Тахана Урдунерчу нохчийн кегийрхошлахь хIоьттина хьал тидаме а эцна, кхузарчу нохчашка «Даймохк» газетехула кхайкхам бан лиъна яздеш ду хIара кост, хIунда аьлча, вайн ненан маттахь цхьаъ бен доцу хIара газет лардеш а, доьшуш а бу меттигера нохчий.

Урдунехь вай деха 120 шо сов хан ю. Вайн дай, Даймахкара арабевлла, Хонкара махкахула, Шема махкахула дахаран зераш ловш, галцех дуьзна хала некъаш деш, кхаьчна Урдунан махка. Тахана а вайн эсехь лаьтта вайн дайша йийцина хIижрат дечу хенахь хилла йолу эрчонаш, халонаш. Массо гергара нах цамгарех кхелхина цхьалха Урдуне кхаьчнарг а ву. Ун даьржинчу ярташкахула бовла безна, берриге а доьзал хIаллакьхилларш а бу. И дерриге а, дин бахьанехь, шаьш юьхьарлаьцначу новкъахь лайна вайн дайша.
Шайн говр-ворданашкахь уьш Урдуне кхаьчча, юьхьанца, хIумма а хьошалла деш, тIекаре бухара нах а бацара. Шайн мохк схьабаккха баьхкина зуламхой бу моьттуш, меттигерчу наха тIелатарш динера вайн дайшна. Ткъа, бухахь хиллачу Iаьрбашна вай бусалба дуйла хиъначул тIаьхьа, меттигерчу нахаца и тIеман тийсадаларш дIадевлира. Дика гергарлонаш тесира цаьрца мухIажарша…
Таханлерчу дийнахь цхьа вон ойла кхоллаелла Урдунерчу нохчийн тIаьхьенашлахь. «Даймахкара ара а бевлла, хIокху хийрачу махкахь шаьш дуьнен тIе довлийтарна, хийрачу культурехь шаьш кхиорна цкъа а гечдийр дац» бохуш, дай емалбеш, къамелаш до тIекхуьучу чкъуро. Шаьш Даймахкахь дехаш цахилар чIогIа новкъа догIу кегийчарна.
Вай бусалба нах хиларе терра, Къуръана тIера Делан деза дешнаш дагадахкийта лаьа иштта къамелаш деш болчарна. Дала Шен дезачу аятехь боху вайга: «Шуна вон ду аьлла хетарг шуна дика хила а тарло, шуна дика хетарг шуна вон хила а тарло. Далла хаьа, шуна ца хаьа» ( Бакъара сурат, 216 аят).
Делан дош харц хуьлийла дац. Вайн хIижратах девлла диканаш дукха ду. Цкъа-делахь, хIинццалц бусалба дин маьрша лелийна вай. ШолгIа-делахь, 1944-чу шарахь вайн цIера нах суьргин бича, вай оцу бохамах кIелхьарадевлла. КхоалгIа-делахь, Iаьрбийн махкахь дисарна а, дахарна а кIорггера ойла йича, хIинццалц кхузахь Iер бахьанехь, цIерачу гергарчу нахана пайда бан йиш йолуш бу Урдунера нохчий. Урдунехь бен бац Iаьрбийн мотт (Къуръанан мотт) а, нохчийн мотт а ший а ненан мотт санна хууш нохчий. Кхузарчу нохчийн башхалла ю иза. Оцу бахьаница, цIерачу вайн нахана боккха пайда хир бу вайна хуучу Къуръанан маттах, хIунда аьлча, бераллехь дуьйна хууш бацахь, мел говзачу университеташкахь Iамабарх, ненан мотт санна Iемар бац тIеIамийна муьлхха мотт. Ткъа Урдунерчу нохчашна дика хуур ду динах дерг нохчийн маттахь кхетош дийца.
ХIокху чолхечу заманахь дин кегош, дино боху бохуш хIуманаш дуьйцуш, нах Iехош дукха нах баьржина. Цундела, Урдунерчу нохчашна тIехь доккха декхар ду: цIахь болчу вайн нахана харц дин даржош берш билгалбахар а, динах лаьцна дерг нийса гочдар а.
ХIара сайн къамел чекхдоккхуш шун тидаме дилла лаьа суна, Урдунера нохчий: нагахь шуна цIерачу шайн нахана динах дерг дийца а, уьш кхетош мела баккха а лаахь, шайн нохчийн мотт биц ма бе, дицделларг карладаккха, юхаIамаде. Вай санна Далла тIегIерташ, бусалба динан дуьхьа шайн синош ца кхоийна къаьмнаш кIезиг ду шуна.
БАКИР Хьамийд
Леррина «Даймохк» газетана сурт диллинарг — БЕНО НаIим
№12, чиллин (февраль) беттан 15 де, 2019 шо
Дела реза хуьлда шуна, Даймохк газетан белхахой. Вайн ненан меттан гӏаролхой.