ХIора школо кхио беза шена хьехархой

Асет Мунаева

Цунах тешна ю ТIехьа-Мартан районан дешаран урхаллин хаамийн-методикин  кхачояран отделан хьаькам Мунаева Асет.

Къоналлехь ма-хиллара, яккхий ойланаш яра ТIехьа-Мартан №1 йолу школа дика дешарца чекхъяьккхинчу Асетан. Амма дех дагаяьлча, ша журналист хила лууш хилар хьахийча, цо аьллачух тоам хилира йоIана: «Зударийн болх-м бац журналистика», – элира цо. Ден хьехамах пайдаэцар бахьана долуш, Гуьмсерчу хьехархойн училище деша яхара Асет. «Иза баккъал а хьехархочун школа яра, – дагалоьцу цо, – хьехархо хила а, и муха хила веза а Iамадора училищехь. Студентийн кхетаме дуьллура, къона тIаьхье кIорггера хаарш долуш, кхетош-кхиор доккхачу жоьпаллин болх хилар».

Училище чекхъяккхича, ТIехьа-МартантIера №12 йолчу буоберийн а, дех-ненах цхьаъ доцуш дисинчу берийн а школа-интернате кхиорхочун балха еара йоI. «Республикин ерриге а районашка, кIошташка кхача езаш хуьлура со, – дуьйцу Асета, – дахаран хьелаш ледара хиларал сов, шаьш а, цхьа гIийла бераш дара сан 5-чу классехь. Царна да-нана а, хьехархо-хьехамча а хила езаш яра со. Хийла шайн дагара дуьйцура бераша. Къахетар совдолий, наггахь цаьрца елхар а нислора. Юьхьанца сайна йоккха хало хуьлуш санна хетара. ХIинца хаьа суна – белхан зеделларг цатоар иза хиллийла. Тхан директор хиллачу Дакуев Хьасанан хьехамца сайн балхах безам болуш, мелхо а иза даггара безарца тIейирзира со. Тхан ден хьехарша а Iамайора со нахаца юкъаметтигаш муха хила ез. Дала гечдойла царна. Хан дIаяьлчий бен ца хаьа вайна ишттачу нехан мах хадон».

Ша хаьржинчу корматаллина резахилар дара 1993-чу шарахь Асета Нохчийн пачхьалкхан хьехархойн институт чекхъяккхар а, Московски хьехархойн Академехь масийттаза корматалла лакхаяккхаран курсаш чекхъяхар а.

1995-чу шарахь, школехь бечу балха тIехь алссам зеделларг гулдинчу хьехархочух, районан дешаран отделан методистан болх тешийра. Цул тIаьхьа кху дийне йолуш, Асетан дерриге а дахар доьзна ду районерчу школийн дахарх. Бакъду, шен корматаллин болх дIа ца тосуш, ТIехьа-Мартан №1 йолчу школехь юьхьанцарчу классашкахь болх бира цо. Тахана а дегайовхонца цIерш йоху цо шен дешархойн Эльжаева Элинин, Сайдаев Русланан, МуслимовгIеран Аптин, Лайлаан, Дахиева Мовлдатан, Чадаева Ларисин, иштта кхечеран а.

2004-чу шарахь дуьйна районехь  конкурсаш кечъеш къахьегна цо. Оцу балхах лаьцна а дийцира Асета:

– Дика жамIаш хуьлу тхан хьехархойн  корматаллин конкурсашкахь. Республикехь шозза а 1-ра меттиг, цкъа 2-гIа меттиг а яьккхина, муьлххачу а цхьана номинацехь толам боцуш а ца дисина. Бераша дика дешча а, хьехархоша цаьрца даггара болх бича а дагна хьаам хуьлу суна. Цо кхин цкъа а тIечIагIдо сан дена со дика евзаш хилла хилар. Шен болх а, бераш а дезаш къахьоьгучу хьехархочунна гIодар, декхарца доцуш, хазахетарца до ас.

Асетан дийцарехь муьлхха а школа а – иза шен дIахIоттам а, шен законаш а долуш цхьа жима «пачхьалкх» хилар юха-юха а билгалдолу. И къаьста  пачхьалкхан юкъара экзамен (ЕГЭ) дIалучу муьрехь. «Цунна кечам беш хIоттар сочинени язъярехь ЕГЭ-хь хила там болу сурт дара тхуна республикин Дешаран а, Iилманан министра Байханов ИсмаьIала тIедиллинарг.  Цу тIе тхо далош къахьегнера тхан районан дешаран декъан куьйгалхочо Бедригов Бадруддис а, – дуьйцу цо. – Цхьатеррачу программашца, цхьабоссачу хьелашца хьоьхучу школашкахь чаккхенан хьесапо гойту, цхьана школашкахь  берийн хаарш кIорггера хилар, ткъа вукханхьа уьш тоьаш цахилар. Кху районерчу 33 школех муьлххачух а оцу декъехь ала сайн делахь а, кхане ларйина ца олу ас. Оцу жимачу «пачхьалкхехь» – школехь шайн-шайн гIиллакхаш а, дIахIоттамаш а бу. «Экзамене баьхкинчу дешархошна «шпаргалка» яла я кхин некъ каро гIертачул, шайн хеннахь Iамабе уьш. Оцу гIуллакхна шуна луш ял ю. Нагахь шун дешархой ледара белахь, аш шайн декхарш кхочуш цадар гуш ду. Аш оьцу алапа хьарам ду», – иштта къамел хилла сан талламан экзамене-сочинене бераш далош баьхкинчу хьехархошца. Цу тIехь со харц а ца хета суна. Кхидолчунна санна, вешан белхан жамIах  жоп дала Iама деза вай».

– Кхеташ ду, уггаре а дика хьехархой а цхьана дийнахь хилла бац, – кхидIа а дуьйцу А.Мунаевас, – уьш кхиъна  шайн корматалла езарца, шаьш шайн кхиорна тIехь болх барца. Ишттачунна лерина хIора шарахь районерчу хьехархошна юккъехь дIахьош ю семинараш, йиллина урокаш, мастер-классаш, «Шеран хьехархо», «Къона хьехархо», «Адам кхетош-кхиор», «Дог берашна дIаделла», «Ингалсан меттан хьехархо», «Нохчийн меттан хьехархо», иштта кхийолу а конкурсаш. Наггахь а ца нисделла ТIехьа-Мартан районера хьехархой республикин конкурсашна юккъехь боцуш а, толам боцуш а.

Хууш ма-хиллара, урок – иза хьехархойн белхан коьрта кеп ю. Хьоьхуш волчунна урокан лехамаш бовзарх, дешархой церан коьртачу хьолах кхеторах лаьтта урок кхачам боллуш дIаяхьар. Дешаран министерствон а, дешаран белхахойн корматалла лакхаяккхаран институтан куьйгалло а лоьху районийн дешаран урхаллин белхахой ма-хуьллу алссам   урокашка эхар а, шаьш теш долуш, шайна гиначу хьолан хьесапдар а.

Оцу декъехь а болх беш ду тхо.

Районан школашкахь болх беш кхоъ стажерски майда ю. Церан коьрта Iалашо – 2011-чу шарахь дуьйна юьхьанцарчу школашкахь юкъаялийначу федеральни пачхьалкхан коьртачу стандартийн шолгIачу декъехь (стандарты второго поколения) болх бар. 2017-чу шарахь стандарташца болх бар долалур ду школашкахь а. Ткъа тахана хIора а урокан кеп керлачуьнца йоьзна (инновационни) хила езар хууш ду массарна а.

– Ас ца боху иза атта болх бу, – тIечIагIдо Асета, – бакъду, бераш дукха а дезаш, ша шен гIуллакхна санна, церан гIуллакхна а хьехархо хилла вахар хууш хила веза школе балха воьдург. ТIаьхьарчу заманчохь, хьехархочунна алапа тIекхетта аьлла, школица бала мел цахилларг а ву цига гIерташ. Ишттаннаш тхан школашкахь а карор бу, амма царах доллург хаъалц бен зама хир яц церан. Билгалдаккха лууш кхин цхьа хIума а дара сан, школе балха ханна ца воьду, и хаа а хууш, хIора школо ша кхио беза шена хьехархой. Оцу декъехь кхачо йоллуш болх бечу школашкахь меттигера хьехархой тоьуш бу, масала, СемаIашкарчу школашкахь,  ткъа цунна ледарло ечохь, масала, Котар-Юьртарчу, ВаларгтIерчу школашкахь хьехархой тоьаш бац. И гIуллакх школийн куьйгалхоша, методикин белхахоша  тидаме эца деза.

ТIехьа-Мартан №1 йолчу школерчу стажерски майданехь шаьш дIабаьхьна болх школийн директорийн кхеташонан кхиэле билларца, дешаран хьалхарчу эхашеран жамIаш дира цигарчу куьйгалло. Дийцира керлачу технологийн гIоьнца шаьш дIаяьхьначу йиллинчу урокех, кхочушйинчу мероприятех. Цу декъехь мелла а зеделларг долуш ю ВаларгтIера №1йолчу школин стажерски майда. ХIора а хьехархочунна билггал бан болх къастабой, вовшашна юккъехь а, кхечарна хьалха а шайн болх бовзийта Iема уьш. Шен болх ша бевзаш баре терра, нахана и бовзийта корматалла йолуш хила веза хьехархо. Районан дешаран урхаллин белхахойн тидамехь хьехархой хилла Iаш бац. Цкъа директоран заместительшна юккъехь, тIаккха методисташна, цул тIаьхьа хьехархошна юккъехь семинараш дIаяхьа лерина  ду тхо, ткъа хьалхарчу  эхашарахь школийн предметашна лерина 12 семинар  дIаяьхьна оха. Предметийн олимпиадийн ши тур а, университетан олимпиада а дIаяьхьна, чекхъяьллачу республикин олимпиадехь дакъалоцуш районерачу школашкара 35 дешархо вара.

Шен къамел дерзош, А.Мунаевас билгалдаьккхира, ТIехьа-Мартан районан школашкахь къахьоьгуш  Нохчийн Республикин хьакъволу 18 хьехархо а, цхьа Россин хьакъволу хьехархо а,  Россин юкъарчу дешаран сийлаллин 27 белхахо а, иштта «Къинхьегаман ветеран» а, «Къинхьегамехь билгалваьлларг» а, «Керла Росси кхуллуш цакхоавелларг» а  мидалш елларш а хилар. Хетарехь, ишттачу хьехархошца мел лакхарчу а Iалашонашка кхачалург хиларх тешна хила мегар ду.

Т.САРАЛИЕВА

Авторан суьрта тIехь: А.Мунаева

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: