Пондарча, мукъамча, илланча

Хьалхара дош

ХХ-чу бIешеран 70-гIа шераш беркате даьхкира нохчийн къоман музыкальни культурина. ПохIмечу артистийн керла цIерш гучуевлира, башха иллеш даьхкира вайн дахаре. Царах дукхахдерш вайн махкахоша безамца тIелецира. Ишттачарех цхьаъ дара И.Джабировс дешнаш яздина, М.Амирхановс мукъам баьккхина, Кагерманов ИбрахIима дIааьлла «Барият» цIе йолу илли.

Хетарехь, вайн махкахь наггахь а стаг хир вац и илли ца девзаш. Цхьана хенахь массо цIийнан диллинчу корехула, йоьдучу машен чуьра, кегийрхой гулбеллачу майданера схьахезаш дара иза, уьттазза ладоьгIча а, кIордош а дацара.

Кавказан Iаламан хазалла, зевнечу шовданийн исбаьхьа декар, бIаьстенан сийналла къагийначу зезагийн эсала техкар хаалора цуьнца.

Хьох летта дуьххьара сан безам.
Бац сан даг чохь кхин ирсан лехам.
Даго дина хьо каро нигат,
Сан седа, сан безам Барият.
Барият, Барият...
Даго дина хьо каро нигат,
Сан седа, сан безам Барият.
ДIаийна хьоьх жима сан ойла,
Яц сан хьох дIаваьлла кхин Iойла.
Хьо йоцчохь ца хуьлу сапаргIат,
Массарел хазаниг – Барият... Барият, Барият...
Хьо йоцчохь ца хуьлу сапаргIат,
Массарел хазаниг – Барият...

Иллин дешнел чIогIа, ладогIархойн дегнех кхеташ дара тахана Нохч-ГIалгIайн Республикин культурин хьакъволчу белхахочо, ГIалгIайн Республикин халкъан артиста Кагерманов ИбрахIима тIаьхьарабалочу аккордеонан аз.

«Барият» илли юкъадаьллачу муьрехь дукха мехкарий бара Барият цIе йолчу йоIах хьоьгуш, къона иллиалархо вовза лууш. Дикка зама дIаяхара илли хьахийначохь ладогIархойн юьхь-сибат серладолуш, оцу иллига болу безам гIел ца луш.

ИбрахIимна АллахI-Дала ца кхоош делла похIма дара цунна «бехке». Цуьнан похIма бахьанехь, лараме хьаша хилла, хIинца а вехаш ву иллиалархо вайн махкахойн дегнашкахь.

Аьрха бералла

Шен нийсархойн санна, хийрачу махкахь дуьнен чу валар хилла Кагерманов ИбрахIиман а.

1944-чу шеран чиллин (февраль) баттахь Сталинан хьадалчаша вайнах махках баьхначу муьрехь, ГIиргIизойн махкахь дIатарбелла бара цуьнан дехой.

Вайнах махках бахале Къилбаседа Кавказехь гIараваьлла вевзаш пондарча вара, схьавалар нохчийн ширачу Гелдагана юьртара долу ИбрахIиман да ТIитIа.

Цхьана хенахь Нохч-ГIалгIайн пачхьалкхан хелхарийн, эшарийн ансамбль вовшахтухуш, Мепурнов Георгийца, Халебский Алексадраца доггах къахьегна, дечиг-пондар локхуш, ансамблан солистан даржехь болх бина вара иза. ГIиргIизойн махкахь ялийра ТIитIас Хьурмат.

ТIитIин, Хьурматан дуьххьарлера доьзалхо ву 1948-чу шеран бекарг (март) беттан 15-чу дийнахь дуьнен чу ваьлла ИбрахIим. Когавахар а, моттIамар а ГIиргIизойн махкахь хилла цуьнан. Аганахь волуш дуьйна, нохчийн халкъан мукъамаш хаза ирс хилла кIентан.

ИбрахIиман да вара халкъан бартакхолларалла дика евзаш а, алссам вайнехан турпалаллин иллеш дагахь хууш а. Iаьнан ехачу буьйсанашкахь, сабIарзделлачохь, дечиг-пондар схьаоьций, иллешца самукъадоккхура цо чугулбеллачеран.

Дейиша яра кехатпондарца хаза эшарш локхуш. Нана а яра лерса сема долуш, нохчийн къоман мукъамех самукъдолуш а, кест-кеста берашца ша йисинчохь, узам беш а. Цундела, чIогIа тамашийна хетара дара ИбрахIимна нохчийн къоман мукъамаш хийра хиллехь. Делан къинхетамца, цуьнан синбIов хилла дIахIиттина уьш. Нохчийн халкъан мукъамийн шатайпаналла, хIайкал санна ларъеш, Iалашъеш, кхиош чекхволуш ву иза шен дахарехь.

1957-чу шеран кхолламан (январь) баттахь Кавказе цIаберза некъамаршо елира, Сталинан хьадалчаша махках баьхначу вайнахана. Шен кегий доьзалш а балош, дай баьхначу махка цIавирзира Кагерманов ТIитIа а.

Бакъду, шен дай схьабевллачу Гелдаганахь ца соцуш, доьзална напха даккха, берашка дешийта бегIийлаш лехна, Гуьмсе дIакхелхира иза.

1958-чу шарахь Гуьмсерчу цхьана школин 1-чу классе деша вахара ИбрахIим. Юкъарчу дешаран школе вахана ца Iаш, Гуьмсерчу музыкальни школе а деша хIоьттира хьуьнаре кIант, оццу шарахь. Кхиболчу шен нийсархойн санна, аьхкенан довхачу деношкахь хи тIе лийча вахар а, аьтто баьлча, буьрканах ловзар а нислора цуьнан аьрхачу бераллехь.

Амма дукхахйолу хан пондарца йоккхура цо. Пондарх самукъадолура, иза цуьнан синкхача хилла дIахIоьттира, дуьнен чохь кхидIа яккха йисинчу ханна. Музыкальни школа кхиамца чекхъяьккхира цо. Юккъерчу школин бархI класс а, музыкальни школа а цхьаьна чекхъяьккхина велира иза 1964-чу шарахь.

Оццу шарахь Соьлжа-ГIаларчу музыкальни училище деша а вахара. Говзалла шаръян аккордеон Iамош йолу класс яра кIанта хаьржинарг. Ерриге а Къилбаседа Кавказехь а уггаре а тоьллачарех цхьаъ яра, оцу муьрехь, Соьлжа-ГIалара музыкальни училище.

Москвахь, Ленинградехь, Киевехь, Тблисехь консерватореш кхиамца чекхъяьхна похIме хьехархой бара цигахь дешархошна мукъамийн къайленаш йовзуьйтуш. Иштта, ма хетта атта дацара училищехь деша. Луьрачу зерех чекхвала дезара деша дIахIоттархьама. ИбрахIим хала ца велира оцу зерех чекх. Цо дика дешнера Гуьмсерчу музыкальни школехь. Иштта, дика дийшира музыкальни училищехь а.

1968-чу шарахь училище чекхъяьккхина волу иза, НажиЮьртарчу кIоштан культурин цIийне балха хьажийра аккомпаниаторан дарже. Къилбаседа Кавказехь а, девзаш долу похIме адамаш дара Нажи-Юьртарчу культурин цIийнехь болх беш: Эльмурзаев Бека, Бушуев Мохьмад, Церебицев Элемар, Оздамиров Бека, Салманов Iилман, иштта дуккха кхиберш.

Шайн кхоллараллехь хьалхара гIулчаш йохуш бара, тIаьхьо нохчийн къоман дозалла хилла дIахIуьтту болу, къона иллиалархой: Усманов Iимран, Дадашева Тамара, Абдукаримов Илес, Эльдерханов Ахьмад, иштта кхиберш а. Церан башхачу кхоллараллин юьххьехь лаьттина ву Кагерманов ИбрахIим.

Цигахь язбина композитора шен дуьххьарлера мукъам а. Иза гIараваьллачу нохчийн поэтан Сулаев Мохьмадан дешнаш тIехь даьккхина «Ялахьа орцах» илли ду.

Бузучу малхаца дарин бос эцна,
Малхбузе йогийца стиглах цIеяьлла.
Оьздачу безамца даг чу нур хецна,
Хьан амат догийца малхах схьадаьлла.
Маьлхан хIоз чукерчи буьйса тIейоьхуш.
Дуьненна тIехаьрци стигланан бога.
Эзарне, седарчашка гIо эрна доьхуш,
Дог Iийжаш, сан чIогIа, цIеяьлла догу.

Дуьххьара Кагерманов ИбрахIима ша мукъам баьккхина дIааьлла илли ду иза. ТIаьхьо РСФСР-н халкъан артиста Дагаев Валида, шен репертуаре схьаэцна, дIаолуш а дара иза.

Кхиаран шераш

Нажи-Юьртахь болх бар дукха ца хилира Кагерманов ИбрахIиман. Советийн заманахь ламасте дирзина дара дешна бевллачу кегийчу нахана Даймахкана декхар дIадалар тIедожор.

1969-чу шарахь эскаре гIуллакх дан ваха дийзира ИбрахIиман. Гена меттиг яра хIара дIахьажийнарг. Генарчу Малхбалехь (Дальний Восток) лаьтташ дара, цо бIаьхаллин некъаш идийна, эскаран дакъош. Амма бераллехь дуьйна нуьцкъалчу амалехь хьалакхиъна жима стаг, доьналлица чекхвелира оцу зерех а.

ХIара музыкант хилар хааделлачу командираша кхунна тIедиллира салташна юкъахь исбаьхьаллин самодеятельностан тоба вовшахтохар. Цунах Iехавелла вайн махкахо, самукъадаларца, тIевирзира шена тIедиллинчу гIуллакхна.

Цо дийнна вокальни ансамбль вовшахтуьйхира масех бутт балале. И.Кагерманов аккордеонца гергарло хилла Iаш вацара. Цунна кхиболчу мукъамийн гIирсашца болх бан а хаьара, цул сов, зевне аз долчу цо, муьлхха илли дIаолура, хьовсархойн зал йийсаре а лоцуш.

ХХ-чу бIешеран 70-чу шерашкахь хиллачу дукхахболчу оьрсийн иллиалархойн репертуар цунна дагахь хууш яра. Муьлхха илли, оьрсийн маттахь дIаала корматалла а яра. Цундела, дукха хан ялале, генарчу малхабалехь гIараваьлла иллиалархо хилира Кагерманов ИбрахIимах.

Муха долу ца хууш, дIаделира ши шо.

Толамийн ирхенашка

1971-чу шарахь, эскарехь гIуллакх дина ваьлла, цIавирзина Кагерманов ИбрахIим, Хьалха-МартантIерчу кIоштан культурин цIийне балха хьажийра. Кхузахь а вара иза аккомпаниаторан даржехь.

Делахь а, вайн турпалхо цкъа а Iийна вац цхьана балхах тоам бина. Илли дIаолучу артисташна тIаьхьара пондар балорал сов, иза ша а вара даима а шатайпанчу башхаллица къаьстачу озаца илли дIаолуш а, керлачу иллешна мукъамаш бохуш а. Цигахь болх бечу хенахь баьккхира цо Сулейманов Ахьмадан дешнаш тIехь «Ма ала соьга» цIе йолчу иллина мукъам. Юьхьанца ИбрахIима дIаолуш а дара и илли.

ТIаьхьуо, авторийн кхолларалла тайначу, вайна массарна дукхавезаш хиллачу Дагаев Валидан репертуарехь а хааделира иза.

Бовхачу безамца хьайга дог кхийдаш,
Хьо ца гуш дахна де кхоьлина хеташ,
Мацалла, хьогалла хьо йолчохь йицлуш,
Хьуо езачуьнга ахь йицъе ма ала!
ХIара дуьне дита а хир ву со реза,
Амма со дуьнен чохь мел веха гIоза,
Самах а, гIенах а хьо сайна езар
Далхадеш вехар ву: йицъе ма ала!

Мукъамаш бохуш, ИбрахIима шен репертуаре схьаоьцуш хиллачу иллеша гойту цунна къоман литература евзаш хилар а, кхоллараллин болх бан дешнаш цо леррина лохуш хилла хилар а. «ХIара ма делара кхуьнан репертуарехь» ала, цхьа а илли дац цуьнан кхоллараллехь.

Дукха иллеш ду безамах лаьцна. Амма царах цхьа а нохчийн къоман оьздачу гIиллакхашца ца догIуш а дац. Цаьрца хаало композиторан сирла са, цIена ойла, халкъе, махке болу безам. ИбрахIиман ерриге а кхолларалло тоьшалла до нохчийн халкъаца доьзна мел дерг цуьнан дагна уллера, хьоме хиларна. Композиторан мукъамаш нохчийн халкъан бартакхоллараллин хIо детталуш ду.

Цаьрца еха къоман амал, дахаран зевне аьзнаш. Иза къаьсттина билгалдолу, Нохчийн Республикин халкъан поэтан Рашидов Шаидан дешнаш тIехь композитора даьккхинчу, «Сан ойла» цIе йолчу иллига ладоьгIча.

Сан ойла ю новкъа яьлла,
КIадъялар, садаIар дайна,
Ницкъ хилча, доггах дош аьлла,
ГIашлочун воьду некъ байбан.
Цомгашниг меттара гIатто,
БIаьрзечун бIаьрг серлабаккха,
Езарна зезагаш латто,
Къоначун дог тIомадаккха...

Дийца даьккхинчуьра ала догIу, Рашидов Шаидан дешнаш тIехь даьхна иллеш, къасттина, лакхара мах хадош, дукхадезаш тIелаьцна ладогIархоша. КIорггера маьIна долуш, цIеначу ненан маттахь уьш яздина хиларал сов, зевнечу мукъамца церан варкъдаккхар а говзаллин лаккхарчу тIегIанехь нисделла композиторан.

Цкъа мацах безамо ойла тIомаяьккхина хиллехь а, хIинца хIиттинчу хьелашкахь шен юьхь ларъян доьналла долуш караво вайна цуьнан лирикин турпалхо. Цуьнан амало а, цуьнгахь долчу гIиллакхо а йийсаре лоцу ладогIархойн ойла, тешаво, заманан йохалла жимачу стагана шен ирс карориг хиларх.

Иштта, ойланаш кхоллало ИбрахIима мукъам баьккхина, цо ша дIаолуш хиллачу «Хьуна моьтту…» цIе йолчу иллига ладоьгIча.

Хьуна моьтту, велакъежча,
Хьалха санна еза хьо,
ГIиллакх лаьцна, новкъахь сецча,
Юха хьайна туьйсу гуо.
Моьтту, айхьа дуйнаш биъча,
ШолгIа теша кийча ву,
Я, букъ тоьхна, лаьтташ гича,
Сайга хьажа бохур ду...

Боккхачу безамах а, нохчийн кIентийн нуьцкъалчу амалх а ду ИбрахIима Ш.Рашидовн дешнаш тIехь даьккхина «Хьуна ма моьттийла…» цIе йолу илли а. Хууш ду бакъболчу безамо къаьмнаш ца къестадойла.

Мехкан дозанца сацалуш бац безам. Къоначийн ойла тIомайоккху цо, ховха тIам ластабой, паналлехула дIаюьгу, вина мохк, дай баьхна латта дицдеш… Амма Кагермановн иллийн лирикин турпалхой иштта бац. Цаьргахь синъондалла карайо безамна суждане ца баха. Шайна мел хала делахь а, езачух къаста, Делан къинхетамца уьш цIабоьрзу «Даймехкан ара».

Цунах ду Кагерманов ИбрахIима ХХ-чу бIешеран 70-чу шерашкахь даьккхина «Хьуна ма моьттийла…» цIе йолу илли.

Хьуна ма моьттийла, Даймехкан арахь
Зезагаш кхачийна, хьо йолчу веана,
Я сайна езачу, хазачу гIалахь,
Кхечарна ца оьшуш, дог хьайна деана.
Хьуна ма моьттийла, Кавказан ломахь
Шовданаш кхачийна сан кийра Iабо,
Я доггах дезачу хьомсарчу къоман
Седарчий кIезиг ду сан керта дало...

ПохIме иллиалархо ву Кагерманов ИбрахIим. Пондар тIаьхьабалош, ша дIаолу муьлхха илли а моноспектакле дерзадо цо. ЛадогIархойн лерса хьаста, церан даг чу кхача ницкъ кхочу цуьнан. Иллин мукъамехь ша далхочух тешаво цо, диканна гIаттош, ойла карзахайоккху, еххачу ханна ладогIархойн дегнашкахь беркате лар юьту.

Хаддаза шена тIехь болх беш волчу композитора хIора иллица говзалла шарло, корматалла лакхайолу. Нохчийн Республикин культурин хьаьрмахь болх бечу адамашна дика евзаш ю цуьнан цIе.

ХХ-чу бIешеран 70–80-гIий шерашкахь цуьнга кхочуш аккордеонист вацара вайн республикехь. Иллиалархошна юкъахь а тоьллачу артистийн хьалхарчу могIарехь цIе йоккхуш вара иза. Цуьнан хIора илли а кхоллараллин толаман лакхе ларалуш дара оцу муьрехь.

Дукхахболчарна мукъам хьан баьккхина ца хаахь а, хIинца а халкъана юкъахь уьш дехаш хилар къеггина тоьшалла ду лакхахь аьллачунна. Тайп-тайпана ю ИбрахIима белхаш бина меттигаш. Дукха хьолахь, вайн махкарчу кIоштийн культурин кхерчашкахь къахьегна цо.

Нажи-Юрт, Хьалха-Марта, Шелковски, Соьлжа-ГIала, иштта кхийолчу меттигашкахь, бух боцу хIорд санна долу шегара хаарш, лаккхара корматалла, хьуьнар ца кхоош, къахьегна. Иштта, болх бина Нохч-ГIалгIайн Республикин пачхьалкхан филармонехь, Нохч-ГIалгIайн республикин радиокомитетан халкъан мукъамийн гIирсийн оркестрехь, берийн музыкальни школашкахь.

Хьаналчу къинхьегамна шен дахаран 50 шо хан дIалуш, массанхьа а белхан накъосташца мегаш, тарлуш чекхваьлла. Оьшучунна гIо-накъосталла дина доттагIашна эшначохь, мерза са дIадала кийча волуш. Иза цкъа а ца гIиртина дарже. Цхьаьнцца а хьагI-гамо а ца хилла цуьнан. Хаъал хилчахьана кхоллараллех самукъадолуш хилла а ву иза. Дахарехь хьал-бахам ца лехна цо.

Цунна даима эшнарг, кхолларалло хаддаза синтем бохош, карзахайоху ойланаш дахаре ерзо паргIато ю. Нанна шен бераш санна, ша мукъам баьккхина иллеш бахам хеташ, хеневаьлла ИбрахIим. Вайн махкахоша дезаш уьш тIелацар мерза кхаъ хеташ ваьхна композитор.

Ткъа иза похIме композитор а, иллиалархо а хиларх цхьа мисхал а шеконаш юьсур яц, цкъа мукъане а цо дIаолу Абзаилов Iилманан дешнаш тIехь даьккхина, «Баркалла» цIе йолу илли хаза ирс хиллачун.

Баркалла хьуна, бIаьргашца со хьестарна,
Вовшех хьегарца хьан дог суна делхарна.
Юха со гушшехь, дог сан ахь эцарна,
Баркалла хьуна, хьомениг сан, баркалла...

Буьрсачу тIеман къахьо

ХХ-чу бIешеран 90-чу шерашкахь Кагерманов ИбрахIим гIеметтахIоьттина стаг вара, Устрада-ГIалахь тIекIалдинчу цIенош чохь шен петар а йолуш. МуьтIахь хIусамнана, кхуьуш доьзал бара. Ши кIант, цхьа йоI дара цуьнан. Композиторна шен дахар дIанисделла, беркатечу хорша дирзина аьлла хетара.

Амма ХХ-чу бIешеран 90-чу шерашкахь Нохчийчу хьаьвзинчу зуламан дарцо, цкъа а дагахь ца хиллачу къизаллица, Iовжийра вайн массеран ойланаш. ПохIме а, халкъана, махкана оьшуш а вара аьлла, ца витира вайн турпалхо а.

Дукхахболчу вайн махкахойн керташка санна, тезет хIоьттира ИбрахIиман кертахь а. Воккхахволу кIант дIавелира. УстрадаГIалахь динчу авиатохарша хIусам йохийра, чуьра сал-пал а хIаллакьхилира.

Амма дерриге а нохчийн халкъе хIоьттинчу тезетахь, шена цхьанна хилла лазаме бохамаш балхор бегIийла ца хеташ, ИбрахIима шеггахь хуьйдира хилларг, церга балда а лаьцна. Цуьнгахь доьналла хилира дуьненан цатемашка шен амал кагцаяйта. Даима а санна, балха тIехь лехира цо хаддаза лазамца Iийжачу дагна синтем.

Нохчийн Республикина доьхна даьхкинчу 2000-чу шерашкахь культурин кхерчех уггаре а хьалха болх дIаболийнарг «Вайнах» ансамбль яра. ИбрахIим, катоьхнна, цига балха аравелира, адамашна юкъахь хилар гIоле хеташ. Доьзал а Соьлжа-ГIала охьабалийра, Iуьйранна, суьйранна шен бIаьргана гуччохь хилийта. Мехах нехан хIусам лаца дийзира, доьшучу берашна паргIато лоьхуш.

Композиторна-м цхьана ханна лоцуш ю моьттура иза, махкара чолхе хьал дIадерззалц. Амма и «ханна» боху дош таханене схьадеана, цуьнан дахарехь кхин хийцам ца хуьлуш. Иза данне а дац Iедалан векалшна цунах дерг хууш ду бохург.

Цкъа а гIиллакхах воьхна воцчу композиторна товш ца хета, 70 шаре вирзинчу хенахь, шена хIусам йоьхуш лелар. Кхиболу эшамаш санна, цо шен экамечу сица ловш ду иза. ИбрахIим, тоххара санна, кхоллараллехь къахьоьгуш ву, къона тIаьхье кхиош.

Нохч-ГIалгIайн Республикин культурин хьакъволу белхахо, ГIалгIайн Республикин халкъан артист Кагерманов ИбрахIим тахана Нохчийн Республикин Хьехархойн университетан искусствийн факультетехь студенташна вокалан къайленаш йовзуьйтуш, болх беш ву.

ЦхьамогIа Iамархой а бу цуьнан. Царах цхьаберш вайн махкахь а, генна дозанал арахьа а гIарабевлла артисташ хилла, кхоллараллин новкъахь кхиамца къахьоьгуш бу.

Бакъду, къона тIаьхье кхиънера аьлла, паргIато лехна, церан хьехархо Кагерманов ИбрахIим сатедина Iаш-м вац. Иза хIинца а кхоллараллин лехамашкахь ву, хаддаза керлачу иллешна мукъамаш бохуш ву.

Царах цхьаъ ду Нохчийчохь дика вевзачу поэтан Саиев Iумаран дешнаш тIехь мукъам баьккхина «Гуьйре» илли.

Холхаз дуьйхина го Iалам,
Гуьйренан коч юьйхина,
Ша гулдиначух ца беш тIалам,
Аьхке яхна катоьхна.
Мохо синамерз лоькхуш гIийла,
Ойланашка эгаво.
Малхо дуьне дуьгуш къайла,
Йовхонах нах хьегабо...

Вайн къамелехь ИбрахIима мукъам баьккхина иллеш билгалдахар данне а дац цуьнан йоккхачу репертуарехь кхечу мукъамчийн иллеш дац бохург. Иллиалархочун репертуарехь дукха ду нохчийн къоман зевне мукъамаш а, иллеш а.

Къилбаседа Кавказехь тоьллачу пондарчех цхьаъ волчу Кагерманов ИбрахIима аккордеонца, лерса хьостуш, балабо муьлхха а мукъам. Димин Iумара мукъам баьккхина «Нохчийн вальс» цо локхуш еш хаза ирс хиллачунна хуур ду, вайн турпалхо мел говза пондарча ву. Пондаран пиллигаш тIехь хелха дуьйлуш хетало цуьнан каде пIелгаш, ладогIархойн дегнаш ловзадохуш Iанаоьху вальсан зевне мукъам.

Хетало пондарчин экаме са зевнечу мукъамах хьаьрчина, тIомадаьлла генарчу паналле дIауьдуш. Иштта, говза, хьуьнаре пондарча ву Кагерманов ИбрахIим. Боккхачу безамца дIаолу цо Мамакаев Мохьмадан дешнаш тIехь Шаипов СаьIида мукъам баьккхина хилла «Нана» илли а.

Сан нана, хьо хасто дош суна дисна дац;
Лерина уьш лахьош хьо хесто воллу со.
Хьан тIома кIелхьара хеназа яьккхина,
Орцаха хьо йоьхуш, хийла йоI йилхина.
ЦIеххьана хьох ваьлла, хьо гаре сатуьйсуш,
Хьомсарчу хьан кIанта хьо хестош къурдаш бо.
Дагна вас оьккхуьйтуш, баьккхинчу когана,
Ма билла бехк суна, со тахна къера ву...

Шатайпанчу башхаллица къаьста ИбрахIиман кхолларалла, бух боцу хIорд санна, шорта, шуьйра ю. МаьIне ду цуьнан массо илли а. Уьш хьаналчу къинхьегамехь кхоьллина, цIийца, хьацарца яздина ду. Цундела деха уьш халкъалахь, заманан йохалла басах, чомах ца телхаш. Нохчийн Республикин музыкальни культурехь, мах боцу беркат хилла дIахIоьттина композиторан кхолларалла.

Цуьнан иллешца къинхетам, адамалла, нохчалла ю. Цара муьлхха а ладогIархо ойлане воккху, дикане воьху, сирлачу кханенах тешаво. Бакъйолчу искусствийн исбаьхьаллин ницкъан тIеIаткъам бу ИбрахIиман иллешца.

Цара ойла цIинйо, керлачу анайисте кховдуьйту, ладогIархойн синошкахь ирсах дегайовхо кхуллу.

ГАЗИЕВА Аза
№11, чиллин (февраль) беттан 12 де, 2019 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: