Турниран толамхой

Латархойн «Ахмат» клубехь дIаяьхьира паргIатчу кепара охьатохархлатарехула Соьлжа-ГIалахь хьалхеяккхаран схьайиллина турнир.

Цигахь дакъалоцуш вара РДЮСШ-ра 12 спортсмен.

Къийсадаларш шина дийнахь дIадаьхьира.

Финалехь, шайн-шайн йозаллин категорешкахь, билгалбевлира: Хучиев Iабдул-Малик (26 кг.), Макаев Мохьмад (35 кг.), Якубов Сайфулла (38 кг.), Бахарчиев Iела (44 кг.).

Дика кечам бина хиларе терра, цара массара а шайгара латаран дика говзалла гайтира.

Оцу кхиамашка спортсменаш кхачийнарш бу, уьш Iамийна церан тренерш: А.Магомадов, Р.Сулейманов, А.Гусигов, М.Таипов. Цундела, спортсменаша даггара баркалла боху царна.

Толамхой билгалбехира кубкашца, Сийлаллин грамоташца, мидалшца.

З.ШИШХАНОВА
№12, чиллин (февраль) беттан 15 де, 2019 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: