Нохчийчоь дакъалоцуш ю инвестицийн форумехь

Чиллин (февраль) беттан 14–15-чуй деношкахь Сочи гIалахь (Краснодаран мохк) дIахьош ю Россин инвестицийн форум. Цигахь, шен коьртехь Нохчийн Республикин Правительствон Председатель Хучиев Муслим а волуш, дакъалоцуш ю вайн республикин делегаци. Цунах лаьцна хаам бо экономикин, мохк кхиоран а, махлелоран а министерствон пресс-службо.

Нохчийн Республикин экономикин, мохк кхиоран а, махлелоран а министерство жоьпаллехь ю оцу форумехь вайн делегацига дакъалацийтаран гIуллакх вовшахтохарна. Дукха хан йоццуш куьг яздинчу Правительствон омранца нийса а догIуш, республикин делегаци юкъа бахана Правительствон вице-премьераш, цхьамогIа министраш, иштта, «Нохчийн Республика кхиоран корпорацин» а, «Нохчийчоьнан курорташ» юкъараллин а, «Россельхозбанкан» Нохчийчуьрчу филиалан а векалш.

Нохчийчоьнан экономикин, мохк кхиоран а, махлелоран министра а Идрисов ИбрахIима дийцарехь, форуман гурашкахь республикин Правительствос шатайпа экономикин зона кхолларна леринчу лаьтта тIехь инвестицийн проекташ кхочушъяран хьокъехь болчу цхьамогIа барташна куьйгаш яздина.

Инвестицийн форумехь йовззийтина Россин Федерацин Къилбаседа Кавказан гIуллакхашкахула йолчу министерствос вовшахтоьхна йолу Къилбаседа Кавказан федеральни округан юкъара стенд. Республикин экспозицина юкъахь ю регионан коьртачу предприятийн тайп-тайпана сурсаташ: «Устрада-ГIалин жижиган комбинатан» а, «Ясин» махлелоран цIийнан а жижиган сурсаташ, «Югагрохолдинг» теплицийн комплексан» а, «Родина» юкъараллин а стоьмийн-хасстоьмийн сурсаташ, «Нохчийн дарбане хиш» юкъараллин мерза а, дарбане а, молу а хиш, кхидолу дуьненан тайп-тайпанчу пачхьалкхашка кхоьхьуьйтуш долу маларш.

Иштта, И.Идрисовс дийцарехь, ламаст хилла дIахIоьттина ма-хиллара, форумехь гайтина Нохчийчоьнан экономикин а, инвестицийн а нуьцкъалла йовзуьйтуш йолу видеокийсак.

Форуман дакъалацархошна дIасаекъна вайн республикех лаьцна дуьйцуш йолу гайтаман материал а.

I.МУРТАЗОВ
№12, чиллин (февраль) беттан 15 де, 2019 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: