Республикин Транспортан а, зIенан а министран Черхигов Рамзанан а, телекоммуникацийн хьашташ кхочушдаран МТС (Мобилан ТелеСистемаш) компанин Нохчийчуьрчу филиалан куьйгалхочун Егоров Данилин а цхьаьнакхетар хилира хIокху деношкахь.

Иза лерина дара республикин цхьайолчу ярташкарчу бахархошна, МТС-н сетех пайда а оьцуш, терахьийн телевиденин хьалхарчу а, шолгIачу а мультиплексан каналийн эфир маьхза дIакхачорна.
Дагадоуьйту оцу шина мультиплексана юкъахь федеральни тIегIанера 20 телеканал хилар:
• РТРС-1 – Первый канал, Россия-1, Матч ТВ, НТВ, Пятый канал, Россия-К, Россия-24, Карусель, ОТР, ТВЦентр;
• РТРС-2 – РенТВ, Спас, СТС, МИР, Домашний, ТВ-3, Пятница, Звезда, ТНТ, МузТВ.
Оцу цхьаьнакхетаран гурашкахь барт хилира шина куьйгалхочун.
Цуьнца нийса а догIуш, терахьийн телевиденин сигнал ца кхочуш йолчу яртийн бахархойн, МТС-н системах пайда а оьцуш, лакхахь билгалъяьккхина йолу 20 телеканалан эфир маьхза лаца а, хьажа а йиш хир ю.
И ярташ Россин Федерацин терахьийн кхиаран а, зIенан а, шуьйрачу коммуникацийн а министерствос къастош ю. Нохчийчохь иштта юрт 66 хилар къастийна Министерствон а, РТРС-н а говзанчаша.
Цигарчу бахархошка, терахьийн телевиденин эфир лоцуш йолу телевизорш а, тюнерш (эфир лацаран леррина гIирс) а хиларх а, спутникашкахула сигнал яржочу операторийн гIирс ца хилча, маьхзачу 20 телеканалан терахьийн эфир лацалуш яцара хIинццалц.
Ткъа хIинца, Транспортан а, зIенан а министран Черхигов Рамзанан а, телекоммуникацийн хьашташ кхочушдаран МТС (Мобилан ТелеСистемаш) компанин Нохчийчуьрчу филиалан куьйгалхочун Егоров Данилин а барт хилар бахьана долуш, бахархошна и гIирсаш а, маьхза эфир а МТС-о латтор ю.
И.ХАСАХАНОВ
№12, чиллин (февраль) беттан 15 де, 2019 шо