ваьлла, кхуьнан хьашташна, де-буьйса а доцуш, лелачу Рамзанна хIора а урам, хIора а юрт, цIа, хIора кертара хIора дитт, кол… массо а цхьаъ хилла накъосталлица дIахIотта лаьара. Цхьанна шена дIатекхо даккхий, хала хIуманаш ду цу кIанта шена тIелаьцнарш. Хала дара аьлла, къарвелла юхавер волуш-м иза а вац, шен диканна тIера, суна иза вевза, церан дай а бевзара, церан амалехь дац иза.

Амма хIора а цхьаъ хилла Рамзанца цхьаьна дIавахча, кху мехкан синкхетаман, къинхетаман, доьналлин гIала кху дерриге дуьненал а лекха хир яра-кх… Со юха а цецвелира. Юьхьанца маттана шера вац моьттинчу Джандаран меттан дешнаш а, масална далош долу дустарш а йозанийн дустарш дара, цхьана даккхийчу, хабар кIезиг дуьйцуш, йозанан, кханенан кхетам Дала шена беллачу адамийн масалш. Цо дуккха а дуьйцура со цец а вуьйлуш долу хIуманаш. Юха дуьненан исбаьхьаллин литература а йийцира охашимма. А.Дюма а, Л.Толстой а, Ф.Достоевский а…

Со воккхавера и волчу со кхаьчна. Цуьнан хабарехь цхьа а эрна, алархьама аьлла я олуш дош дацара. ХIора ойла, хIора дош даггара дара, иза иштта хиларо иза кIад а ца волуьйтура…

– Джандар, ас цхьацца ахь дуьйцурш дIа-м яздира, амма дерриге а дIаяздан тIаьхьа ца кхуьура, кхин тIе ас дIаяздеш дуйла хиъча, ахь иштта дика дуьйцур а дацара, – велавелира со.

– Иза-м ду, дIа а яздойтуш, меллаша дийца суна хуур а ма дацара. – ХIумма а дац, ас сайна дагахь латтор ду ахь дийцинарг, юха дIаяздийр ду, – тIетуьйхира ас юха а. Резахиларца корта ластабар доцург, Джандар кхин вист а ца хилира. Кхо сахьт сов хан яра охашимма къамелаш ден. Хан сиха дIаяьллера. – Со хIинца воккха хилла жимма, – элира цо юха а. – Жимма воккха хилла, дIаяздан хан башха йисина а яц, цу тIе, денна яздеш, куьг цу гIуллакхна марзделла ца хилча, хIинца дIаяздан Iама а ма яц хан а.

– Ма хIума дацара иза, – элира ас. – Цхьа а хIума дац, ас дIаяздийр ду, ахь дуьйцур ду, Джандар. Ахь деш долу къамелаш а, хьан кху дахаран зеделларг а доккха масал долуш, доккха, мехала хIума ду хIокху вайн махкарчу хIора тIекхуьучунна а.

– Дала диннарг хир ду. Дала хан лахь, дIаяздийр ду, Дала мукъ лахь! Хьо а схьавола, со хьо волчу а вогIур ву. Жима ву, алий, къахкий ма Iелахь. Хьо сан гергара стаг ма ву… ДIаяздийр ду вайшимма, ахь ма-баххара, – Джандар юха а реза хилира …

Со аравелира, юха цхьа жимма хан яьлча, со иза волчу вогIур ву, Джандара дийца а дуьйцуш, ас дIа а яздеш, цхьацца белхаш бийр бу, аьлла, барт а хилла. Амма юха гар нислур долуш ца хиллера. Я Джандар со волчу вар а доьгIна ца хиллера, мел халахеташ делахь а.

Дахаро, дуьненан Iадато шениг дуьтуш хиллера. Заманан теш хуьлий, хIара дуьне кхолладелчахьана схьадогIучу шераша дахаран некъаш стенгахь хадор ду ца хуучу ас вогIур ву, юха вовшахкхетар ду… бахар а хиллера эрна. Со могаш воцуш хилира, цхьацца бахьанашца махкара араваьлла лела дийзира. Юха цIа веъча, Джандар воцуш ву, элира соьга. Со ца тийшира дуьххьара. Иштта хуьлуш а ма ца хуьлу…

Сайн дерриге а дахарехь цкъа дуьххьара гина стаг, бIе шарахь вевзаш хилча санна, вовшех самукъадолуш дина къамелаш а, юха и дерриге а дуьтуш, цуьнца къамел кхин цкъа а айхьа дийр доцийла хаар а… Со суо висвисинчохь ойланаш йора ас. Суна цу воккхачу стеган хIора хьажар дагахь лаьттара, юха охашимма дина къамелаш а, цо сайна мел дина хьехар а, вайн бахархошка, тIекхуьучу къоначаьрга дIаала лууш цо дагахь къийлина цуьнан и сийлахь бакъдерг а, цу стеган маьрша, сирла ойланаш а, кIоргера синкхетам а…

… Цул тIаьхьа дикка хан яьлла. Амма и цхьаьнакхетар суна гуттар а дагахь дара. Я диц а цо лора цкъа а. Юх-юха тIевоьрзуш, масийттазза кху йозанашна тIе а вирзира со. Юх-юха а кху тIера хьала а гIоттура, ас яздинчунна, я дIадолорна, я юкъахь нисделлачунна сайна ма-гарра, нийса дIаала хьекъал а, дош а, я элп а ца карадора. Юха айса долийначух дийца, яздан долийначух ма-барра мах хадо ницкъ цакхачарх дагахьбаллам а хуьлура…

Джандаран ойланаш кхин а еза яра. Цуьнан хIора дош а, хIора могIа а, хIора хьажар а яра цхьа ша къаьсттина ойла. Цхьа ша къаьсттина хьехар, шатайпа масал. Я тIаьхьакхиъна цаваллал долу дика. Ткъа оцу шадолчу шегарчу диканашца цхьаьна иштта стаг дуьненара дIавахар-м – иза боккха бохам а бара, цу бохаман дакъа кху берриге махкана а кхочушдуйла хаар уггаре халаниг а дара, хIора дийнахьсуьйранна хIара могIанаш яздан дIаволалург со хиларан чIагIонаш а яра айса-сайна еш…

… Ши-кхо де хьалха, Парламентехь Джандаран гIоьнча хиллачу Исмаилов Муслиме телефон туьйхира ас. Иза стенгахь ву, хаьттира. – Со балхахь ву, – элира Муслима. – Схьаволий со, со стенна оьшура хьуна? – аьлла, тIе а тухуш.

Цу цхьана дийнахь бен сайна гина а воцчу цуьнга а элира ас: «Волахьа, хьайна хала дацахь. Со балхахь ву хьуна. КъинтIера валалахь хьайга иштта аларна, – аьлла, тIе а тухуш. Юха дохко а велира со суо цига дIацавахарна, сайгара даьлла ийзавалар, тIе а ца лацалуш, сайна хиллачух цакхетаран ойла а еш.

Дукха хан ялале чу велира Муслим. Иза велавелира: «Нохчийн маттахь кху дуьненахь а цхьаъ бен доцчу газетан редакци кхечи-кх со тIаьххьара а», – аьлла. Ас: «Кхечи», – элира. – Хьо, иза Дала декъалвойла, Джандарца ван везаш ма вара кхуза. ДоьгIна ца хилла, вай ма-дийццара, шуьшиъ цхьаьна кхуза вар, цундела, цуьнан безамна лиира суна хьо схьавогIийла. Дела реза хуьлда хьуна! Муслим, къинтIера валалахь хьайга иштта, цIеххьана схьакхайкхарна. Цига дIаван со цахIоттар хIун ду, хIинца а тIаьхьа кхуьуш вац хьуна со, – аьлла. КIант ойлане велира.

– «Кхета со, – юха а дIасецира иза. – Со массо хIуманах а кхеташ ву. Со суо а лийлира хьуна и хьан доттагI дIаваьллачул тIаьхьа, цу тхайн белхан чоьнехь хIоьттинчу есаллех ца кхеташ, цунна тIаьхьа ца кхуьуш, иза тIе ца лацалуш, ладоьгIуш. Амма дахар дIадоьдуш ду. ХIинца а Джандар вацара аьлла ца Iаш, ван мегар ма ду хьо тхо долчу. Хьо цуьнан веза хьаша хилла дIахIоьттинера цу цхьана дийнахь. Иза цахиларх, хьо тIе лоцур воцуш ма дац тхо. Цуьнан кIант ма ву цигахь, цхьа жимма а цул оьшуш а воцуш…».

Муслим ойлане велира юха а. Со а Iара ладоьгIуш. Тхойшиъ Муслимца цу цхьана дийнахь гинера дуьххьара, цул тIаьхьа ца гинера, цкъа а. Я вовза а ца вевзинера иза Джандар волчохь галлац. – Со Джандар волчу чохь болх бина ву хьуна дуккха а, – элира, жимма ладоьгIуш Iийначул тIаьхьа.

– Цуьнан хьехаршка дукха ладегIна а ву. Соьца а гергарло лело мегар ду хьуна ахь. Цо сих-сиха ма хьахавора хьо, – аьлла.

– Муслим, цуьнца кхузза, доьазза вовшах мукъане а кхетта хиллехь, ма дукха хIума хир дара сан дIаяздан, – ас айса къайлаха еш хилла ойланаш йовзийтира ас веанчунна.

– Дера хир дара, – ойлане велира Муслим юха а. – Хьуна иза дика ца вевзара, суна кхин а дика ма вевзара иза. Иза тамашийна стаг вара. Къонах вара-кх вуьззина. Хийла стагехь хир доцу гIиллакхаш дара цуьнгахь. Я цунна и шен гIиллакхаш, юха шега хьахийча дага а ма ца догIура.

Цо цхьанхьа цхьанна цхьа рогIера дика гIуллакх а дой, юха пхи минот а ялале иза шега хьахийча, цо иза башха схьалаьцна а ца хуьлура. Муьлхха а стаг чувеача хьалаайбавалар, маршалла хаттар, дIавоьдучунна тIаьхьавалар санна долу, цхьа атта, гуттаренна а муьлххачу а нохчичун цIийх доьлла долу гIиллакх санна хетара цунна, ша муьлхха а деш долу диканиг.

Цу тIе, цуьнан массо а гIиллакх цхьа бакъволчу къонахчун гIиллакх дара… – дуьйцура Муслима. Ас ладоьгIура. Муслима дуккха а дуьйцура, ша балхара эха сохьтана араваьлла, веана хилар диц а делла.

– Джандар школехь хьехархочун болх бина вара, юха школехь директор а Iийнера, дуккха а шерашкахь юьртан да а лаьттинера. Берашца, цул тIаьхьа адамашца, цхьаьна, дукха белхаш бар бахьана долуш, адам тIе ма хьаьжжинехь девзара цунна. Дика хаьара хьаьнга хIун дийца, хьанах хIун тешон мегар ду. Цунна хилла хир дара цуьнан хьуна тIе бIаьргхIоттар а…

Цо цул тIаьхьа а, шозза-кхузза, ма хьехийра хьо. Кхин а йоккха цуьнан кху дахаре йолу марзо а, дуьненахь диканиг дика хилар, вониг хьаьнггара даьлча а, вон хилар а хаар бахьана долуш, кхиийна цо шен доьзал а, иштта, къонахалла йолуш. Джандара исс доьзалхо кхиийна. ХIора а ву тахана кху махкана, кху вайн Даймахкана хьанал къахьоьгуш. Кху мехкан цхьа хIума гал ца далийта, шен са а дIалур долуш, кху махкана, кху вайн мехкан куьйгалхочунна хьанал. Дела реза хуьлда царна а…

– Муслима меллаша, дуккха а дуьйцура. Цунна дуккха а дийца а лаьара цу тамашийна амал йолуш хиллачу, вийцарехь вевзаш, амма сайн дахарехь суна цкъа бен гина а хилла воцчу стагах. Ас ладоьгIура. Юха тхойшиннан хилла долу къамелаш а, тамашийна тхойшиннан цхьаьнабогIуш хилла кху дахаре хьежамаш а дагаоьхура суна. Юха цуьнан хьехарш а. Мел хилла болу лаамаш а, цуьнан мел хилла сатийсамаш а… Охашимма юха вовшахкхетча, аьлла, дIадехкина хилла гIуллакхаш а…

… Шен сохьта тIехь хан мел яьлла а хьаьжна, Муслим аравелира. ДIавахара. Сайн йозанашца со суо висира юха а. Ас юха а ойла йира айса яздан долийначу кху жимачу, амма доккхачу цу цхьаьнакхетаран. Ши шо а даьлла цул тIаьхьа. Цул тIаьхьа дукха хийцаделла денош, беттанаш. Нохчийчоьнан юьхь а, кхуьнан хIора ураман, цIийнан, гIалин аматаш а ду денна керлачу куьце, сибате довлуш, хазлуш…

Кху мехкан хIора серлоно хIоразза а дагайохкуьйту вайна юкъара дIабевллачу, амма гуттар а вайца цхьаьна хинболчу, кху мехкан хIора дика шен ойланашца, гIуллакхашца, сирлачу хьежамашца Деле доьхуш, бакъдуьнена бирзинчу къонахийн сатийсамаш, церан хьежамаш, церан вайга дуьйцуш, я ца дуьйцуш, амма, гуттар а синехь кхобуш, цу къонахаша шайца дIадаьхьна а хеталуш, амма вайца цхьаьна даха дитина долу, тахана цу къонахийн сийнна вайн мехкан куьйгалхочо денна кхочушдеш схьадохьуш долу, цу къонахийн сирла, цIена, Нохчийн мехкан лаьмнаш санна долу, даккхий, лекха, сийлахь весеташ…

Висмурдан Темаркъин Джандар а вара ишттачу къонахех цхьаъ. Дала гечдойла хьуна, Джандар!

Б.МОВСУРОВ
№11, чиллин (февраль) беттан 12 де, 2019 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: