Нохчийн Республикин Правительствон Председателан заместитела, финансийн министра Тагаев Султана 2018-чу шарахь республикин финансийн органаша бинчу белхан жамIашдарна лерина кхеташо дIаяьхьира.

Цигахь дакъалецира Федеральни налогийн cлужбин Нохчийн Республикехула йолчу урхаллин а, Федеральни казначействон урхаллин а, Нохчийн Республикин мехашкахула йолчу пачхьалкхан комитетан а, Пачхьалкхан госзаказехула йолчу комитетан а, Федеральни антимонополин службин Нохчийн Республикерчу урхаллин а куьйгалхоша, векалша.
Финансийн министерствона юкъайогIучу (лакхахь билгалъяьхначу) организацийн а, ведомствийн а куьйгалхоша дIадаханчу шарахь шаьш бинчу белхан жамIех а, карарчу шарахь дан леринчух а лаьцна дийцира.
Федеральни налогийн службин Нохчийн Республикехула йолчу урхаллин куьйгалхочо Цамаев Мовсара билгалдаьккхира 2018-чу шарахь ерриге а министерствошца, ведомствошца дика цхьаьнагIуллакхашдар бахьанехь, Нохчийн Республикин Куьйгалхочо а, Россин федеральни налогийн службин коьртачу урхалло а хьалха хIиттийначу коьртачу Iалашонашца шайн ведомство ларийна хилар. Цу юкъахь ду планаца билгалдаьхна гIуллакхаш чекхдахар, налогийн декхарш лахдар, болх кхиар лакхадаккхар.
Республикин Казначействон векала къаьсттина тидам тIебахийтира пачхьалкхан урхаллин декъехь йолчу организацешна карадIалучу ахчанца кхачояран гIуллакх тодарна а, карадIалуш долу ахча лелар лахдарна а.
Мехашкахула йолчу комитетан векала дийцира пачхьалкхан мехаш тодаран эталонан кеп Нохчийн Республикехь юкъаялоран тIаьхьалонех лаьцна.
Кхеташо ерзош, С.Тагаевс билгалдаьккхира, бинчу белхан мах хадорхьама а, цхьадолу чолхе гIуллакхаш цхьаьна кхочушдархьама а, кху тайпана цхьаьнакхетарш кхаа баттахь цкъа дIадахьа дезаш хилар.
А.СУЛИМАНОВА
№12, чиллин (февраль) беттан 15 де, 2019 шо